Масар — Версийн башхалла

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
[талланза верси][талланза верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
ж тlетехна кадегар «akharoy» гlоьнца HotCat
МогӀа 16: МогӀа 16:


[[Category:Акхарой]]
[[Category:Акхарой]]
[[Кадегар:akharoy]]


[[als:Gemse]]
[[als:Gemse]]

Верси 2010, 23 июнь, 09:39

Масар.

Масар (лат. Rupicapra rupicapra) animalia ю. нох. Масар (оьрсаша оьрс. Серна олу. Цуьнан дег1ан дохалла 125-135 см ю. Мунда йолочуьра локхалла 70-80 см. Йозалла 25-50 кг. Настарш лекха ю цуьнан. Г1орта еха ю, корта жима бу. Ц1ога доца ду. Лергаш деха ду. Ма1аш 1аьржа а нисса ирахъяхна, йоьхьигаш ц1еххьана т1иэхьа йирзина а ю. Стечу масаран ма1аш кегийро ю. Масаран бос таь1но хьаьрса бу. К1есаран к1ог т1ера букъ т1оьхула 1аьржа сиз доьду. Шина а аг1ор белаш т1ера чук1ела кхаччалц 1аьржа томмаг1а ду цуьнан. Чук1ело мекханан басахь можа ю. Корта а, лаг а можа ду. Хьаьжаюккъера к1ай а хеталуш. Лерга юххера дуьйна бета йисте кхаччалц 1аьржа шиъ сиз ду цуьнан дехьий, сехьий.

  • 1ай масаран бос хийцало. К1есаран к1аг а, т1оьхулара г1орта а, чук1елара а, т1иэхьа п1ендаршкара а хьаьрса, пханаршкара 1аьржа хуьлу иза, 1аьнан заманчохь. Чо морса а, беха а, буькъа а бу цуьнан. 1ай кхин а бах а ло, букъ а ло цуьнан чо.
  • Юккъерчу а, Къилбехьарчу а Европан лаьмнашкахь хуьлу масарш, масала Пиринера Балкане а, Карпате а, Жимахчу Азе а, Кавказе а кхаччалц. Кавказийн ламанийн лакхарчу даккъашкахь бен хуьлуш яц уьш.
  • Акха гезарий санна, ламанан даккъашкахь, мокхазан, т1улган бердашкахь, ламанан басошца цанашлахь ежа уьш. 1ай диттийн ч1енигаш, синтарш бецан г1овданаш йоу цара. Аьхка 1уьйранний, сарахь ежа уьш. Реманаш йой лела уьш. 1ай ламанийн даккъаш т1ера хьуьн чу охьайог1у уьш. Апрель-май баттахь ехка. Боьхьиг цхьацца йо цара, наггахь шишша а йо.
  • Уьш к1езиг ю вайн махкахь. Цундела уьш яйар дихкина ду.

Хьажа. кхин

Хьажоригаш