Арсанукаев, Шайхи Ӏабдулмуслиман воӀ — Версийн башхалла

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
[талланза верси][талланза верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 57: МогӀа 57:
[[Категори:Нохчийн пачхьалкхан университет чекхъяккхинарш]]
[[Категори:Нохчийн пачхьалкхан университет чекхъяккхинарш]]
[[Категори:Нохчийн пачхьалкхан университетан хьехархой]]
[[Категори:Нохчийн пачхьалкхан университетан хьехархой]]
[[Категори:Банирш апрелехь]]
[[Категори:Белларш мартехь]]

Верси 2013, 26 декабрь, 16:10

Кеп:Стаг

Арсанука́ев, Шайхи́ Абдулмусли́мович (1930 шаран 15 апрель, Дишни-Ведана, Веданан кӀошт, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР — 2012 шаран 14 март) — нохчийн яздархо а, поэт а, Нохчийчоьн яздархойн союзан декъашхо, Российн яздархойн союзан декъашхо, Нохчийн Республикан Халкъан яздархо.

Шайхи вина 1930 шаран 15 апрелехь Веданан кӀоштан Дишни-Веданахь. Цо школа чекхъяккхира Казахстанан Семипалатински областин Новопокровски кӀоштан Батнай юртехь. 1955 шарахь чекхъяккхира финансан техникум.

Иза байташ язъя волавелира школера дуьна. Хьлахара цуьнан произведениш зорбан тӀе туьхуьра 1957 шарахь «Ленинан некъ» газетехь а, «Орга» а, «Дружба» а альманахашкахь а.

Арсанукаевс чекхъяккхира Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университетан филологин факультет. Дешна ваьлча иза дӀахӀоттира «Колхозан дахар» цӀе йолу Веданан кӀоштан газетан редакторан когаметтинаг. Цул тӀехьа цо болхбира Нохч-ГӀалгӀайн книган издательстван коьрта редактор, «Орга» журналан литературан а, исбаьхьаллин а альманахан коьрта редактор.

CCCРн яздархойн союзан декъашхо хилира иза. 1986 шарахь Нохч-ГӀалгӀайн яздархойн союзан куьйгалхо хӀоттира иза. Оцу даржехь цо болх бира 1997 шо кхаччалц. Шен дахаран тӀеххьара шерашкахь цо болх бира Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн литературан а, фольклоран а кафедран коьрта хьехархо.

Цо арахийцира поэзин гуламаш «Утро в горах», «Родник любви», «Выбор судьбы», «Новый день», кхиераш а.

Балхан кхиамашна а, дукха шерашкахь бина балхан а 2009 шарахь Шайхи Арсанукаевн елира ДоттагӀалин орден[1].

Нохчийн исбаьхьалла литературан кхиаманчу доккха дилларан Шайхи Арсанукаевн елира «Нохчийн Республикан Халкъан яздархо» цӀе.

Хьажорагаш

Билгалдаккхарш

Кеп:Билгалдаккхар

  1. Указ Президента РФ от 4 июня 2009 г. N 628 «О награждении государственными наградами Российской Федерации»