ИбрахӀим — Версийн башхалла

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
Билгалонаш: Телефонаца дина нисдар Сайтан телефонан версица дина нисдарш Шордина телефонан нисдар
Нисдарах лаьцна йаздина дац
Билгалонаш: Телефонаца дина нисдар Сайтан телефонан версица дина нисдарш Шордина телефонан нисдар
МогӀа 3: МогӀа 3:
|ЦӀеран оригинал = {{lang-ar2|إبراهيم}}
|ЦӀеран оригинал = {{lang-ar2|إبراهيم}}
|Сурт = Abraham_in_the_Mosque_of_Abraham_IMG_2289.JPG
|Сурт = Abraham_in_the_Mosque_of_Abraham_IMG_2289.JPG
|Титраш = ХалилуллахӀ, Абу-д-Дифан, Абуль Анбийаъ
|Титраш = ХалилуллахӀ, Абу-д-Дийфан, Абуль-Анбияъ
|Вина терахь = 2200 в.э.
|Вина терахь = 2200 в.э.
|Вина меттиг = {{ВинаМeттиг|Ур|Урехь}}, [[Месопотами]]
|Вина меттиг = {{ВинаМeттиг|Ур|Урехь}}, [[Месопотами]]
МогӀа 11: МогӀа 11:
|Нана = [[Амилат]] (Буна)
|Нана = [[Амилат]] (Буна)
|Зуда = [[Сарат]], [[ХӀаджар]], [[КъатӀурат]]
|Зуда = [[Сарат]], [[ХӀаджар]], [[КъатӀурат]]
|Бераш = [[ИсмаьӀил]], [[Исхьакъ]], Замран, Якъшан, Мадин, Мидьян, Шабиякъ, Шухьа
|Бераш = [[ИсмаьӀил]], [[Исхьакъ]], Замран, Якъшан, Мадин, Мадьян, Шабиякъ, Шухьа
|Генеалоги = '''Вежарий:'''<br>ХӀаран, Нахьур
|Генеалоги = '''Вежарий:'''<br>ХӀаран, Нахьур
<br>'''Тукхам:'''<br>ИбраьхӀим бин Тарахь бин Нахьур бин СаругӀ бин РагӀу бин ФалигӀ бин Ӏабир бин Шалихь бин Арфахашад бин Сам бин [[Нохь]]
<br>'''Тукхам:'''<br>ИбраьхӀим бин Тарахь бин Нахьур бин СаругӀ бин РагӀу бин ФалигӀ бин Ӏабир бин Шалихь бин Арфахашад бин Сам бин [[Нохь]]
|СовгӀаташ = [[Ӏаьржа тӀулг]]
|СовгӀаташ = [[Ӏаьржа тӀулг]]
|Динашкахь ларар = [[Ислам]], [[Керсталла]], [[Иудаизм]]
|Динашкахь ларар = [[ислам]], [[керсталла]], [[иудаизм]]
}}
}}



Верси 2021, 7 октябрь, 08:15

ИбрахӀим
إبراهيم
Сурт
ХалилуллахӀ, Абу-д-Дийфан, Абуль-Анбияъ
Вина терахь 2200 в.э.
Вина меттиг Ур, Месопотами
Кхелхина терахь 2000 в.э.
Кхелхина меттиг Халиль
ДӀавоьллина меттиг
Къам Ӏебархой[d]
Да Тарахь
Нана Амилат (Буна)
Зуда Сарат, ХӀаджар, КъатӀурат
Бераш ИсмаьӀил, Исхьакъ, Замран, Якъшан, Мадин, Мадьян, Шабиякъ, Шухьа
СовгӀаташ

