Абу Бакар Башир
Арахьара хатӀ
Абу Бакар Башир | |
---|---|
Abu Bakar Bashir | |
Вина терахь | 1938 шеран 12 август (86 шо) |
Вина меттиг | Джомбанг, ХӀиндонези |
Пачхьалкх | ХӀиндонези |
Куьйгалхо | ДжемаӀа Исламия |
Абу́ Ба́кар Ба́шир (Abu Bakar Bashir) — (1938 шеран 12 августехь, Джомбанг, ХӀиндонези) —экстремистийн тоба ДжемаӀа Исламия кхоьллинарг, ХӀиндонезин муджахӀидийн кхеташонан тхьамда.
Иштта вевза Абубакар БаӀасыйр (Abubakar Ba'asyir), Ӏабдуссомад (Abdus Somad), Устаз Абу (Ustad Abu, ма-дарра «Хьехархо Абу») цӀерашца.
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Абу Бакар Башир вина Ява гӀайренан малхбалера Джомбангехь. 1959 шо кхаччалц цуо дийшира Понорого гӀаларчу «Гонтор» цӀе йолчу ишкол-интернатехь. Ишкол чекхйаьккхинчул тӀаьхьа дийшира Соло гӀаларчу Аль-Ирсъядан университетехь, иза чекхйаьккхира 1963 шарахь.