Багалова, Зулейхан Мутушевна — Версийн башхалла

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
[талланза верси][талланза верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
ж r2.7.1) (робот тIетоьхна: de:Suleichan Mutuschewna Bagalowa
МогӀа 27: МогӀа 27:
* [http://www.owl.ru/content/news/vestnik-2005/p56765.shtml 35 российских женщин выдвинуты в кандидаты на Нобелевскую премию мира]
* [http://www.owl.ru/content/news/vestnik-2005/p56765.shtml 35 российских женщин выдвинуты в кандидаты на Нобелевскую премию мира]


[[de:Suleichan Mutuschewna Bagalowa]]
[[eo:Zulejĥan Bagalova]]
[[eo:Zulejĥan Bagalova]]
[[ru:Багалова, Зулейхан Мутушевна]]
[[ru:Багалова, Зулейхан Мутушевна]]

Верси 2013, 27 февраль, 16:16

Зулейхан Багалова - нохчийн артист, Нохч-Г1алг1ай Хьалкъа артист (1981 шо), РСФСР Сийлахь артист (1991 шо), юкъаралийн г1ллакхо.

Йина 1945 шера 2-г1а июнехь. 1963 шерахь Нурадиловн ц1ерах йолу Нохчийн паччалкхан драматически театрехь йолу школа-студия чекхъеккхина. 1977 шерахь ГИТИС чекхъеккхина. ГИТИСехь цуьнан хьехархо Соломон Михоэлс йо1 Нина Михоэлс яра.

Театр

1961 шера дуьна 1967 шо кхаччалц Нохчийн драмтеатр хьалхара артист яра. Цо коьрта ролеш ловзина дукха спектаклешкахь, масала Расул Гамзатовс яккхина «Ламанхо» (Асет), Саид Бадуевси, Мималт Солцаевси яккхина «Бешто» (Бусана), Саида Бадуевс яккхина «Петимат» (Петимат), Мольерс яккхина «Хетаме цомгушхо» (Туаннета), Фридрих Шиллерс яккхина «Ямарт а, безам а», Пьер Корнельс яккхина «Сид», А. Хамидовс яккхина спектаклешкахь «Совдат и Дауд» (Совдат), «Бож-Али» (Зулай), «Лийрабоцурш» (Камета), дуккха а кхиерш.

Юкъараллин болх

Зулай кхуза хаьржина яра Соьлжа-г1алан Советан депутат а, Нохч-Г1алг1айн АССР Коьртачу Советан депутат.

1997 шера дуьна 2006 шо кхаччалц цо куьгалдина Нохчийн культуран таллами а, популяризаци а центр «Лам». Оцу хенахь масийтта проект кхочуш йина. Арахоьцуш дара «Вестник Лам» ц1е йолу журнал, масийтта документальный фильм яра яккихна («Нохчийн хьалкъа эшарш», «Нохчийн б1овнаш», 1990 шерашкахь Соьлжа-ГӀалан дахархойх лаьцна фильм, иштта кхиерш), фотовыставкаш яра йина («Соьлжа-гIалаг1ула волавалар», кхиерш а), мискачу нахана дина г1о а дара. Зулайс бина болх нохчийн дахар а, культура а таяр 1алшо йолуш бара.

Совг1аташ

Цунна елла «Силаллий белгало» аьлла орден (1971 шо), мидалш «Ленинна 100 шо кхачарна», «Нохч-Г1алг1а АССРна 60 шо кхачарна», «Къинхьегаман ветеран» (1984 шо).

2000 шера 14 ноябрехь Сан-Паулу бог1чу г1алахь цо бинчу машаран балхан а, адмийн бакъонаш ларъяран а цунна делла диплом «Дуьнена движение за демократию».

2005 шарахь Нобель совг1атан хьалхатеттина хилар бахьнехь «Дуьнаьнна эзир зуда» аьлла ООН проекте юкъаяг1ийтина яра.

Доьзал

Цуьна ц1ийнда г1арваьлла нохчийн артист Юсуп Идаев вара. Зулай ши к1ант, цхьа йо1, ши йо1 йо1 ю.

Хьажоригаш