ИбраьхӀим (Ӏаьр. إبراهيم‎‎) — пайхамар а, элча а ву.[1]. Къуръанчохь ма-баххара хьаниф а ву (Аллахӏ цхьаъ веш верг). Цуьнан воккхаха волу кӀентан ИсмаьӀилан وصلة= тӀаьхьенах Мухьаммад пайхамар хилла. Ислам динехь ИбраьхӀим сийлахь-воккха пайхамар ву, АллахӀан элча а, цунах олу «Абуль-Анбияъ (Пайхамарийн да)» а, «ХалилуллахӀ (Делан доттагӀ)» а. Исламехь, Керсталлехь, Иудаизмехь а ИбраьхӀим оцу кхаа динан да лоруш ву. Мухьаммад пайхамаро аьлла: «ИбраьхӀиме АллахӀ-дала белла болу нийса некъ, бакъ дин — Ислам ду».

Къуръанехь

« ИбраьхӀим — иза вацара шун жуьгтий, керста, ширка а, иза цхьаъ волчу АллахӀан лолалла деш вара шуна »

Биографи

ИбраьхӀим схьаваларх

ИбраьхӀим вина меттиг Ур

Тарахь (Азар) бин Нахьур бин СаругӀан кхо кӀант вара: ИбраьхӀим, Нахьур, ХӀаран а. ХӀаран — иза ЛутӀ пайхамаран وصلة= да ву. Нохь пайхамаран وصلة= тӀаьхьенах бу уьш.

Иза дара цхьана халачу заманахь, Ур — олучу вавилонан махкахь. Оцу юьртахь болу нах чӀогӀа тӀера бара жӀарашна, шайн вавилон паччахь волу — Намруд, шайн делийн дела лорур цара. Цхьа дийнахь, цхьа вон гӀан гина хиллера Намрузан. Оцу гӀенан маьӀна хӀун дар хьуна аьлча: «Цхьана хенахь цхьа къонах вогӀур ву шеца цхьа керла дина дохьуш, массо а цуьнан Делана муьтӀахь хир ву». Намруз ши омра дира: «Божарий шена гӀали чу схьабалабе, а зударий шайн цӀахь бита. Дуьнен чу ваьлла кӀант дийна ма вита, амма йоӀ дийна йита» аьлла. Оцу юьртахь Ӏаш дара Амилат а, Тарахь а. Амилат къайлаха цхьана генахь йолчу хьех чу а яхна, цу чохь ИбраьхӀим вира.

ИбраьхӀима шен бералла дӀадаьхьна адамийн дахаран генахь йолчу хьехахь, цун яахӀума яхьаш йохуш йолчу шен ненаца Амилатца бен гар а ца хуьлуш. Юха иза шен да Азар (Тарахь) волчу схьавеара. Азар я Тарахь ши цӀе хилла бохуш дуьйцу цхьаболчу Ӏелам наха, вуьшта Азар цуьнан деваша хилла олу, а Тарахь да хилла олу, амма АллахӀана дика хаьа. Азарас ИбраьхӀиме шен гӀо дойтура делойн цӀунаш деш. ИбраьхӀима цахууш, цхьа цӀу дохийра, Азар цунна тӀечевхира. ИбраьхӀима хаьттира цуьнга: «ХӀорш хӀун ю, аша чӀогӀа Ӏибадат деш лелораш». Азарас элира: «Тхан дайшкара дуьйна схьадеана дин ду хӀара». ИбраьхӀима церан делой бохийра, диг цани. И бахьана долуш, Намруз вавилона иза йоккхачу цӀарга кхоссийтира. Амма Дала иза кӀелхьара ваьккхира.

ИбраьхӀиман маьждиг (المسجد إبراهيمي)

Намрузца къовса велла хиллера иза, ИбраьхӀима аьлла: «АллахӀ дала малх гучуболийта, дӀабузийта. Амма ахьа хьо дела ву бахахь, малхбузехьара гучубалийта иза». Цунах цецваьлла тап-аьлла Ӏаш вара Намруд. Кхин ИбраьхӀима аьлла, «шен Дала адам дийна а дуьту, дӀа а кхелхита». Намруда цхьа стаг а вийна, шолгӀаниг дӀа а хецна, аьлла: «Соьга а дало и санна гӀуллакх». Дала чуьркаш тӀе а хецна хилла оцунна гӀаролашна. Иштта Намруд хӀаллакх вира цхьана чуьрко.

