ГӀургӀаз — Версийн башхалла
[талланза верси] | [талланза верси] |
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
ж r2.7.3) (робот тIетоьхна: mn:Хун |
EmausBot (дийцар | къинхьегам) |
||
МогӀа 101: | МогӀа 101: | ||
[[tt:Аккошлар]] |
[[tt:Аккошлар]] |
||
[[udm:Юсь]] |
[[udm:Юсь]] |
||
[[uk: |
[[uk:Лебідь]] |
||
[[ur:مرغابی]] |
[[ur:مرغابی]] |
||
[[vep:Joucen]] |
[[vep:Joucen]] |
Верси 2013, 16 февраль, 14:28
Ǵurǵaz — ( Cygnus cygnus ). ГIургIезах оьрсаша "Лебедь" олу. ГIургIаз шина-кхаа тайпана ю. Юххехьара зIок можа ю уггаре а йоккхачу гIургIезан. Къоначийн зIакарш цIечу басахь хуьлу. Тундран Iаьмнашкахь хуьлу уьш. ДIай-схьай йоьлхучу хенахь хIорднашкахь а хуьлу. Баннаш шишша цхьана къастина до. ХIоьаш ма баттахь до 4-6. Жимма можа бос бетталуш къайн хуьлу хIоьаш. Хина бухахула ца лела иза. Кортий, гIортий хи буха оьхуьйту цо. ТIемашца гIаьттина йоьдуш гIорта хьалха дIаяхйо. Екар хаза ду цуьнан "гангго... ганг-го" бохуш. Iаламехь кIезиг ю уьш. Цундела царна таллар дихкина.
- ЦIиэн зIок йолу гIургIаз. Цуьнан зIакаран бухехьа Iаьржа маIа ю. Можа зIаг ерш санна кIезиг ю уьш а. Хин берда йистошца эрзалахь до цара хIоьаш. Тойна май бутт чекхболлуш доккха 6-8 хIоа до цхьаммо. ТIемаш жимма хьала а айдой, хаза саттийна латтайо цо гIорта. ЗIок нисса охьаерзийна латтайо. Аз гIоргIа ду, йиш - хаьлчи санна. Хи буха кхийдаш ежа иза. Хин соьналлаш а цхьацца садолу хIуманаш а йоу цара.