Кузнецова, Мария Павловна

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Кузнецова Мария Павловна
Сурт
Студийн сурт 1950-гӀа шерашкара
Йина терахь 1924 шеран 22 июнь({{padleft:1924|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:22|2|0}})
Йина меттиг Судиславль,
Костроман губерни,
РСФСР, ССРС
Кхелхина терахь 2003 шеран 6 апрель({{padleft:2003|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:6|2|0}}) (78 шо)
Гражданалла:  ССРС,  Росси
СовгӀаташ:
«1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь сийлахь къахьегаран» мидал
«1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь сийлахь къахьегаран» мидал
«Къинхьегаман ветеран» мидал  — 1980
Премеш: РСФСР Пачхьалкхан И. Е. Репинан цӀарах совгӀат — 1975 шеран
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Кузнецова (Абрамова) Мария Павловна (1924—2003) — текстилан суьртан исбаьхьалча, РСФСР Исбаьхьалчин бертан Ивановн кхолламан декъашхо 1948 шарахь дуьйна, РСФСР Пачхьалкхан И. Е. Репинан цӀарах совгӀатан лауреат (1975).

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Мария Павловна йина 1924 шеран 22 июлехь жимачу гӀалахь Судиславлехь (хӀинца Костроман область) совдегархочун Абрамовн тӀаьхьенах волчун доьзалехь. 1930 шарахь доьзал кхелхира Кинешма гӀала.

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болалуш Мария Павловнин 17 шо дара. Иза балха йахара фабрике, фронтан рицкъ латторхьама. ТӀом чекхбаьлча кхелхира Иваново гӀала.

1946 шарахь «1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь сийлахь къахьегаран» мидалца совгӀат дира.

1950 шарахь мааре йахара Кузнецов Михаил Филипповиче (агаран пхьар, ССКП декъашхо). Церан ши кӀант хилира.

Мария Павловна йелла 2003 шеран 6 апрелехь.

Дешар а, гӀуллакх а[нисйе бӀаьра | нисйе]

"Бакъдерг" газет тӀиера йаззаман кийсиг

Чекхйаьккхира Ивановон Химик-Технологин техникум говзаллица исбаьхьалча-прикладник, цул тӀаьхьа болх бан йолайелира Н. А. Жиделёвн цӀарах текстилан фабрикехь говзаллица текстилан суьртан исбаьхьалча.

1948 шарахь дуьйна Кузнецова Мария Павловна — РСФСР Исбаьхьалчин бертан Ивановн кхолламан декъашхо.

Шен болх бахьнехь иза махкахула кхоллараллин командировкашкахула дукха лелара, царна йукъахь ССРС хилла республикашка а (Балтикайистан а, Узбекистанан а, кхин а).

Цуьнан кӀадеш тӀиера оригиналан суьрташна дукха хьолахь лакхара мах лора исбаьхьаллин кхеташонашкахь.

СовгӀаташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьосташ[нисйе бӀаьра | нисйе]