Окуев, Шима Хамидович — Версийн башхалла

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
[талланза верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
→‎top: clean up, replaced: шаран → шеран (2) using AWB
clean up, replaced: шаран → шеран (2) using AWB
МогӀа 27: МогӀа 27:


== Вахар ==
== Вахар ==
Шима вина [[1937 шо|1937 шаран]] [[6 ноябрь|6 ноябрехь]].
Шима вина [[1937 шо|1937 шеран]] [[6 ноябрь|6 ноябрехь]].


Цуьнан да Хьамид Нохч-ГӀалгӀайн обкоман белхало вара. Цо чӀогӀа дакъа лоцура цу хенахь эдало бешболу хийцамашкахь. 1937 шарахь иза «халкъан мостагӀ» ву аьлла чувоьллира. Хьамид [[1952 шо|1952 шарахь]] Алма-Атахь шен доьзулах дӀакхеттачултӀехь кхелхира.
Цуьнан да Хьамид Нохч-ГӀалгӀайн обкоман белхало вара. Цо чӀогӀа дакъа лоцура цу хенахь эдало бешболу хийцамашкахь. 1937 шарахь иза «халкъан мостагӀ» ву аьлла чувоьллира. Хьамид [[1952 шо|1952 шарахь]] Алма-Атахь шен доьзулах дӀакхеттачултӀехь кхелхира.
МогӀа 58: МогӀа 58:
|-
|-
!№
!№
!Эшаран цӀе
!Эшеран цӀе
!Исполнитель
!Исполнитель
!Композитор
!Композитор

Верси 2016, 15 март, 10:29

Окуев Шима Хамидович
ГӀуллакхан тайпа Поэт
Вина терахь 1937 шеран 6 ноябрь({{padleft:1937|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:6|2|0}})
Вина меттиг [[]]
Кхелхина терахь 1986 шеран 16 декабрь({{padleft:1986|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:16|2|0}}) (49 шо)
Кхелхина меттиг [[]]
Корматалла яздархо, поэт
Гражданалла ССРС СССР
Да Хьамид (велла 1952 шарахь Алма-Атахь)

Шима Окуев (1937 шеран 6 ноябрь1986 шеран 16 декабрь) — нохчийн яздархо, Нохч-ГӀалгӀай АССРн а, СССРн а яздархойн тобаний декъашхо.

Вахар

Шима вина 1937 шеран 6 ноябрехь.

Цуьнан да Хьамид Нохч-ГӀалгӀайн обкоман белхало вара. Цо чӀогӀа дакъа лоцура цу хенахь эдало бешболу хийцамашкахь. 1937 шарахь иза «халкъан мостагӀ» ву аьлла чувоьллира. Хьамид 1952 шарахь Алма-Атахь шен доьзулах дӀакхеттачултӀехь кхелхира.

Нохчий цӀера бохучу хенахь Шима ворхӀ шо долуш вара. 1954 шарахь ворхӀ класс чекхъеккхинчул техь иза шахте вахара. Цигахь цо цӀа верзалца болх бира. 1957 шарахь иза цӀавирзира. Цу хенахь иза язъя волавелира. Нохч-ГӀалгӀайн паччалкхан педагогически институтан филологически факультет чекхъеккхира цо. Арми дӀавиггалца цо «Ленинхо» аьлла районны газетахь болх бира.

Армера цӀа веанчул техь цо чекхъеккхира Лакхара партийн школехь йолу советски белхалой кечбеш йолу курсаш. Цул техь цо болх бира райкомехь, школашкахь, редакцишкахь.

1973 шарахь чӀогӀа цомгаш хилла, болх бита дизира цуьна. Таккха иза литературан балх тӀевирзира иза. И болх ша 1986 шарахь валлалц дӀакхихьира цо.

Библиографи

  • «Сан Шуьйта» — 1962 шо;
  • «Честь, опозоренная местью» — 1964 шо;
  • байтан сборник «Сан безам» («Моя любовь») — 1968;
  • «Чорин дийцарш» — 1969 шо (оьрсийн маттан яккхина арахаьцна 1971 шарахь);
  • байтан сборник «Лаьмнийн аз» — 1972 шо;
  • роман-дилоги «Лай тӀехь цӀен зезагаш» — 1978 шо;
  • «Лаьттан дай» — 1981 шо.
  • роман-трилоги:

ТӀаьххьара ши роман автор веллачул техь араялла.

Дискографи

2013 шарахь араялла Шима Окуев дешнашна яккхина эшараш тӀехь йолуш «Сан некъ» цӀе йолу компакт-диск:

Эшеран цӀе Исполнитель Композитор
1
Ма дукха йийзи хьо
Ильяс Абдукаримов
С.-Э. Яскаев
2
Хан уьду
Зара Эльмурзаева
И. Мусхабов
3
Лаьмнашкахь суьйре
Тамара Адамова
Т. Адамова
4
Сан некъ
Ахмед Гадаев
А. Гадаев
5
Грозный
Шима Окуев
6
Нохчийн кӀентий
Зелимхан Дудаев
С. Цугаев
7
Сан деган эла
Зелимхан Дудаев
З. Дудаев
8
Хьоьга хьайга
Имран Усманов
Имран Усманов
9
Сатийсар
Макка Сагаипова
С. Цугаев
10
Шуьйта
Раиса Кагерманова
Ш. Окуев
11
Сан хьоме Нохчийчоь
Ризван Исмаилов
Ризван Исмаилов
12
Шела
Сахаб Межидов
А. Ганаев
13
Сан дай
Шарпуддин Исмаилов
Р. Исмаилов

Литература

Ахмадов Муса. Так течет и Аргун… Журнал «Вайнах», № 11, 2007, с. 12-15.

Хьажоргаш