Сагаипова, Макка Умаровна — Версийн башхалла

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
→‎top: clean up, replaced: Кхелхина де → Кхелхина терахь, йина де → Йина терахь, йича тиллина цӀе → Бакъ цӀе using AWB
ж →‎top: clean up, replaced: Викигулам → Викиларма using AWB
МогӀа 21: МогӀа 21:
|Сайт = [http://filarma.ru/makka-sagaipova/#more-705 Макка Сагаипова // А. Шахбулатовн цӀарах йолу Нохчийн пачхьалкхан филармони]
|Сайт = [http://filarma.ru/makka-sagaipova/#more-705 Макка Сагаипова // А. Шахбулатовн цӀарах йолу Нохчийн пачхьалкхан филармони]
|Куьг таӀор =
|Куьг таӀор =
|Викигулам =
|Викиларма =
}}
}}



Верси 2018, 21 февраль, 15:51

Макка Умаровна Сагаипова
ГӀуллакхан тайпа эшархо
Йина терахь 1987 шеран 14 февраль({{padleft:1987|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:14|2|0}}) (37 шо)
Йина меттиг
Корматалла хелхархо, эшархо
Гражданалла  ССРС Росси
Да Ӏумар
Сайт Макка Сагаипова // А. Шахбулатовн цӀарах йолу Нохчийн пачхьалкхан филармони

Макка Умаровна Сагаипова (1987 шеран 14 февраль, Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР) — нохчийн эшархо, Нохчийн Республикан Халкъан артист, Умар Сагаипован йоI.

Из ю 6 шо кхаччултӀехь дуьйна эшарш лекхуш. Цо язйина 2 альбом. Макка Сагаипова яра МГУ экономикан факультетахь доьшуш.

Иза гӀаръялла кегирхойна язйина эшараш бахьнехь. Оцу эшарашкахь ю цхьана ийна кавказан мукъамаш а, таханлера аранжировкаш а, карла деккхина йовзуш йолу шира дешнаш а. Цо арахецна ши альбом, сольни концерташ а йина Россехь а, кхоьчу пачхьалкхашахь а. Цо локху нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь. Иштта и евзуш ю «Ловзар» ансамблехь хелхара яларна.

Биографи

Макка Сагаипова ю гӀарваьлла нохчийн пондарча Умар Сагаипован йоӀ. 6 шо кхаьчча дуьйна эстрадехь эшараш лекха йолаелира. 8 шо кхаьчча иза «Ловзар» ансамблехь хелхаяла Ӏама йолаелира. 15 шо кхаьчча иза нахана евзира цо локхучу «Хаза кӀант» цӀе йолу эшар лекча[1]. И эшар юккъерачу телевидинехь гайтича нахана чӀогӀа хазахьийтира[1].

Цо дийшира Москван эстрадан а, джазан доьшийлахь а, Москван пачхьалкхан социальни университетехь а. 2003 шарахь цо язйира альбом «Со хьан йоӀ ю, Нохчийчоь», Пачхьалкхан Кремлин гӀалин сценехь лоьвзира[2]. Хьалхара альбом чӀогӀа гӀараелира ДегӀастехь. Оцу альбоман тӀера эшараш радиохь а, телевиденехь а лоькхуш яра.

2003 шарахь Макка Сагаипова яра Шамо цӀе йолу суьлийн эшархоца цхьана эшар локхуш. Кхоно иза яра Махачкалахь концерташ луш. Цуьнан концерташка дукха нах богӀура[2]. Иштта иза яра кхоьчу пачхьалкхашахь концерташ луш (масала, Бельгехь). 2005 шарахь цо арахийцира 2-гӀа диск «Безам». Цхьана хенахь иза яра Парижехь Ӏаш. 2011 шарахь иза цӀа йирзира.

Дискографи

Со хьа йоI ю — Нохчийчоь (2004)
«Безам» (2005)

Билгалдахарш

  1. 1 2 Объединённая газета — № 15 (71) июнь 2005
  2. 1 2 Объединённая газета" — № 21 (53) ноябрь 2004.

Хьажоргаш