Грэм, Отто

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Грэм, Отто
Карьера чекхйаьккхина
Квотербек
Долара хаам
Вина терахь 1921 шеран 6 декабрь({{padleft:1921|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:6|2|0}})[1][2]
Вина меттиг Уокиган, Иллинойс, АЦШ
Кхелхина терахь 2003 шеран 17 декабрь({{padleft:2003|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:17|2|0}})[1] (82 шо)
Кхелхина меттиг Сарасота, Флорида, АЦШ
Локхалла 185 см
Возалла 89 кг
Йезархойн карьера
Ишкол Waukegan (IL)
Колледж Къилбаседа-Малхбузен
КъФЛ драфт 1944
Профессионалан карьера
Кхиамаш
  • 4 – зза ААФК чемпион хилла (1946, 1947, 1948, 1949)
  • 3 – зза КъФЛ чемпион хилла (1950, 1954, 1955)
  • 5 – зза дакъа лаьцна Про Боулехь (1950, 1951, 1952, 1953, 1954)
  • Дерриг седарчий хьалхара гулйина команда (1947, 1948, 1949, 1951, 1953, 1954, 1955)
  • Дерриг седарчий шолгӀа гулйина команда (1952)
  • КъФЛ уггаре мехала ловзархо UPI (1951, 1953, 1955)
  • ААФК уггаре мехала ловзархо (1947, 1948)
  • Про Боулан уггаре мехала ловзархо (1950)
  • КъФЛ итт шеран гулйина командин йукъатоьхна (1950-гӀа)
  • цунна цӀе тоьхна йу «Кливленд Браунсера» № 14
  • Америкин футболан сийлаллин зал йукъатоьхна (1965)
  • Студентийн футболан сийлаллин зал йукъатоьхна (1955)
Статистика
Тачдаунаш/ДӀайала лерина буьрка схьалацар 174-135
Пасан ярдаш 23 584
Пасан рейтинг 86.6
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Отто Эверетт Грэм жимахверг (инг. Otto Everett Graham, Jr, 1921 шеран 6 декабрехь — 2003 шеран 17 декабрехь) — америкин футболан профессионалан ловзархо, левзина Йерригамерикин футболан конференцин а, Къоман футболан лигин «Кливленд Браунс» командехь квотербекан позицехь. Грэм лору шен заманан уггаре дикачех цхьа ловзархо, цуо 1946-1955 шерашкахь хӀора шарахь гӀо дора шен командин чемпионатан финале йала, царех ворхӀаннехь цуо толам баьккхина. Иза «Браунс» йукъахь ловзучу заманахь, командо 114 толам баьккхина, 20 – зза эшна, 4 – зза цхьан а ца тоьлла. Йерриг рекордаш аьлча санна Грэма хӀиттийнехь а, уьш йоха ца йира хӀокху заманахь бен, цуо хӀара хан хиллалц латтош йу КъФЛ цкъа гӀортарехь йинчу ярдийн йуккъерачу барамца — исс. «Нью-Йорк Янкизан» хилла долахочо а, Грэман доттагӀчо а Стайнбреннер Джорджа цкъа элира цунах «уггаре сийлахь квотербек».

Грэм вина Иллинойсера Уокиганехь, музыкин хьехархочун доьзалехь. 1940 шарахь дӀахӀоьттира Къилбаседа-Малхбузен университете баскетболан стипендин тӀехь, амма дукха хан йалале тӀевирзира америкин футболан. Дуьненан шолгӀа тӀом чекхболуш АЦШ ТӀеман ницкъашкахь гӀуллакхехь хиллачул тӀаьхьа, Грэм 1946 шарахь левзира Къоман баскетболан ассоциацин баскетболан «Рочестер Роялз» командехь, цунна йукъахь йаьккхира чемпионийн титул. ТӀаьхьа цуо контракт йаздира футболан «Кливленд Браунс» клубаца. Ловзаран карьера чекхйаьллачул тӀехьа, 1955 шарахь, цуо тренер болх бира университетийн командашкахь. 1965 шарахь Грэм йукъавахийтира профессионалан футболан сийлаллин зал.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]