Анатоми

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Анатоми (желтойн маттахь аνατομία «хадо»)- организман а, цуьнан декъийн а дӀахӀоттам Ӏамош долу биологин дакъа ду[1]. Иштта анатоми- садолчу хӀуманийн дӀахӀоттаман организаци Ӏамош  ӀаламӀаморан дакъа ду. Историл хьалхара заманчохь кхолладелла, шира Ӏилма ду иза[2].

Анатоми кхиаран биологица а, эмбриологица а, дустаран анатомица а, эволюцин анатомица а, филогенетикан диттаца а къасталур доцу Ӏилма ду, хӀунда аьлча, анатоми церан процессийн гӀоьнца кхуьуш схьайогӀуш ю[3].

Организмийн а, цуьнан декъийн а дӀахӀоттам а, функцеш а Ӏамош йолу анатоми а, физиологи а къасталур доцу ши низам ду.   и дисциплинаш кест- кеста  цхьана Ӏамайо.

Адаман анатоми- медицинехь пайдаоьцуш а, уггаре а коьртачех цхьаъ долу кӀорггера (фундаментале) Ӏилма ду[4].

Анатомин дисциплина шина декъе екъалуш ю: макроскопан а,  микроскопан а. Макроскопан анатоми йа адаман топографин анатоми- бӀаьргаца а дийнатан дегӀан таллар ду. ТӀехулара анатоми (я бӀаьран анатоми; инг. surface anatomy) адаман топографин анатомин  дакъа ду. Микроскопан анатомехь тайп-тайпана дӀахӀоттам болу чкъураш а, клетканаш а толлуш оптикин гӀирс лелабо. Ткъа чкъураш Ӏамочу декъах гистологи олу.

Анатомин башхалла ю адаман органех а, дегӀан дӀахӀоттаман функцех а хьалхатаӀаме кхетар хилар.

Де дийне мел дели цуьнан кепаш (методаш) кхуьуш, талуш схьайогӀуш ю. Хьалхалерачу заманчохь йелла хӀуманаш а, чархаш а этӀа а йора. Ткъа XX-чу бӀешарахь медицинан визуализаци кхоллаелла, цу юккъе йогӀуш ю рентгенан а, ультраозан а, мисарболатан(магнитан)-резонансан томографи а.

Хьостанаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Merriam Webster Dictionary
  2. Walker, PrepsNG Anatomy. ТӀекхочу дата: 2017 шеран 18 июнь. Архивйина 2017 шеран 1 августехь
  3. Introduction page, "Anatomy of the Human Body". Henry Gray. 20th edition. 1918. ТӀекхочу дата: 2007 шеран 19 март. Архивйина 2007 шеран 16 мартехь
  4. Arráez-Aybar; et al. (2010). "Relevance of human anatomy in daily clinical practice". Annals of Anatomy-Anatomischer Anzeiger. 192 (6): 341—348. doi:10.1016/j.aanat.2010.05.002. PMID 20591641.