Гагкаев, Алихан Андреевич — Версийн башхалла

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
«Гагкаев, Алихан Андреевич» агӀо гочярца кхоьллина
(башхалла йац)

Верси 2020, 31 октябрь, 23:45

Гагкаев, Алихан Андреевич
Вина терахь 1917 шеран 25 май({{padleft:1917|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:25|2|0}})
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1943 шеран 5 июль({{padleft:1943|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:5|2|0}}) (26 шо)
Кхелхина меттиг:
Эскаран тайпа артиллери[d]
Дарж лакхара лейтенант[d]
ТӀемаш
СовгӀаташ
Герой Советского Союза
орден Ленина

Алиха́н Андре́евич Гагка́ев (25 мая 1917 с. Кадгарон, Терская область — 5 июня 1943, у с. Быковка, Курская область) — советски т1еман г1уллакхо, Сийлахь-Боккха Даймехкан т1еман г1уллакхо, Советски Союзан Турпал (1965, посмертно), лакхара лейтенант.

Биографи

Гагкаев вина 1917 шеран 25 майхь в селе Теркан областан Владикавказан округан Кадгарон юртахь юртбахамхон доьзаллехь. Х1ирий. Цо шен юртан школехь чекхъяккхира 6 класс. 8-г1а класс цо Москвахь чекхъяккхира 1-ра интернациональни берийн ц1ахь.

1932 шарахь школа чекхъяккхинчулт1ехь Гагкаевс дийшира фабрично-заводской школехь. Цул т1аьхьа цо болхбира Москана Метростройхь. Балхаца цхьана цо рабфакехь доьшара. 1936 шарахь иза Москван машен некхан институтехь деша волавелира. Шина шарахь даьшна ваьлча ЦК ВЛКСМ путёвкица иза вахийтира 1-ра Ленинградан артиллерин доьшийле. 1940 шеран 4 февралехь цо и доьшийла т1ехдика чекхъяккхира. Лейтанантан ц1е елча иза вахийтира Одессан эскаран округан 74-г1а кхиссарийн дивизин 78-г1а кхиссарийн полке. Цигахь иза артиллерин полкан хьаьким х1оттийра. 1940 шеран аьхкехь Гагкавс дакъа лецира Бессараби а, Къилбаседан Буковина СССРх схьатохарин операцехь. Т1ом болабале лейтенант Гагкаев волу эскаран дакъа дара Украински ССР Одесски областан Ананьев ц1е йолу г1алахь лаьтташ.

Т1ом бола ма белла Гагкаев фронтехь вара. Иза вара Къилбера фронтан 9-г1а армин 48-г1а кхиссарийн корпусан 74-г1а кхиссарийн дивизин 78-г1а кхиссарийн полкехь. Цо дакъалецира Тирасполь-Мелитопольски операцехь, т1емашца юхавахара Одессе а, Николаеве а. Кхуза цунна чевнаш йинера. Николаеван уллехь цера эскаран дакъан мостаг1аш гобира. Цу юкъара цера 1941 шеран декабрехь бен къелхьарбовлар ца нисделира. НКВД лагерехь талларан чекхваьлла, госпиталехь шен чевнаш д1а а ярзитийна Гагкаев юха а фронте вахара. 1942 шарахь цо дакъа лецира Донехь а, Къилбаседан Кавказехь хилла т1амехь. Цул т1аьхьа иза Бурит1е хажийра къона артиллеристаш кечбан. 1943 шеран б1аьсте кхаччалц Гагкаев и болх беш вара.

1943 шеран б1аьстехь лакхара лейтенант А. А. Гагкаев х1оттийра Воронежски фронтан 1-ра танкин армин 1008-г1а танкаш х1аллакъяшйолу полкан 5-г1а батарейн командир. Курскин дугахь т1ом болабале Гагкаеван батарей д1ах1оттира Белгородски областан Яковлевски районан Быковка юртан уллехь. Цуьнан батарейхь яра йиъ 76-мм йолу йоккха топ. 1943 шеран 5 июлехь цуьнна батарейн т1елетира 35 немцойн танк а, самоходка а, шортта пехата а. Оцу т1амехь 5-г1а батарейс х1аллакйира 6 мостаг1ийн танк. Массо йоккха топ мостаг1аш х1аллкйича салтий чуччабахан летира. Т1екхаьчна г1о бахьнехь немцош юхатог1а аьтту хилира, амма Гагкаеван чевнаш йинера. Дукха хан ялале иза велира. Иза д1авоьллира вежараллин кашехь Москва — Симферополь ц1е йолу автострадан 624-г1а километрехь.

1965 шеран 6 майхь цунна елира Советски Союзан Турпалан ц1е (веллачул т1ехь).

Совг1аташ

  • Медаль «Золотая Звезда» (06.05.1965, посмертно).
  • Орден Ленина (06.05.1965, посмертно).

Дагахьлаттавар

  • Именем Героя Советского Союза А. А. Гагкаева названы улицы в городе Владикавказе и селе Кадгарон Республики Северная Осетия—Алания.
  • Имя Героя Советского Союза А. А. Гагкаева носит средняя школа в селе Кадгарон Республики Северная Осетия—Алания.
  • Мемориальная доска в честь Героя Советского Союза А. А. Гагкаева установлена в селе Кадгарон на доме, где он родился.
  • О подвиге Героя Советского Союза А. А. Гагкаева написана книга «Бессмертная батарея Алихана Гагкаева».
  • О Герое Советского Союза А. А. Гагкаеве написана песня (муз. Резвана Цорионти, сл. Музафера Дзасохова).

Литература

  • Герои Советского Союза: Краткий биографический словарь / Пред. ред. коллегии И. Н. Шкадов. — М.: Воениздат, 1987. — Т. 1 /Абаев — Любичев/. — 911 с. — 100 000 экз. — ISBN отс., Рег. № в РКП 87-95382.
  • Попель Н. К., Павловцев П. Л. .
  • Алексеев С. П. .
  • Мальцев Е. Е. .
  • Муриев Д. З. .

Документаш

Хьажоргаш