ИбраьхӀим хьозанца хилла болу лам

Шен зудчуьнца Саратца иза Къудс-ГӀалахь а, Мисаре а, Халиле а вахара. Шен зудчуьнна лай ХӀаджар цо маре йигира. ХӀаджарас, ИсмаьӀил вира. ИбраьхӀим-пайхамаран 86-шо долчу хенахь дуьнен чуваьлла ИсмаьӀил.

ИбраьхӀим-пайхамаран وصلة= хенахь, цуьнан зуда ХӀаджар хӀинцца виначу жимачу ИсмаьӀилца, йовхонан тов хӀоьттича, хьогало хьовзийча, АллахӀ-дала шен цӀенчу маликашка шийлачу шовдана хьоста баккхийтина, Адам пайхамарна وصلة= даийтина маьждиг хиллачу меттехь. ХӀинца Замзам хи олуш дерг ду иза.

ИсмаьӀилна а, цуьнан нана а маликаша гӀу яьккхинчу хенахь цига кхочу яйна эмкалш лоьху ши стаг. И шиъ доккхачу дегӀехь дукха айдинчу нахах хилла. ТӀехьаьжча, кӀеззиг бен ца хеталучу шовдано цу шинна стеган хьогалла Ӏабайо, тӀера дӀа ца мелча санна дуьззина а дуьсу. ТӀаккха цу шимма шайн накъостий хьовсабо цига. Оццул токхе а, аьхна а долчу шовданах баккхийбеш, эццахь туп тухий совцу уьш. Жима ИсмаьӀил а, цуьнан нана а, дола деш, шайн юкъа оьцу оцу ондачу адамаша.

ТӀаьхьо меттигерчу наха дӀалохку цигара и зоьртала нах. ИсмаьӀил а, цуьнан нана а кхузарчу нахаца дуьсу. Ша кхиъна ваьлча, царех зуда а ялайо ИсмаьӀила, — цхьана хьал долчу элан йоӀ. Цу шиннан дукха хиллачу берех схьадаьлла Ӏаьрбийн къам.

ИбраьхӀим пайхамаран وصلة= да Азар (Тарахь) а, кхин болу нах а Дела цхьаъ веш хилла бац. ЖӀарашна а, кхечу хӀуманашна а ламазаш деш хилла цара, и хӀуманаш деланаш лоруш.

ИбраьхӀим а, цуьнан зуда хилла меттигехь долу деза наж дитт

ИбраьхӀима аьлла шен дега: «Хьо а, хӀара дерриге къам а, тилла харц новкъахь ду. ХӀунда теша шу шаьш куьйга йина хӀуманаш деланаш хиларх?»

Стигал екъа а ялийтина гайтина хилла АллахӀ-дала ИбраьхӀимна дуьненан Ӏаламан къайле. Буьйса йоьлла Ӏаьржа бода лаьтте бижна, сирла седа кхетча, кхайкхина ИбьраьхӀим тӀаккха халкъе, седарчашна ламазаш деш долчу: «Аш чӀагӀдо и седа Дела хилар». Седа дӀабайча аьлла ИбраьхӀима: «Со ца теша дӀавовш волчу Делах». Гина цунна бутт схьакхеташ, юха а аьлла: «ХӀара бу-кх массо а серлонех сирланиг, йовхонах бовханиг, хӀара хила тарло-кх Дела», — аьлла. Амма малх а суьйранна дӀабуьзна. ТӀаккха аьлла ИбраьхӀима шен хьалкъе: «Сан халкъ! Со ца теша аша деланаш бу бохучу хӀуманех. Аса сайн юьхь дӀаерзайо Цуьнгахьа, дуьне а, Ӏалам а кхоьллина, кхобуш волчу, цхьаъ ша бен воцчу АллахӀе!»

