ЦӀе — Версийн башхалла

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
МогӀа 35: МогӀа 35:


=== [[Долара цӀе]] ===
=== [[Долара цӀе]] ===
Долара цӀе — дош я дешнийн цхьаьнакхетар билгаладоккху термин, лерина ю хӀума я хилам цхьаьна тайпана хӀуманех я хиламех къастош билгалдаккха. Ерриг долара цӀераш доккхачу элпаца яздо ([[Соьлжа-ГӀала]], [[Африка]]).<ref name="Имя"/> Долара цӀераш Ӏамо [[Ӏилма]]нах [[ономастика]] олу.


== Билгалдахарш ==
== Билгалдахарш ==

Верси 2019, 20 август, 20:01

ЦӀеадам (ишттачу меттигехь иза хир ю долара цӀе), сурсат (йохк-эцаран марка я бренд), ойла я концепци билгала йоху меттан дакъа, лелайо уьш вовшех къастаярхьама.

ЦӀераш идентификаци ян тарло хӀуманийн классийн я категорийн, я билгалчу цхьаъ бен йоцучу хӀуманан, я цхьаьна билгалъяьккхинчу контекстехь. ЦӀераш лелайо иштта гӀуллакхийн областашкахь, масала, программировани (хийцаме цӀераш, цӀерийн аренаш) санна.

Цхьаьна билгалчу объектан цӀерах олу долара цӀе, ткъа объектийн классан цӀе юьйцург — юкъара цӀе. ЦӀера меттана йоккхучух псевдоним олу.

Адаман долара цӀе

Винчу хенахь луш йолу цӀе дукха хьолахь цхьаъ хуьлу, амма ширачу заманахь луш хилла масех цӀе а (2 а, сов а). Долара цӀераш хилла даиман а, массо цивилизацехь а. ХӀора къоман уьш йоьзна ю оьздангаллех а, бахамах а. Муьлхха а цхьа цӀе къоман юкъаяла хила деза цхьа билгала оьздангаллин-историн хьолаш.

Адаман цӀе елла муьлхха а дош, гуонахьарчара тӀеэца доладо цуьнан долара цӀе санна, цундела, муьлхха а дешах цӀе хила тарло.

Цигара схьа, долара цӀе — цхьа стаг билгалавоккхуш, цуьнга дистхила таро хилийтархьама, цунах лаьцна кхечуьнца хабар дийцархьама, цунна шена делла дош.

Долара цӀеран маьӀна адаман дахарехь доккха ду. ХӀора стаг билгала ца ваккхала цӀарца бен, цундела цуьнан дика а, гӀуо гӀуллакхаш гӀара ца довлу цуьнан цӀарца бен.

Долара цӀераш лелийна ца Ӏа бахамехь, юкъара къамелашкахь, амма лелайо тептаршкахь, тайп-тайпанчу официалан хьолашкахь, юридически практикехь, цигахь жима дӀаяздеш гӀалат даккхахь иштта я вуьштта тӀаьхье дика ца хуьлу. Уьш хила тарло модаца йогӀуш я юкъаралло тӀе ца оьцуш.

Официалан оьрсийн цӀе кхалгӀа хуьлу: иза хӀоттало цӀерах, ден цӀерах, фамилех, Россехь беха нохчаша а лелайо иштта цӀераш. Лело тарло яцйина кеп, ишттачу меттигехь шина инициалан а, инициалашна а, фамилина юкъахь меттиг юьту. Масала, С.-М. Х. Кадиев, Т. С. Умаева. ЦӀе а, ден цӀе а йоккхуш вистхиларо гойту оьрсашна юкъах гӀиллакх лацар вистхуьлучуьнца, цуьнан лерам бар. Нохчашна юкъахь цхьа Ӏедалан официалан меттигашкахь бен ца лелайо.

Яцйина (гипокористийн) цӀе — цӀеран официалан йоцу кеп, йо доларчу цӀарах тӀе цхьацца суффиксаш тухуш (Мария — Маша — Машка — Маня — Муся, Елена — Лена — Алёна — Алёся — Лёся, Александр — Саня — Саша — Сашура — Шура; Николай — Коля — Колюсик — Ника, Ӏабдул-Маджид – Ӏабдул я Маджид). ТӀаьхьарчу заманахь иштта цӀераш кхуллу куньяш санна фамилех (Кислов — Кислый, Панов — Пан, Серов – Серый).

ЦӀе (логикехь) — шуьйрачу маьӀнехь кхетош долу цхьа хӀума билгалйоккху мотт гайтар, — материалан объект йоцуш, вайга цӀе тиллалург ерриг а. Логикан систематикехь дукха хьолахь гойту «сенематикан кхо са»: 1) цӀе; 2) цуьнца билгалйоккху хӀума (денотат, я десигнат).

ЦӀераш лелор

ЦӀераш — хааран а, уьйран а оьшу гӀирс. ХӀуманаш а, церан цхьаьнакхетар а билгалдоккхуш, цӀераш мотт боьхку ма-дарра долчу дуьненца.[1]

ЦӀе тиллар — хӀотторан я дош, фраза ассоциации яр оцун я кхечун объектан я субъектан. Иза хила тарло маьрша а, паргӀата а, я цӀе лелоран областера луьра низам тоьхна.

Юкъарчу меттигашкахь цӀе — иза ша лаьтта хӀума, тера хӀуманаш цхьаьнатохар, хьолаш, юкъаметтигаш билгалъяхаран мотт гайтар ду.[1] масала, «Ленин» дашо билгала доккху цхьа адам — дуьненан пролетариатан цхьа тхьамда; «композитор» дашо билгалйоккху адамийн класс, хӀора а къахьоьгуш волу музыка кхолларехь; «цӀиен» дашо билгаладоккху бесан хьал; «уллера» дашо билгалайоккху хӀуманашна юкъара юкъаметтиг. Иштта метто гойту цӀе хуьлу, нагахь и цхьалхе предложенехь подлежащин я аламан цӀеран декъехь лелаяхь.

Долара а, юкъара а цӀерийн доза цхьаьнаэшшара дац, лелаш ду: юкъара цӀерех атта хуьлу долара цӀераш, куньяш, я цӀерех а, куньях хуьлу. Масала, долара Казанова цӀерах хилла юкъара цӀе.

Долара цӀе

Долара цӀе — дош я дешнийн цхьаьнакхетар билгаладоккху термин, лерина ю хӀума я хилам цхьаьна тайпана хӀуманех я хиламех къастош билгалдаккха. Ерриг долара цӀераш доккхачу элпаца яздо (Соьлжа-ГӀала, Африка).[1] Долара цӀераш Ӏамо Ӏилманах ономастика олу.

Билгалдахарш

  1. 1 2 3 Ивин А. А. Глава 3. ИМЕНА // Логика. Учебник для гуманитарных факультетов. — М.: Фаир-пресс, 2002. — ISBN 5-8183-0045-5.