Айдамиров, Абузар Абдулхакимович — Версийн башхалла

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
[талланза верси][талланза верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 32: МогӀа 32:
Абузар кхелхина [[2005 шо|2005 шаран]] [[27 май]]хь.
Абузар кхелхина [[2005 шо|2005 шаран]] [[27 май]]хь.


[[Категори:Нохчийн яздархой]]
[[Категори:Нохчийн Халкъан яздархой]]

Верси 2014, 7 февраль, 20:17

Кеп:Стаг

Айдамиров, Абузар Абдулхакимович вина 1933 шарахь Нажин-Юьртан кӀоштерчу Мескитахь, ахархочун доьзалехь. Юьхьанцара школа шайн юьртахь чекхъяьккхина цо. Жимчохь дӀаболабелла Айдамировн къинхьегаме некъ. 1957 шарахь Мескитарчу школе нохчийн меттан, литературан, историн хьехархочун балха вахийтира иза. Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан хьехархойн институтан историко-филологически факультет чекхъяьккхира цо 1963 шарахь шарахь.

Дуьххьарлера цо язъина байт «Лермонтовн безамна» зорбане елира 1956 шарахь «Винчу лаьмнашкахь» цӀе йолу жайнийн тӀехь зорба тоьхна ю байташ: «Даймохк», «Винчу лаьмнашкахь», «Бералла», «Ясин тогӀехь», «Ненан мотт», «ХӀай, буьйса», «Бехк ма билла», дуккха а кхиерш а. Цо язъина цхьайолу стихаш халкъан эшаршка йирзина, масала: «Винчу лаьмнашкахь», «Ӏаьржа буьйса», «Езачу йоӀе», «Воккхачу стеган илли», «Хьайна лаахь», «Даймохк» иштта кхин а.

Яздархочун «Лаьмнашкахь серло», «Тхан эвлахь», «Лаьмнийн некъашкахула» цӀераш йолу книгаш тӀера дукхахйолу произведенеш а ю юьртан таханлера дахар гойтуш.

Абузар кхелхина 2005 шаран 27 майхь.