Цхьогал — Версийн башхалла

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
[талланза верси][талланза верси]
Керла: thumb|250px|Цхьогал {{lang-noh|Цхьогал}} ({{lang-ru|Лиса}}) олу. Цхьогалаш дуккху а мехкашк...
 
ж Гlаролла дина агlо «Цхьогал» ([edit=autoconfirmed] (хан чаккхе йоцуш))
(башхалла йац)

Верси 2010, 23 июнь, 10:37

Цхьогал

нох. Цхьогал (оьрс. Лиса) олу. Цхьогалаш дуккху а мехкашкахь хуьлуьш ду Европехь, Азехь, 1америкехь.

  • Иштта Генарчу Къилбаседера, Къилбе дозанашка кхаччалц болчу вайн махкахь а ду цхьогалаш. Уьш хуьлу ламанашкахь а, генарцу цанашлахь а, хин тог1ешкахь а, г1амаран аренашкахь а. 1аьмнаш дочу метте а кхочу уьш хин олхазаршна тебаш.
  • Цхьогал массо а адамашна девзаш экха ду. Иза туьйранашкахь а дуьйцу. Цунах лаьцна кицанаш ду, баснеш ю. Дийцашкахь а, туьйранашкахь а цхьогал х1иллане, хьекъале гойту.
  • Таллархоша гобина к1елхьарадала аьтту боцуш дисна цхьогал. Цхьана аг1ор екъчу бацах летта йогуш ц1е хилла. Вукху аг1ор дог1уш хи хилла. Кхин даха меттиг боцуш дисчи, хи чу иккхина цхьогал. Цигга дуьхьал хьаьлхина таллархойн ж1аьлеш. Цхьогал хи чуьра хьала а даьлла, дега ца луш, ц1арах чекх иккхина. Ц1арах чекх а иккхина, ткъех метар дехьа даьлчи таллархошкахьа юха а хьаьжна, дега а делла, дедда д1адахна цхьогал.
<...>ж1аьлеш т1аьхьадевлла ша эккхийчи шен лар яйа
<...> а. Лай т1ехула лар юьтуш ца доду иза. Шен лорах
<...> ваккха пхьагалан лорах доду иза, я шен шир-
<...>йлехь цхьана метта хьийзаш гобоха, басеш-
<...> кахь шалха, кхолха лар йо цо. Эккхийна
<...>у т1ехь, гондахьара меттигаш гунйолчу мет-
<...>хьогал.
<...>а х1ума хаа лууш хуьлу иза. Стаг хьуьнах чу
<...>ххье тебаш д1адоьду цхьогал, цо х1ун леладо
<...> ахь 1уьллуш аьчкан г1утакх, я кхин тайпа х1ума гичи, цунна го а тесна х1ун ю ца хьожуш д1а ца доьду иза.
  • Адамашна герга г1орта а даьхьа цхьогал. Шен ка яьллачхула нехан буьн чуьра котам а хьо цо. 1аьнан заманчохь, мацделчи, эвла йисте д1акхиссинчу кхеллешна юккъехула хьийза иза шена яа х1ума лоьхуш. Цхьогало дехкий а, лаьхьарчий а, моьлкъарчий а, ц1азарчий а, олхазарийн к1орнеш а, церан тойнеш а, лаьттахь тойна даккха хиъна олхазарш а доу. Наггахь цуьнан аьтту хуьлу къорза-къиг, кхин долу олхазар лаца а. Къорза къийгаш цкъа лаьтта ховшуш, т1аккха диттан гаьн т1е ховшуш кхерстачу хенахь текхаш, тебаш царна гун долу герга а доьдий, делла муттуьйтуш, когаш д1а а хоьций, охьадуьжу цхьогал. Къийгаш цунна го туьйсуш герга г1урту. Б1аьргаш мала коьртехьа йолу къиг. Циггахькаде катуху цхьогало. Х1урдан йистошкахула тулг1еша юьстахтесна ч1еран к1орнеш а йоу цхьогало, хьаьъначу хи чуьра ч1ара а лоцу. Цо юуш мел йолу х1ума билгалъяьккхичи, цо ца юуш х1ума ян а юй техьа олий хета. Хасстоьмаш, стоьмаш боу цо.
