ИсмаӀил — Версийн башхалла

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 10: МогӀа 10:
|Нана = [[ХӀаджар]]
|Нана = [[ХӀаджар]]
|Динашкахь ларар = [[Ислам]], [[Керсталла]], [[Иудаизм]]
|Динашкахь ларар = [[Ислам]], [[Керсталла]], [[Иудаизм]]
|Сурт =Calligraphy Ismail.jpg
|Сурт = Calligraphy Ismail.jpg
|Генеалоги = ИсмаьӀил ибн [[ИбраьхӀим]] ибн [[Тарихь]] ибн Нахьур ибн СаругӀ ибн РагӀу ибн ФалигӀ ибн Ӏабир ибн Шалихь ибн Арафахашад ибн Сам ибн [[Нохь]]
}}
}}



Верси 2015, 15 август, 15:50

ИсмаӀил
Ӏаьр. إسماعيل‎‎
Аль-Забихь, Садикъаль ВаӀад
Аль-ГӀуламуль Хьалим
Вина меттиг КанӀан
Кхелхина терахь 1590 в. э. хьалха[1]
Кхелхина меттиг Макка
Къам Жуьгтий, Ӏаьрбий
Да ИбраьхӀим
Нана ХӀаджар
Зуда Bint Al Madad[d]

ИсмаьӀил (Ӏаьр. إسماعيل‎‎‎‎) — исламан а, АллахӀан а пайхамар ву, ИбраьхӀим-пайхамаран а, ХӀаджаран وصلة= а воккхах волу кӀант ву. ИсмаьӀилан историн роль бусалбан Ӏадаташкахь лакхар ю, библиналла а.

ИсмаьӀилан тӀаьхьенах схьаваьлла ву Делан элча — Мухьаммад .

Дахарех лаьцна

ИсмаьӀил а, цуьнан нана ХӀаджар а гӀум-аренгахь

ИсмаьӀил АллахӀ-дала ваийтина Уммат Пайхамар вара, шен ден «ИбраьхӀиман дин» даржо, Ӏаьрбийн махкахь. Наггахь Къуръан тӀехь хехош ву иза. АллахӀ дина омарца ИсмаьӀила шен деца ИбраьхӀимца КаӀбат (ХьаьжицӀа) дира. ИбраьхӀим пайхӀамаран 86-шо долчу хенахь дуьнен чуваьлла ИсмаьӀил.

АллахӀ-дала хаам бинера, ХӀаджар а, ИсмаьӀил а гена махка дӀадига аьлла, цо иза кхочуш дира. ЯахӀума дӀа а яьлла, цуьшинна мацалла хаалора, ИсмаьӀил гӀора дайна охьавоьжнера. ХӀаджар б арз елла дӀа-схьа уьдура шинна лам тӀе, Сафа а, Марват а. ИсмаьӀил воьлуш гира, цуьнан когашкахь лаьттар арадетташ хи дара, и хи дара «Замзам».

Оцу метте Ӏаьрбойн къам кхечира, царех цхьа йоӀ ИсмаьӀилас маре ялира. Оцу метте ИбраьхӀим кхечира, шен доьзал лаха. Иштта цунна карийра и шиъ ХӀаджар а, ИсмаьӀил а.

ИбраьхӀиме дала кхин цхьа хӀума тӀедиллинера: «ИсмаӀилан урс хьакхар, гӀурба дар», иза кхочуш дан гӀортир иза. Дала цуьнга Ӏад вита элира ИсмаьӀил, цуьнан меттан уьстагӀ баийтира.

Шен нана дӀакхелхича ИсмаьӀилас зуда ялийра ДжурхӀум — олучу къомаца ерг. Цхьана и шиъ дӀасакъаьстира, уха а цо царех йолу кхин зуда ялийра. Ӏаьрбийн генеалоган тӀехь мабаххара, ИсмаьӀилера схьабевлла «къилбаседера Ӏаьрбий» уьш Ӏаднаниташ бу. ИсмаьӀилан каш КаӀбатан (ХьажицӀа) уллохь ду, цунах «Хьиджр ИсмаӀила» — олу. ИсмаьӀил вина 5-шо даьлча Саратас — Исхьакъ-пайхамар а вира.

ИбраьхӀима а, ИсмаьӀила а АллахӀна гӀуллакх нахе дайта дина хилла КаӀбат. Амма Дела цхьаъ веш боцчу наха шайн «деланаш» бу бохуш цхьацца жӀараш, тӀулгаш суьрташ цу цӀачу кхехьна а, царна шайн «ламазаш» деш а хилла.

  1. Kantor M. (unspecified title) (инг.) — 2004. — P. 18. — ISBN 978-0-87668-229-6