Консерватизм — Версийн башхалла

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
МогӀа 18: МогӀа 18:

Бёрка гӀолецира [[америкин революци]]н прогрессан хилам болун дела, амма ца езара радикализм а, къизалла а [[Сийлахь французийн революци|французийн революцийн]]. Цуо могийтура [[Смит, Адам|Смит Адаман]] долара бахаман а, экономикин а либералан ойланаш, Смита санна, лорура, экономика куьйгакӀела хила еза консервативан социалан этикан, капитализман тӀехула латта деза юккъерачу бӀешерийн социалан ламасташ, ткъа гӀуллакхан классан коьртехь аристократи лаьтташ хила еза, цуо тӀе ца лоцура Смит Адаман белхалойн классех йолу тезис. Эхь-бехкаллин профессоран Смит Адаман гора аристократин функцеш, еккъа фабрикаш, заводаш, транспортан пхенаш дахкарца, массийн белхан класс кхоллархьама латташна хи дилларца, цу тӀе хьалхалерачу сутарчу лахенашкара капиталисташа нах баца а ца беш, ткъа и ламасталлин аристократис кхиийна къинхьегамхойн, таро хилар шешша пачхьалкхан урхалла дан демократи а, промышленностехь оьшу дешар а бахьнехь. Ткъа Бёрка къар ца луш чӀагӀдора, нагахь эхь-бехкаллин доза аристократин юккъера бӀешерийн ламастех схьадаьллехь а, тӀаккха аристократи керлачу капиталистийн юкъараллехь хилла Ӏан ца еза хилла яьлла тхьамда экономикин сферехь, амма хила еза пачхьалкхан урхаллехь а.

== Хьажоргаш ==
* [http://www.conservapedia.com/Main_Page Консервативная энциклопедия]
* [http://www.konservatizm.org/ Центр Консервативных Исследований при Социологическом факультете МГУ]
* [http://www.cscp.ru/ Центр социально-консервативной политики]
{{Арахьара хьажоргаш}}

[[Категори:Консерватизм| ]]
[[Категори:Идеологеш]]
[[Категори:Политикин теореш]]

== Билгалдахарш ==
== Билгалдахарш ==

Верси 2020, 30 июль, 04:46

Консерватизм
Консерватизман ойланаш
Чоьхьара боламаш

Консервати́зм (схьадаьлла лат. conservo - Ӏалашдо) — ламаста мехаллин а, низамашна а, социалан я динан доктринашна тӀаьхьавазаран идеологи. Коьрта мехалла лору юкъараллин ламасташ, цуьнан институташ а, мехаллаш а Ӏалашъяр.

Чоьхьарчу политикехь консерваторша билгаладоккху йолуш йолчу пачхьалкхан а, юкъараллин низаман а мехалла, тӀе ца оьцу радикалан реформаш, церан мах хадабо экстремизман санна. Арахьарчу политикехь консерваторш кхерамазалла чӀагӀъяран болх хьалхатотту, могуьйту тӀеман ницкъ бар, ламастан бартхошна гӀолаца хьовсу, арахьара экономикин юкъаметтигашкахь гӀолоцу протекционизм.

Консерватизман идеологи кхоллаелла «Французийн революцин цӀарматаллашна» (Бёрк Эдмундан гӀараяьлла памфлет, 1790) реакци санна. Экономикин а, социалан а маршонаш кхайкхочу либерализман а, социалан нийсо кхайкхош, долара бахаман доза деттачу социализман а дуьхьала лаьтта[1]. Бёрк воцуш, доккха дакъа лаьцна консерватизм кечъеш французийн иезуита Де Местр Жозефа (1753—1821), ингалсан философа Гоббс Томаса (1588—1679), австрийн-немцойн канцлера графа Меттерних Клемента (1773—1859).

ХӀокху заманан юкъараллашкахь консерватизм базанан идеологийн кхааннах цхьаъ ю: либерализм, социализм, консерватизм. Иза къасто еза обскурантизмах керлачу хӀуманна дуьхьала гӀертаран пурх латтарах, ткъа иштта ламасталлех. ХӀокху заманан консерватизм (неоконсерватизм) наггахь хуьлу кхечу политикин боламел алсама сетташ, меттаха йолуш. Масалаш — Рейганан АЦН хийцамаш а, Тэтчеран Йоккха Британера хийцамаш а.

Консерватизм кхоллаялар

Ингалсера консерватизм, тӀаьхьа торизм ала долийна, кхоллаелла ЮхаметтахӀотторан (1660—1688) муьрехь. Цуьнан бух бара адамийн юкъараллера тӀегӀанан тӀехь лаьтташ, ткъа коьртехь лаьтта цхьан доза а доцуш Ӏедал карахь долу монарх (моно – цхьаъ, арх – урхалла дар). Амма, шен коьрта Ӏалашо урхаллин а, паргӀатонан эхь-бехкаллин а конституцин кепаш хилла йолу Сийлахь революцис, далийра торизман кхечу формуле. ХӀинца торизман бух бу кхаа тӀегӀанехь чӀагӀйина суверенитет: паччахьан доьзал, лордийн палата, юкъараллин палата.

Консерватизм кхиина роялизмах, орамаш тесира Ингалсахь ЮхаметтахӀотторан муьрех. Роялисташа гӀолоцура абсолютан монархин, цара кхиайора паччахьан Ӏедал делера хиларан теори. Цара къобал дора британин маршо а, парламентаризман ламасташ а, дӀатоттура суверенитет парламентан Ӏедалах яларан теори, цуо паччахьо санна, дерриг халкъ ца гойтура, дин лелоран маршо а ца лора. Ингалсара гражданийн тӀом болабалале Филмер Роберта язбира болх «Патриарх: я паччахьийнедал», иза хилира церан доктринин формула. Сийлахь революцил тӀаьхьа, 1688 шарахь, тори санна бевза консерватораш, къобал дира, суверенитет кхаа тӀегӀанех латтар. Амма ехачу хенахь вигийн урхаллехь британин консерватизм дӀахилира генарчу плане. Коьрта политикин ницкъ юхабеира хӀинца 1830-гӀа шерашкахь консерваторийн парти аьлла цӀе хийцина, цуо шена чохь цхьаьнатуьйхира аристократийн а, базаран капиталистийн а чолхе барт.

Дукхаха болчу историкашна консерватизман бух биллинарг хета Бёрк Эдмунд[2], иза хилла маркизан Рокингеман секретарь, кхайкхийна вигийн партин уггаре консервативан декъан гар.