ИйдалтӀие

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
ИйдалтӀиен гӀаланаш картин тӀехь
Ийдаллакхен пейзаж

ИйдалтӀие — шуьйрачу маьӀнехь — Ийдал хица долу латта ду. Дукха хьолахь термин лелайо готтачу маьӀнехь — экономикин цуьнца уьйр йолу Ийдалан йуккъерчу а, лахарчу а декъехь долу латта. ИйдалтӀиехь къаьста дикка айабелла болу аьтту берд а (Ийдалйистан акъари), аьрру берд а — Ийдалдехье. Ӏаламца ИйдалтӀие йукъайогӀу Ийдалан лакхара кӀошташ а.

Мацца а хьалха ИйдалйистӀие Ийдалан Булгарин, Половцин Арен, Дешин Ордан, Русин йукъахь лаьттина.

Регионаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

ССРС Европин дакъа экономикин кӀошташкадоькъуш ЙСЭ билгалйоккху[1] ИйдалтӀиен экономикин кӀошт, цунна йукъайогӀу Ульяновскан, Пензин, Куйбышевн, Саратовн, Волгоградан, Аштаркханан областаш, ГӀезалойчоь, Башкири, ГӀалмакхойн АССР; хьалхара 3 область а, ГӀезалойн АССР а Йуккъера ИйдалтӀиеан, йисина областаш а, ГӀалмакхийн АССР а — Лахарчу ИйдалтӀиен йукъахйогӀуйту. Таханлера административан-латтан декъадаларан четаца:

ИйдалтӀие этнохороним: ийдалхой[2][3].

Ийдалан бассейн кхаа декъе йоькъу (ИйдалтӀие дакъошка йекъар санна): Ийдалан Лакхе, Ийдалан Йукъ, Ийдалан Лахе.

Ӏалам[нисйе бӀаьра | нисйе]

Рельеф нийса йу, алсама йу шера аренаш а, шунаш долу аренаш а йу. Климат бараме-континентан йу. Аьхке йовха йу, июль беттан хӀаваан температуран йуккъера барам +22° — +25°С; Ӏа дикка шийла ду, январан а, февралан а хӀаваан температуран йуккъера барам −10° — −15°С. Шеран йочанийн йуккъера барам къилбаседехь 500—600 мм, къилбехь 200—300 мм. Ӏаламан зонаш: иэйелла хьун (ГӀезалойчоь), хьун-аренаш (ГӀезалойчоь (цхьаццанхьа), Самарин, Пензин, Ульяновскан, Саратовн областаш), аренаш (Саратовн (цхьаццанхьа) а, Волгоградан а областаш), ахгӀум-аренаш (ГӀалмакхийчоь, Аштаркханан область). Къилберчу лаьттан декъа тӀехь йовхачу эхашеран заманахь (апрелера октябре кхаччалц) ченан мох а, бекъа мох а хуьлу.

ИйдалтӀиен федералан гуо[нисйе бӀаьра | нисйе]

Шена йукъайогӀу Йуккъера ИйдалтӀиен регионаш, цхьа могӀа Российн Центран регионаш (Мордови, Пензин область), Уралхьалхе (Пермийн мохк, Башкортостан). Центр — Нижни Новгород. Гуон майда РФ латтанах 6,08 %. Бахархой 2008 ш. 1 январехь — 30 241 583 (21,4 % РФ); алсама гӀалийн бахархой бу. Масала, Самарин областехь >80 %, РФ (73 % гергга).

Ийдалан-Вяткан экономикин кӀошт[нисйе бӀаьра | нисйе]

Лаьтта йуккъерчу Ийдал тӀехь. Ӏоштан майда 1000 км озайелла йу къилба-малхбузера къилбаседа-малхбалехьа, масех Ӏаламан зонашкахь йу: къилбаседа дакъа тайгахь а, къилбан — хьун-аренашкахь а. КӀошт йу Российн Цетрехь, кеманаш лела Ийдалан, Окан, Вяткин бассейнашкахь, доза а ду, чӀагӀйелла экономикин уьйр йу Центран, Уралан, Къилбаседан, ИйдалтӀиера кӀошташца. Бахархойн барам — 7,5 млн ст. (2010). Бахархой луьсталлин йуккъера барам — 32 ст./км², цхьабосса охьахевшина бац. Дукхаха болу бахархой оьрсий бу, уьш боцуш кхузахь беха марийш, мокшаш, эрзяш, чувашаш, гӀезалой, удмурташ. Урбанизацин барам дикка лакхара бу — 70 %, цу тӀе 7,5 миллионах 2 млн веха Нижегородскан агломерацехь.

ИйдалтӀиен экономикин кӀошт[нисйе бӀаьра | нисйе]

Лаьтта Ийдалан лахехь. ИйдалтӀиен майда 537,4 эзар км², бахархой 17 млн стаг, бахархойн луьсталла 25 стаг/км². ГӀалийн бахархойн дакъа — 74 %. ИйдалтӀиен экономикин кӀоштан йукъайогӀу 94 гӀала, 3 гӀала-миллионер (Самара, Казань, Волгоград), 12 федерацин субъект. Къилбаседехь доза ду Ийдал-Вяткин кӀоштаца, къилбехь Каспий-хӀордаца, малхбалехь Уралан кӀоштаца а, Кхазакхстанца а, малхбузехь — Центран-Ӏаьржалаьттан кӀоштаца а, Къилбаседа Кавказца а. Экономикин сема — Ийдал хи. ИйдалтӀиен экономикин кӀоштан центр йу Самарехь.

ИйдалтӀиен гӀалийн ассоциаци[нисйе бӀаьра | нисйе]

1998 шеран 27 октябрехь Самара гӀалахь хилира ИйдалтӀиен йаккхийчех ворхӀ гӀалин (Казань, Лахара Новгород, Пенза, Самара, Саратов, Ульяновск, Чебоксара) куьйгалхойн хьалхара Йукъара гулам, цигахь ИйдалтӀиен гӀалийн ассоциаци кхолларан барт кӀела куьг йаздира. Оцу гӀуллакхо путевка йелира дахаре муниципалан кхолламийн уьйран керлачу структуран — ИйдалтӀиен гӀалийн ассоциаци (ИГӀА). 2000 шеран февралехь Ассоциацин йукъакхийтира Йошкар-Ола, 2002 шеран 1 ноябрехь цуьнан могӀанаш буьзира Аштаркхнено а, Саранско а, 2005 шарахь — турпал-гӀала Волгоград, 2009 — Киров. Тахана ИГӀА йукъахь 25 гӀала йу, царех йаккхийнарш:

  1. Аштаркхне
  2. Волгоград
  3. Йошкар-Ола
  4. Казань
  5. Киров
  6. Нижни Новгород
  7. Пенза
  8. Самара
  9. Саранск
  10. Саратов
  11. Ульяновск
  12. Чебоксара

2015 шарахь Ассоциацин йукъайагӀара: Ижевск, Пермь, Уфа, Оренбург, Тольятти, Арзамас, Балаково, Димитровград, Новокуйбышевск, Новочебоксарск, Сарапул, Стерлитамак, Сызрань. Ассоциацин гӀаланашкахь веха кхойтта миллион сов стаг.[4]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]