ГӀамара тӀулг — Версийн башхалла

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
ж →‎top: нийсайаздар, replaced: изикан → изикин using AWB
МогӀа 3: МогӀа 3:
'''ГӀамара тӀулг''' — кагъелла [[Бухайижаран ломан породаш|бухайижаран ломан порода]], цхьаьна тайпана я чкъоьраш долу кеггаран буьртагийн барам 0,05 мм (Россехь) болу агрегат я 0,0625 мм (дозанал арахьа) 2 мм гергга<ref>{{Книга|автор=Шванов В.Н., Фролов В.Т., Сергеева Э.И.|заглавие=Систематика и классификации осадочных пород и их аналогов|ответственный=|издание=|место=Санкт-Петербург|издательство=Недра|год=1998|страницы=52|страниц=552|isbn=5-247-03764-2|isbn2=}}</ref> (гӀамарш йолу), уьйр йолу цхьаьнав минералан хӀуманца (цеманцийца).
'''ГӀамара тӀулг''' — кагъелла [[Бухайижаран ломан породаш|бухайижаран ломан порода]], цхьаьна тайпана я чкъоьраш долу кеггаран буьртагийн барам 0,05 мм (Россехь) болу агрегат я 0,0625 мм (дозанал арахьа) 2 мм гергга<ref>{{Книга|автор=Шванов В.Н., Фролов В.Т., Сергеева Э.И.|заглавие=Систематика и классификации осадочных пород и их аналогов|ответственный=|издание=|место=Санкт-Петербург|издательство=Недра|год=1998|страницы=52|страниц=552|isbn=5-247-03764-2|isbn2=}}</ref> (гӀамарш йолу), уьйр йолу цхьаьнав минералан хӀуманца (цеманцийца).


ГӀамара тӀулгаш кхоллало ломан породаш йохар, кеггарш хино я мохо дӀаяхьар бахьнехь, гулдаларш тӀаьхьа цеманц хуьлий чӀагӀлуш. Кеггарийн гоьргаллин а, буьртагаш барамца къасторан а тӀегӀанаша гойту кеггарш юьхьанца хиллачура мел охьадеина. Дукхаха долчу гӀамара тӀулгийн кепашкахь алсама ду [[кварц]], хӀунда аьлчи иза уггаре онда физикан а, химин а агӀора минерал долун дела.
ГӀамара тӀулгаш кхоллало ломан породаш йохар, кеггарш хино я мохо дӀаяхьар бахьнехь, гулдаларш тӀаьхьа цеманц хуьлий чӀагӀлуш. Кеггарийн гоьргаллин а, буьртагаш барамца къасторан а тӀегӀанаша гойту кеггарш юьхьанца хиллачура мел охьадеина. Дукхаха долчу гӀамара тӀулгийн кепашкахь алсама ду [[кварц]], хӀунда аьлчи иза уггаре онда физикин а, химин а агӀора минерал долун дела.


== ГӀамара тӀулгийн минералан хӀоттам ==
== ГӀамара тӀулгийн минералан хӀоттам ==

Верси 2021, 2 июль, 09:15

ГӀамара тӀулг, Кегийра Карпаташ

ГӀамара тӀулг — кагъелла бухайижаран ломан порода, цхьаьна тайпана я чкъоьраш долу кеггаран буьртагийн барам 0,05 мм (Россехь) болу агрегат я 0,0625 мм (дозанал арахьа) 2 мм гергга[1] (гӀамарш йолу), уьйр йолу цхьаьнав минералан хӀуманца (цеманцийца).

ГӀамара тӀулгаш кхоллало ломан породаш йохар, кеггарш хино я мохо дӀаяхьар бахьнехь, гулдаларш тӀаьхьа цеманц хуьлий чӀагӀлуш. Кеггарийн гоьргаллин а, буьртагаш барамца къасторан а тӀегӀанаша гойту кеггарш юьхьанца хиллачура мел охьадеина. Дукхаха долчу гӀамара тӀулгийн кепашкахь алсама ду кварц, хӀунда аьлчи иза уггаре онда физикин а, химин а агӀора минерал долун дела.

ГӀамара тӀулгийн минералан хӀоттам

Чжанцзяцзе къоман хуьнан паркера гӀамара тӀулгийн бӀогӀамаш (Цийчоь)

Породаш кхуллу минералаш ду кварц, аренан шпаташ, слюда, глауконит. Иштта хила тарло ломан породийн кеггарш а. ШолгӀа тӀегӀанан а, акцессоран а (иэдарш чӀогӀа кӀезиг ду) минералаш гайтина магнетито, ильменито, гранато, рутило, цирконо, турмалино. Цеманц хуьлу кеггаран материал шен хӀоттамца хуьлу дикка цӀена саз-латтан кепара (гидрослюдаш, каолинит, кхин а), киран кепара (кальцит, доломит, наггахь эчиг кхетта карбонаташ), мокхазан кепара (опал, халцедон, кварц), эчиг кхетта (эчиган окислаш а, гидроокислаш а), наггахь хлоритан, цеолитан, фосфатан, сульфатан я ийна.

ГӀамара тӀулгийн классификаци

ГӀамара тӀулгашна дукха хьолахь классификаци йо кеггарийн материалан минералан хӀоттамца. Къастало мономиктан (мономинералан), олигомиктан (кеггарш гайтина шина минерало), полимиктан (кеггарш гайтина шиннал сов минерало) кепаш.

Мономинералан гӀамара тӀулгашна юкъа доьду шуьйра даьржина кварцан гӀамара тӀулгаш, 90 % сов кеггаран материал ю кварц, ткъа иштта дуьстича кӀезиг хаало аренан шпатийн а, глауконитан а гӀамара тӀулгаш.

Билгалдахарш

  1. Шванов В.Н., Фролов В.Т., Сергеева Э.И. Систематика и классификации осадочных пород и их аналогов. — Санкт-Петербург: Недра, 1998. — С. 52. — 552 с. — ISBN 5-247-03764-2.

Хьажа кхин а

Кеп:Кегъелла ломан породаш