Адамашна Дела цхьаъ хиларан дин Ӏаморехь хьалхарниг хилла ИбраьхӀим пайхамар. Иза цахилла жуьгтий, цхьа керста а, амма хьаниф хилла. Къаьсттина хьанифизм Мухьаммад-пайхамаран латта тӀехь дендала тӀера хилла.

Шен берриг доьзал эцна, Мисарера Шема СабаӀ олучу метте дӀавахара ИбраьхӀим وصلة=. ХӀаджаран доьзалхо дуьнен чу ваьлчхьана иза ца еза йолаеллера Сарат. ХӀаджар а, цо вина ИсмаьӀил а эцна, хӀинца Макка шахьар лаьттачу метте дӀавахара ИбраьхӀим. Оцу заманахь, дийна дегӀ доцуш, иштта хи доцуш, еккъа цхьа гӀамаран аре яра и меттиг. Нохь пайхамаран وصلة= заманчохь, хӀорд тӀебаьлча Дала стигал даьккхина «Байтуль-МаӀмур» (маликаша тӀаваф дарца Далла Ӏамал еш хилла долу цӀа) цӀа хиллачохь (тахана ХьаьжцӀан КаӀбат долу меттиг) уьш а битина, царна хурманийн тӀоьрмиг а, цхьана хӀуманчохь хи а дитина, юханехьа Шема дӀавахара ИбраьхӀим. Иза дӀавоьдуш тӀаьхьакхайкхира ХӀаджар:

— Тхо кхузахь дита аьлла Дала дина хьоьга омра? — аьлла.

ИбраьхӀима, дина аьлла жоп делча:

— тӀаккха цо Ӏалашдийриг хир ду тхо, — элира ХӀаджара.

Акхарой а ца лелачу товна кхехкачу оцу эрна арахь шаьшшиъ дисира ХӀаджар а, ИсмаьӀил а. ИбраьхӀима дитина хи а кхачийра церан. Вакхорах а юккъах ваьккхинчу (ваккханза цаваьлла) ИсмаьӀилан балдаш хьогалла дакъаделлера. Сов са ца тохалуш, лаьттах мӀараш хьоькхуш, текхара ИсмаьӀил. Шен бӀаьра хьалха ИсмаьӀила балахьегар ца лалуш, хи лоьхуш, Сафа а, Марват а олучу шина лома юккъехула дӀасауьдура ХӀаджар. Оцу лаьмнийн баххьашка а юьйлуш, аренга дӀахьоьжура иза цхьа а гур вацара те бохуш. Амма цхьа дийна дегӀ дацара гуш. Лаьххьара а, аль-Марват лома буьххье яьлча цхьа аз хезира цунна. Тап-аьлла ладоьгӀуш а лаьттина. цо элира: «Хьо суна хазам хазийти ахь, ткъа суна гӀo дан аьтто буй хьан?» — аьлла. Юха, иза дӀахьаьжча (тахана ХьаьжицӀахь «Замзам» олучу меттехь), шен тӀам хьокхуш, хи лохуш доллучу маликех бӀаьрг кхийтира цуьнан. ТӀаккха цигахь хи гучуделира «Замзам» хьоста дара иза. Цу хьоста тӀера кхоьхьу, тахана, ХьаьжцӀа баханчу наха хи. Дала беркате дина оцу хьостан хи мала а, ламаз эца а бен кхечу гӀуллакхана лело магийна дац. Хих Ӏабийра уьш Дала Шен къинхетамца ХӀажара вакхорца ИсмаӀил. Оцу хи даьккхинчу малико элира цуьнга: «ХӀаллакхиларна ма кхера, баккъал а, кхузахь АллахӀан ЦӀа хир ду оцу кӀанта а (ИсмаьӀила), цуьнан дас а доьттина. Баккъал а, АллахӀа Ӏуналла ца деш буьтур бац шена сужуд дийриш».

