Сайтиев, Бувайсар Хамидович — Версийн башхалла

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
[талланза верси][талланза верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 1: МогӀа 1:
{{Адам
{{Адам
|цӀе = Сайтиев Бувайсар Хамидович
|цӀе =
[[Файл:Wrestling pictogram.svg|25 px]]<br/>
Сайтиев Бувайсар Хамидович
|шен цӀе =
|шен цӀе =
|вича тиллина цӀе =
|вича тиллина цӀе =

Верси 2013, 4 август, 21:59

Бувайсар Хамидович Сайтиев
Сурт
ГӀуллакхан тайпа борец, политик, депутат Государственной думы Российской Федерации
Вина терахь 1975 шеран 11 март({{padleft:1975|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:11|2|0}}) (49 шо)
Вина меттиг
Викилармин логотип Бувайсар Хамидович Сайтиев Викилармехь

Бувайсар Хамидович Сайтиев (вина Хасу-Эвлахь 1975 шаран 11 мартехь) — нохчийн паргӀата кепар латархо, 5-за Россиин чемпион, 6-за Европан чемпион, 6-за дуьненан чемпион, 3-за Олимпиадан чемпион, 7-за Красноярскехь хуьлучу Иван Ярыгин цӀарах йолу турниран чемпион, Россиин Сийлахь спортан мастер (1995 шо).

Биографи

Вина Хасу-Эвлахь 1975 шаран 11 мартехь. Лата Ӏама волавелла 6 шо кхаьчча (1982 шо). Цуьна тренерш бара Гашимов С. Р., Ирбаехан В. И. Цунна 13 кхаьчча цуьна да машенахь велира. Цуьна нена дизи шашх виъ кӀант, кхо йоӀ хьалкхиая. 1989 шарахь СССР спортан мастер хилира и. 1990 шарахь иза деша вахара Новокузнецкехь ойлу спортивны интернате. 1991 шарахь цо беккхира толам СССРн таьххьара кегирхой чемпионатехь.

Хасу-Эвлахь школа чекхйекхича Красноярске вагӀара иза. Цигахь цуьна тренераш бара Миндиашвили Д. Г., Бахтуридзе Г. Л., Хачикян С. Г. 6-за дуьненан чемпион хилира иза (1995 шо, 1997 шо, 1998 шо, 2001 шо, 2003 шо, 2004 шо). Европан чемпионаташкахь толам беккхина цо 1996—2001 шарашкахь а, 2006 шарахь а.

1996 шарахь Бувайсар Атлантехь хиллачу Олимпиади чемпион велира. Иза хьалхара нохчий ву Олимпиади чемпион хилларг, массарел а къона охьатогӀу латарх чемпион хилларг а ву. 1995 шарахь дуьна 2000 шо кхаччалц цӀкъаа эшна вац иза.

2000 шарахь лазавар бахьнех Сиднейхь хиллачу Олимпиадехь ийшира Бувайсар. 2004 шарахь Афинашках хилчу Олимпиадехь чемпион хилира иза. 2008 шарахь Пекинехь хилчу Олимпиадехь кхозлагӀа олимпийски медаль яьккхира цо.

5-за ФИЛА дуьненахь массарелла дика латархо ву аьлла билгал ваьккина иза (1996 шо, 1997, 1998 шо, 2003, 2005 шо). Цо чеккха йеккхина Махачкалахь Пачхьалкхан бизнесан, бакъонан университет. ПаргӀатачу кепар охьатохарехь латарехь Российн гуллайина тобанан куьйгалхо ву иза. Россиин Президентан физкультуран а, спортан йолу Кхеташонан дакъашхо ву иза.

Олимпийски чемпион волуш волу Сайтиев Адам цуьна жима ваша ву.

Цуьна кхо кӀант, цхьа йоӀ ю. Россиин эскаран подполковник ву иза. Иза 183 см лекха ву.

2009 шарахь 26 мая цо элира, ша спорт йита дагахь ву аьлла.

Хьажорагаш