Бадалов, Руслан Нурдиевич — Версийн башхалла

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
[талланза верси][талланза верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 22: МогӀа 22:
|белхан агӀо =
|белхан агӀо =
|тренер =
|тренер =
|тренераш =
|тренераш = [[Багаев, Дэги Имранович]]
|локхалла =
|локхалла =
|йозалла =
|йозалла =

Верси 2013, 29 октябрь, 06:13

Руслан Нурдиевич Бадалов
Шех лаьцна
Стен-боьршалла боьрша стаг[d]
Пачхьалкх
Говзалла спортехь латар[d], вольная борьба[d]
Клуб Спартак[d]
Вина терахь 1955 шеран 23 сентябрь({{padleft:1955|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:23|2|0}}) (68 шо)
Вина меттиг
Тренер
Йозалла 74 килограмм

Бада́лов, Русла́н Нурди́евич (1955 шаран 23 сентябрь, Берлиновка, Красноармейски кӀошт, Кокчетаван область, Казахстан) — нохчийн паргӀата кепар латархо, масийттуза СССР Кубок яккхинарг, СССРн чемпион (1982 шо), Канадин Кубок яккхинарг (1982 шо), дуьненан чемпионатан совгӀатхо (1975 шо), СССР спортан халкъашан юкъара классан говзанча.

Руслан Бадалов вина 1955 шаран 23 сентябрехь Казахстанан Красноармейски кӀоштан Берлиновка юртехь. Цо чекхъяккхира Нохчийн пачхьалкхан университетан физкультуран факультет а, Ростован халкъан бахаман институт а.

Спорт

Руслан Бадалов 15 шо кхаьчча волавелира лата Ӏама. Цуьнан тренер вара Дэги Багаев. Иза леташ вара 74 кг кхаччалц беза болу латархойн юкъахь. 1973 Киевехь СССРн Кубок яккхира. Цул тӀаьхьа цо кхиамца дакъа лецира дукха ерригсоюзан а, халкъашна юкъара а турнирашкахь.

Болх а, юкъараллин гӀуллакх а

Спорт йитинчул тӀехь Руслан Бадаловс тренер болх бира, ЧИАССР профсоюзийн ВДФСО когаметтаниг а, председатель а, республикан спорткомитетан председатель а.

1999 шарахь тӀом болабелча иза шен доьзалца ГӀалгӀайн Республике дӀавахара. Цо кхоьллира Нохчийн халкъан кӀелхьардаккхаран комитет а, цуьна куьйгалхо а хӀоттира.

Доьзалла

Руслан Бадалован кхоъ жима ваша лата Ӏемира. Цера а оцу гӀулкхехь дика кхиамаш бара.

Русланан ши кӀант а, йоӀ а ю.

Хьажорагаш