ИсмаьӀилна урс хьокхуш ву ИбраьхӀим, Джабраиль-малико Ӏад дита и гӀуллакх олу.

Шайна ХӀаджарера бакъо а ехна (цигахь хи хиларна), цига юххе охьахиира Маккан лакхарчу aгӀop схьадеана джурхум тайпа. Кхуьуш вара ИсмаьӀил. Оцу тайпанера Ӏаьрбийн мотт Ӏемира цунна. Цул тӀаьхьа ИбраьхӀим пайхамар юхавеара Макка. Иза гӀадвахара ХӀажар а, ИсмаьӀил а могуш-маьрша карийча. Цхьана буьйсанна ИбраьхӀимна гӀан гира, ша ИсмаьӀилна урс хьокхуш. Иза пайхамар хиларе терра, цунна гӀенах гинарг кхочушдан дезаш хилла, хӀунда аьлча пайхамаршна гуш долу гӀан Делера омра (Дала тӀедиллар) хиларна. «Халилур-рахьман» (Къинхетамечу Делан доттагӀ) аьлла цӀе йолчу ИбраьхӀимна Дала шена тӀедиллинарг кхочушдан лиира. Цо ИсмаьӀиле элира: «ГӀена кхоьлах айса хьуна урс хьокхуш гина суна, хьуна хӀун хета цунах?». ИсмаьӀила жоп делира: «ХӀай, сан да! Хьайга Дала дина омра кхочушде ахь, Дала мукълахь, со собар долчарех а волуш, карор ву хьуна!» — аьлла.

ИбраьхӀиман каш, Маьждиг чохь

ИсмаьӀил а эцна, цунна урс хьакха дагахь Мина вахара ИбраьхӀим. Иза охьа а виллина, цо цунна урс хьаькхча, Дала дӀа ца латийтира ИсмаьӀилан дилханах. ИбрахӀима дуьззина кхочушдира шен Делан омра. «ХӀокхунна хьакха урс, ИсмаьӀилна а ца хьокхуш!» — аьлла, Джабраиль-малик даийтира Дала, ялсмани чуьра ка а бохьуш.

Цул тӀаьхьа, Шема дӀавахара ИбраьхӀим. Воккха а хилла, шайна юххехь дехачу джурхум тайпанан йоӀ ялийра ИсмаьӀила. ХӀаджар а дӀакхелхира. ТӀаккха кхин цкъа юхавеара ИбраьхӀим. Цо ИсмаьӀиле элира: «Дала цхьа хӀума тӀедиллина суна». ИсмаьӀила элира: «Дала хьайна тӀедиллинарг кхочушде» — элира. Цо (ИбраьхӀима) хаьттира: «Ахь гӀo дийр дуй суна?» «Дийр ду», — жоп делира ИсмаьӀила. «ХӀоккхахь ЦӀа догӀа аьлла омра дина соьга Дала», — элира ИбраьхӀима.

Ламчуьра тӀулгаш кхоьхьуш, тахана (Маккахь) ХьаьжицӀа лаьтта КаӀбат йоьттира цу шимма, Дела а хьехош, цуьнга доӀанаш а деш: «Тхан Дела! Тхоьгара къобал делахь, Хьо-ТӀеххезашверг а, тӀех хууш верг а ву-кх».

Иза доьттинчул тӀаьхьа ломан буьххье а ваьлла кхайкхира ИбраьхӀим «ХӀай нах! ХӀаждар шуна парз тӀедиллина дина Дала».

