Горбатова, Любовь Николаевна

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Горбатова Любовь Николаевна
Йина терахь 1959 шеран 17 декабрь({{padleft:1959|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:17|2|0}}) (64 шо)
Йина меттиг Архангельск, РСФСР, ССРС
Пачхьалкх  ССРС Росси
Ӏилманан кхоче Стоматологи, физиологи, социологи, педагогика
Белхан меттиг Къилбаседин пачхьалкхан медицинин университетан ректор
Ӏилманан дарж Ӏилманийн доктор (2006), (2012)
Альма-матер Къилбаседин пачхьалкхан медицинин университет (1983)

Горбатова Любовь Николаевна (йина 1959 шеран 17 декабрехь, Архангельскехь) — медицинин Ӏилманийн доктор, профессор, 2012 шарахь дуьйна тахана а, Къилбаседин пачхьалкхан медицинин университетан ректор.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Йина 1959 шеран 17 декабрехь Архангельск гӀалахь. 1978 – 1983 шерашкахь дешна чекхйаьккхира Архангельскан пачхьалкхан медицинин институтан стоматологин факультет, 1983 – 1984 шераш дехира Вологдин областера Кубенскин кӀоштан № 2 йолу дарбанцӀийнахь, 1987 – 1989 шерашкахь гӀуллакх кхин дӀадаьхьира клиникин ординатурехь, 1993 – 1996 шерашках дийшира аспирантурехь, кхин а КъСПМУ берийн стоматологин кафедрера докторантурехь (1998 – 2001).

1997 шарахь диссертаци чекхдаьккхира медицинин Ӏилманийн кандидатан Ӏилманан тӀегӀа йаккхархьама, говзаллашца 14.00.21 – Стоматологи, 03.00.13 – Физиологи.

2006 шарахь диссертаци чекхдаьккхира медицинин Ӏилманийн докторан Ӏилманан тӀегӀа йаккхархьама, говзаллашца 14.00.21 – Стоматологи, 03.00.13 – Физиологи. Оццу шарахь цунна доцент цӀе а, берийн стоматологин кафедрехь, ткъа кхин а лакхара лоьрийн категори а йелира.

2010 шарахь дийшира пачхьалкхан промышленностан менеджментан Н.П. Пастуховн цӀарах академехь (Ярославль гӀалахь) Европин гармони йина программица, менеджментан системин дуьненайукъара ISO 9001:2008 стандартаца дикалла юстуш.

2012 шарахь цунна берийн стоматологин кафедран профессоран сийлахь цӀе тиллира.

2013 шарахь дийшира «Экономикин лакхара ишколан» университетан къоман талламан куьйгалхой кечбен дешаран центрехь «Регионан кхиоран приоритеташца лдм стратеги кхиоран программийн модернизаци» программица, ткъа кхин а дийшира РФ Президент волчура Халкъан бахаман а, пачхьалкхан гӀуллакхан а Российн академин Къилбаседа-Малхбузен урхаллин институтан пачхьалкхан а, муниципалан а гӀуллакххойн квалификаци айаран центрехь «Пачхьалкхан а, муниципалан а урхаллин актуалан хеттарш» программица.

2006 шерера тахханалца – берийн стоматологин кафедран куьйгалхо. 2011 – 2012 шерашкахь – дарбанан белхан а, дипломан тӀаьхьара дешаран а проректор. 2012 шерера тахханалца – СПМУ ректор.

Йукъараллин гӀуллакх[нисйе бӀаьра | нисйе]

РФ МогашаллаӀалашйаран министраллин берийн стоматологин балийн декъахо.

Къилбаседа-Малхбузен федералан гуонан а, Архангельскан областан а коьрта штатехь воцу стоматолог.

Российн Стоматологин ассоциацин кхеташонан декъахо.

Къилбаседа-Малхбузен федералан гуонан Ректорийн кхеташонан декъахо.

РФ медицинин а, фармацин а лдм Ректорийн кхеташонан декъахо.

Архангельскан областан МогашаллаӀалашйаран министраллин коллегин декъахо.

Архангельскан областехь, могашаллаӀалашйаран системехь, стоматологи говзаллица болх бен лоьрийн а, лакхара дешар долу говзанчийн а аттестацин комиссин декъахо.

Архангельскан областан Губернатор волчура могашалла ларйаран ведомствошна йукъара комиссин декъахо. СПМУ а, Архангельскан областан Министерства здравоохранения Председатель Проблемной комиссии по стоматологии.

Регионан «Архангельскан областан стоматологийн ассоциацин» йукъараллин кхолламан президент. 2000 шарахь йукъатеттина РФ Пачхьалкхан Думин депутатин кандидаташка Николаев Андрейн – Федоров Святославан блоко Архангельскан область тӀера. I Йерригроссийн жимачу бизнесан хьуьнарчийн гуламан делегат йара (Москох гӀала). Архангельскан областан Администрацин куьйгалхо волчура жимачу а, йуккъерачу а бизнесан йукъараллин кхеташонна йукъайодара.

СовгӀаташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

2002 шарахь Российн бизнесан а, хьуьнараллин а академин совгӀат дира сийлахь «Хьакъ долу хьуьнарча» хьаьркца.

2003 шеран январехь Архангельск гӀалин мэро баркалла элира, 2007 шарахь Архангельскан областан администрацин куьйгалхочо баркалла элира. 2008 шарахь совгӀат дира Архангельскан областан депутатийн гуламан сийлахь грамотица.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]