Гагиев, Александр Максимович — Версийн башхалла

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
«Гагиев, Александр Максимович» агӀо гочярца кхоьллина
(башхалла йац)

Верси 2020, 31 октябрь, 20:21

Гагиев, Александр Максимович
Вина терахь 1922 шеран 16 июнь({{padleft:1922|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:16|2|0}})
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1981 шеран 30 сентябрь({{padleft:1981|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:30|2|0}}) (59 шо)
Кхелхина меттиг:
Дарж полковник[d]
СовгӀаташ
Герой Советского Союза
орден Ленина орден Красного Знамени орден Красной Звезды орден «За службу Родине в Вооружённых Силах СССР» III степени

Александр Максимович Гагиев (19221981) — советски эскаран х1ордан кеманхо, Сийлахь-Боккха Даймехкан т1еман декъашхо, Советски Союзан Турпалхо (1945), полковник.

Биографи

Гагиев вина 1922 шеран 16 июнехь Горски АССРн Буритехь г1уллакхон доьзаллехь. Х1ирий. Юккъера школа чекхъяккхинчул т1ехь цо шина шарахь дийшира электромеханизацин техникумехь. Оццу хенахь иза вара аэроклубехь доьшуш.

1939 шаранхь иза Ц1ен Эскаре д1а а кхайкхина Ейски эскаран х1ордан авиацин доьшийле хьажийра. Доьшийла чекхъяккхинчул т1ехь иза вахара Тийна океанан ВВСн 4-г1а минин а, торпедан авиацин полке. 1944 шеран май дуьйна Гагиев Балтийски флотан 8-г1а минийн а, торпедийн а авиацин дивизин 51-г1а минийн а, торпедийн а авиацин полкехь ву. Цо т1ом бира А-20 «Boston» ц1е йолу кемант1ехь. 1944 шеран аьхкенахь иза д1ехьавеккхира Балтийски флотан ВВСн 1-ра гвардин минийн а, торпедийн а авиацин полке. 1944 шеран 5 июлехь Гагиеван экипажас хьалхара мостаг1ийн хинкема х1аллакдира. 1944 шеран октябрь кхачале Гагиевс 28-за т1ема а велира, 4 хинкема а, 1 хин буха лела кема а, цхьаъ мостаг1ийн истребитель а х1аллак а дира. В воздушных боях сбил один вражеский истребитель.

1945 шеран 6 мартахь Гагиеван Советски Союзан Турпалан ц1е елира.

Т1ема хенахь Гагиевс 106 т1ема а велира, 27500 т хин барамалла йолу 6 хинкема а х1аллакдира. Кхиъ массийта хинкема талха а дира я доккха зен дира.

Т1ом чекхбаьлча Гагиев Балтийски флотехь сецира. 1953 шарахь цо чекхъяккхира Ленинградехь йолу Эскаран х1ордан академи. 1975 шарахь Гагиев отставке велири. Цу хенахь иза полковник вара. Иза цкъа хьалха Ленингардехь 1аш вара, т1аккха Москва д1авахара. Цо цхьана 1илманийн талларан институтехь коьрта инженеран болх бира. 1981 шеран 30 сентябрехь Гагиев велира. Иза д1авоьллина Москвахь Николо-Архангельски кешнашкахь.

Совг1аташ

  • «Деши Седа» мидал (06.03.1945).
  • Ленинан орден (06.03.1945).
  • Ц1ен Байракхан орден — кхоъ (13.10.1944; 24.10.1944; 23.05.1945).
  • Ц1ен Седан орден (26.10.1955).
  • Орден «За службу Родине в Вооружённых Силах СССР 3-й степени» (30.04.1975).
  • Мидалш.

Литература

  • Герои Советского Союза: Краткий биографический словарь / Пред. ред. коллегии И. Н. Шкадов. — М.: Воениздат, 1987. — Т. 1 /Абаев — Любичев/. — 911 с. — 100 000 экз. — ISBN отс., Рег. № в РКП 87-95382.
  • Буров А.В. .
  • Львов М. Л. .
  • В. И. Ачкасов, А. В. Басов, А. И. Сумин и др. .
  • .
  • Орленко И. Ф. .
  • Орленко И. Ф. .
  • .
  • Муриев Д. З. .

Билгалдахарш

Хьажоргаш