Саратас къена йолчу хенахь вина Исхьакъ وصلة=. ИбраьхӀим кхелхинчул тӀаьхьа, АллахӀа пайхамар хаьржина хилла Исхьакъ. Исхьакъан кӀант Якъуб а хилла пайхамар, цуьнан кӀант Юсуп а. Церан тӀаьхьенах Айюб а, Муса а, ХӀарон а пайхамарш хилла.

ИбраьхӀим пайхамара وصلة= дуьненчохь яьккхина хан 175 шо ю. Саратий, ХӀаджаррий дӀакхелхинчул тӀаьхьа кхин ши зуда а ялийра цо. Цара вина 11 кӀант а хилла ИбраьхӀиман. Делан лаамца, уьш берриш тайп-тайпанчу мехкашка дӀасабахийтина цо. ИбраьхӀим дӀавоьллина (Халиль) шахьаран гена йоцчу МагӀарат хьеха чохь.

ХьаьжцӀийнах лаьцна

ХьаьжцӀа

АллахӀ-дала хаам бинера, ХӀаджар а, ИсмаьӀил а гена махка дӀадига аьлла, цо иза кхочуш дира. ЯахӀума дӀа а яьлла, цуьшинна мацалла хаалора, ИсмаьӀил гӀора дайна охьавоьжнера. ХӀаджар б арз елла дӀа-схьа уьдура шинна лам тӀе, Сафа а, Марват а. ИсмаьӀил воьлуш гира, цуьнан когашкахь лаьттара арадетташ хи дара, и хи дара «Замзам».

Оцу метте Ӏаьрбийн къам кхечира, царех цхьа йоӀ ИсмаьӀилас маре йигира. Оцу метте ИбраьхӀим кхечира, шен доьзал лаха. Иштта цунна карийра и шиъ ХӀаджар а, ИсмаьӀил а. ИбраьхӀиме АллахӀ-дала кхин цхьа хӀума тӀедиллинера: «ИсмаьӀилан урс хьакхар, гӀурба дар», иза кхочуш дан гӀортир иза. Дала цуьнга Ӏад вита элира ИсмаьӀил, цуьнан меттан уьстагӀ баийтира.

Делан пурбанца а, лаамца а ИсмаьӀил волало хьалха хиллачу меттехь духа маьждиг — КаӀбат дан. Оцу деза-доккхачу гӀуллакха тӀехь ИсмаьӀилна гӀо деш цуьнан да ИбраьхӀим а хуьлу. Сийлахь цӀа деш тамашийна гӀо до цхьана тӀулго. ХӀинца а хаалуш ю оцу тӀулга тӀехь, ИбраьхӀим-пайхамаран когийн лараш. Эшча хьала айлуш а, охьа лахлуш а хилла и тӀулг. Шен декхарш кхочушдан ца ларорна Адамца цхьана ялсаманих къастийна, таӀзар деш, тӀулг бина малик ду, боху иза.

ХӀара бу-кх и ХаьжицӀийна Ӏаьржа тӀулг, чухула гуш бу.
Чухула иштта бу Ӏаьржа тӀулг

ИбраьхӀима а, ИсмаьӀила а, Джабраиль-малико схьакховдийна и беза тӀулг, воккха вийна ца волуш, Далла хастамаш барца, схьаэцна, хьаладеш долчу ХьаьжцӀийнан арахьара агӀор пенан соне биллина.

АллахӀ-делан парз кхочушдечу бусалба наха ХьаьжцӀенна шаьш гуо боккхуш куьг Ӏуттуш а, барт боккхуш а бу и беза-сийлахь тӀулг. Дуьххьара дӀабуьллуш, бӀаьрса кхолош, кӀайн хилла и тӀулг, къинойх цӀена боцчу нехан барташа Ӏаьржа бина бу хӀинца. Адамаш ден-дина Махьшарен майдана гӀовттинчу дийнахь и беза сийлахь-тӀулг, шен хиллачу цӀенчу Маликийн нурца лепаш, Далла хьалха цӀенчу некъаца, ойланца Хьаьж кхочушдинчу бусалба нахана теш хилла хӀуттур бу, царна Делера къинхетам боьхуш.