  • Цхьогалан дахка ловзош сакъерало. Дехкан 1уьрга т1е лерг а дуьллий, ладуг1у цо. Т1аккха и меттиг охку. Дахка гучубаьлчи, когаца ирах а кхуьссуш ловзабо, хьалакхоьссанчуьра охьабогг1ушехь д1акхоллу. И ловзар сахьташкахь дахло цуьнан. Цхьогал цхьана меттехь мотт лоций деха. Яйчу йортахь го туьсу цо ижонна. Лаьттах чу охкий, кечбо цхьогало шен бен. К1орнешна к1еда мотт буьллу. Цу чуьра къайлах хьаладала генна дйа шиъ-кхоъ 1уьрг доккху цхьогало. Бена чохь к1ур бина и бен ларо таллархо х1оьттичи, къайлах даьккхинчу 1уьргехула арадолий, д1адоьду цхьогал.
  • К1орнеш дуккху а хуьлу цхьогалан, иттанге кхаччалц. Х1ума дукха йоу цара, сиха кхиа а кхуьу. Церан нанна хала хуьлу уьш кхаба. Царна напг1а латто г1ерташ, садо1у хан хила а ца хуьлу нанна. Цхьа йоккхо ижо кеа еъчи иза к1орнешна хьалха а юьллий, маьлхе а долий охьадуьжу цхьогал. К1орнеш кхаба г1ерташ ницкъ хуьлий азло иза.
  • Цхьана тамашийначу озаца йоьху цхьогало шен к1орнеш шена т1е. Доьхьала жоп луш изза до к1орнеша а. К1орнеш, ловзачу хенахь нанас ларйо. Жимма а кхерам болуш шеко кхоллаелчи нанас хаам а бой, 1уьрга чу ловчкъа уьш.
Нагахь санна лартоллачу ж1аьлина шен к1орн <...>
и т1ехьаьдчи оцу ж1аьлина 1инткъаш а йой, иза<...>
ца кхачийта, ж1аьла шена т1аьхьа доккху цхьогало<...>
Хаза ду цхьогалк1орнийн ловзар. Нанас ша<...>
х1ума цхьа хаза б1аьргаш а керчош, "г1иг1" <...>
кхайо цара. Вовшашца ловзар цицига-к1орн <...>
Вовшех тийсало. Вовшийн ц1ога, я лерг<...>
цхьаъ керча, вуьш цунна т1е тасало.
К1орнеш к1еззиг онда евлачи, барзо санн <...>
хьалха деъна олхазар а, жима экха а вовшахд<...>
а 1амайо нанас. Аьхке чекхйолуш, я гуьйре йолал <...>
г1а лаха 1ема цхьогалан к1орнеш.
  • Цхьогалан дадар чехка ду. Цундела ижонна т1аьхьа кхуьу иза. Дуккха некъ бало цуьнга. Хи чохь нека дан а хаьа цунна. Дитта т1е а далало иза. Б1аьрса дика дац цхьогалан. Амма х1уманах хьожа кхетар а, х1ума хазар а дика ду. Цъьогалан уггаре а луьра мостаг1 борз ю. Берзалой йолчохь цхьогалийн 1ойла дац.

Цхьогалан ц1окарчий мехала лору. Къаьсттина сира чо болу 1аьржа ц1окарчий. И тайпа бос болу цхьогалаш кхобуш а, кхиош а меттигаш ю вайн махкахь.

Цхьогал шозза пайдехь лерина ду, цо ялтийна зуламе йолу садолу х1уманаш юуш, х1аллакьеш хиларна а, ц1окарчий яларна а. Бакъду, бецан меаш, акха котамаш кхиочу меттехь ларо дезаш доккха къу ду цхьогал. Атта кара 1емаш ду и экха.



Хьажа. кхин

Хьажоригаш