Сира-сийна кхокха — Версийн башхалла
[талланза верси] | [талланза верси] |
ж r2.7.1) (робот тIетоьхна: af:Wildeposduif |
HiW-Bot (дийцар | къинхьегам) ж r2.7.2) (робот тIетоьхна: ro:Porumbel |
||
МогӀа 69: | МогӀа 69: | ||
[[pt:Pombo-comum]] |
[[pt:Pombo-comum]] |
||
[[qu:Qaqa paluma]] |
[[qu:Qaqa paluma]] |
||
[[ro:Porumbel]] |
|||
[[ru:Сизый голубь]] |
[[ru:Сизый голубь]] |
||
[[sh:Golub pećinar]] |
[[sh:Golub pećinar]] |
Верси 2012, 1 март, 00:52
Qoqa, Кхокха (инг. Rock Pigeon, оьрс. Голубь) — Горга, дуьзна дегI а долуш, луьста, шера дегIа тIе йийшина месаш а йолуш ду кхокхий. Кхаа тайпана а, шийтта беса а ду уьш.
Оьрсаша "оьрс. сизый голубь" олуш бу вайн цIахь, адамаш дехачохь гIаланашкахь а, ярташкахь а хуьлуш болу кхокха. И тайпа кхокхий дукха а ду. Яккхийчу гIеранашца хуьлу уьш ялташ лелочу меттехь. Элеваторшкахь, амбарашкахь, хьаьттанашкахь. Букъ тIе кхаччалц гIорта а, хаьндарг а, таьIно сийна а, баьццара а бас бетталуш, арий санна лепаш хуьлу кхокханан. "Кхокханан басахь" лоу вай цуьначух тера бос болчу хIуманах. Шина а агIор тIома тIехь шалха Iаьржа мозанаш ю цуьнан, тIомана пурхалхьа, тIам буткълучу меттехь. Кхокханан когаш а, бIаьргаш а цIиэ ду. ЗIок хотталучохь чохчам ю цуьнан. Кхин бос болуш а хуьлу адамаш дехачохь долу кхокхий.
Цхьана метта дехаш а, дIай-схьай кхелхаш, Iен меттиг хуьйцуш а хуьлу кхокхий. Ах акха а, ах адамех доьлла караIемина а ларалуш ду уьш. Кхокхаша баннаш до тIулган я сацкъаран бердашца, дIатесна йитначу тишчу гIишлош чохь, цIенойн тхевнашкахь, карнизашкахь. Кхокханан бен башха лерина бой а ца хуьлу. Цхьа кIеззиг синтарш а гулйой, буха масс а тосий бо кхокхано бен. Февраль, март баттахь болало кхокха хIоьаш дан.Кхокхано шиъ до хIоа. КIорнеш шарахь кхузза, доьазза йоху цо. Кхокханан бадар чехка ду. ТIемаш сиха детта цо. Бекар "Кхур-кху-у-кх, кху-у-кх" бохаш ду цуьнан. Цкъацкъа "къу-у-у, къу-у-у", бохуш, узарш деш санна бека иза. Дитта тIе хууш гIиллакх дац цуьнан.