Маккара ХьаьжцӀа массо а бусалбанин къилба ду. Цуьнгахь юьхь ерзош дӀахӀутту дуьнен массо а маьӀӀера бусалба нах, АллахӀ-дала тӀедиллина ламаз деш.

Цу тайпана деза, сийлахь долчу ХьаьжцӀенна КаӀбатна Ӏуьналла а, дола адар Маккарчу наха шайх тешош хиллачарех бу вайн Мухьаммад-пайхамар , ӀабдуллахӀин ваша Абу ТӀелип а, цуьнан да Ӏабдул-МуттӀелип а, цуьнан да ХӀашим а وصلة=.

Ишттачу цӀийнах, тайпанах схьаваьлла а, ларам болчу доьзалехь кхиъна а хилла, Делан элча — Мухьаммад-пайхамар .

Цу кеппара ИсмаьӀил а, цуьнан да ИбраьхӀим а ХаьжицӀа дуттуш воллуш АллахӀ-делера Джабраиль-малик догӀуцхьа тӀулг а бохьуш. Дуьххьара ялсаманера кху харц дуьненчу Адам-пайхамар араваьккхича, цуьнца цхьана ялсаманера схьабеана, охьабоьжна хилла а, дуьненчу хӀорд хӀоьттинчу хенахь къайла баьлла хилла а сийлахь беза тӀулг лору иза цхьаболчу Ӏеламнаха. Ткъа кхечара дийцарехь, ялсаманичохь волуш, Адам-пайхамар вочу хӀуманах ларван хӀоттийначу малийках хилла бу и тӀулг.

ИбраьхӀима а, ИсмаьӀила а АллахӀна гӀуллакх нахе дайта дина хилла КаӀбат. Амма Дела цхьаъ веш боцчу наха шайн «деланаш» бу бохуш цхьацца жӀараш, тӀулгаш суьрташ цу цӀачу кхехьна а, царна шайн «ламазаш» деш а хилла.

Кхалхар

Дийцарехь ма-баххара, ИбраьхӀим пайхамаран каш ПалестӀинехь ду, Халиль юьртахь, ИбраьхӀиман маьждиг чохь. Иза алсамо дозуш ду бусалба килсанан, цкъа а меттахдаьккхина лаьттина хӀума хилла дац бусалба нахаца сионизмхойца.

ИбраьхӀиман меттиг

ХьаьжицӀахь йолу ИбраьхӀиман меттиг (Макъам ИбрахӀима), оцу чохь тӀулг бу, ИбраьхӀиман когийн лараш тӀехь йолуш

Макъа́м ИбрахӀима (مقام إبراهيم‎‎ — ИбраьхӀиман меттиг) — Аль-Хьарам маьждиган дозанца меттиг ю иза, КаӀбат дечу хенахь ИбраьхӀим лаьттина меттиг ю. ХӀинцалерачу хенахь цигахь йина нартолца гӀишло ю.

Макъам ИбрахӀим цӀе къуръан тӀехь хьехош ю, 97-чу аятехь 3-чу Къуръанан суратехь.

Исламан дийцарехь ма-бохху, АллахӀ-дала ИбраьхӀиме КаӀбат ден аьллачул тӀаьхьа, шен кӀант ИсмаьӀилца иза болх бан волавеллера. ИсмаьӀилас тӀулгаш кхоьхьуш хилла, а ИбраьхӀима царах хазна еш хилла. Пенаш лакха хьаладоьттича, ИсмаьӀилас тӀулг лаьтта охьабиллина хилла, ИбраьхӀим тӀекхачийта. ТӀулган тӀеваьлча ИбраьхӀим шен болх беш вара. Оцу тӀулган тӀехь ИбраьхӀиман когийн ларш ю.

Билгалдахарш

Кинематографехь

Кхин хьажа