Ага (хи-лаьттаниг)

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Ага (хи-лаьттаниг)
Ӏилманан классификаци
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе
Rhinella marina Linnaeus, 1758
Синонимаш
  • Rana marina Linnaeus, 1758
  • Bufo marinus Schneider, 1799
Ареал
сурт
Ларйен статус

Бе́цан пхьид-а́га[1][2], йа а́га[1][2] (лат. Rhinella marinus) — бецан пхьидан доьзалера цӀога доцу хи-лаьттан дийнат, схьаялар Къилба а, Йуккъера а Америкера.

Цунах лаьцна[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ага — бецан пхьидех уггаре йаккхийчарех шолгӀаниг (уггаре йоккханиг — Бломберган бецан пхьид): цуьнан дегӀ 24 см деха хуьлу (дукха хьолахь 15—17 см), йозалла — килограммал сов. Боьршаниш кӀеззига жима хуьлу стенчул. Аган цӀока чӀогӀа буьгалгаш йолуш, чхинташ кепара хуьлу. Бос къегина ца хуьлу: тӀехулара таьӀна-боьра йа сира даккхий таьӀна тӀеданаш долуш хуьлу; гай можо хуьлу, алсама боьра тӀеданаш долуш. Амалехь йу йаккхий коьртан шинне а агӀора лергашна уллера дӀовш доккху екхоаш а, даьӀахке бӀаьргашна тӀехулара баххьаш а. ЦӀокан пардонаш тӀехьара когийн бен дац. Кхечу буьйсенан кепийн санна, аган ана йоӀбӀаьргаш ду.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. 1 2 Жизнь животных. Том 5. Земноводные. Пресмыкающиеся / под ред. А. Г. Банникова, гл. ред. В. Е. Соколов. — 2-е изд. — М.: Просвещение, 1985. — С. 70. — 399 с.
  2. 1 2 Кеп:Книга:Пятиязычный словарь названий животных. Амфибии и рептилии