Sword Art Online

Sword Art Online (японхойн: ソードアート・オンライン, Со:до А:то Онрайн, нохчийн: Турлелоран Говзалла Онлайн) – иза Японхойн лайт-новеллан сери йу Реки Кавахарас йазйина a, abec бохучо суртдиллина а. Дийцаран хиламаш долалуш ду 2020-гӏачу шарахь, бес-бесара VRMMORPG ӏаламех ловзуш чекхдолуш долчу Кадзуто "Кирито" Киригая а, Асуна Юки а бохучу протагонисташна тӏе фокус а йеш, иштта цултӏаьхьа симуляцин ламастанан гӏуллакхашна юкъахь дакъалацарца цхьаьна. Кавахарас дуьххьара веб-новелла санна арахецнера хӏара сери 2002-гӏачу а 2008-гӏачу а шерашна юкъахь.
A-1 Pictures компанино арахийцира аниме телесериал, йоцца Sword Art Online бохучу цӏарца йевзаш йу иза, Японехь 2012-гӏачу шеран июлехь а, декабрехь а эфирехь яра иза, Sword Art Online: Extra Edition тв филм эфирехь яра 2013-гӏачу шеран 31-гӏачу декабрехь, ткъа шолгӀа мур, цуьнан цӀе яра Sword Art Online II, иза эфирехь бара 2012-гӏачу шеран июлехь а, декабрехь а.
Sword Art Online the Movie: Ordinal Scale цӀе йолу йуьззина метар йолу филм, Кавахаран йуьхьанцара сюжет а гойтуш, араелира Японехь а, Къилба-Малхбаленан Азехь а 2017-гӏачу шеран 18-гӏачу февралехь, Америкехь араелира 2017-гӏачу шеран 9-гӏачу мартехь. «Sword Art Online Alternative: Gun Gale Online" бохучу спин-офф аниме сериалан премьера хилира 2018-гӏачу шеран апрелехь, ткъа цуьнан «Sword Art Online: Alicization» цӀе йолуш кхоалгӀа мур эфире белира 2018-гӏачу шеран октябрера 2020-гӏачу шеран сентябре кхаччалц. «Sword Art Online: Progressive» цӏе йолу манга аниме-фильман кепехь арайаьккхира Sword Art Online Progressive: Aria of a Starless Night цӀе а йолуш, иза дуьххьара гайтар нисделира 2021-гӏачу шеран 30-гӏачу октябрехь. А Sword Art Online Progressive: Scherzo of Deep Night аьлла цӏе йолу шолгӏа филм арайаьлла 2022-гӏачу шеран 22-гӏачу октябрехь. Иштта дуккха а видео-ловзарш а ду кху серех лаьцна консолашна а, пк-на а, куьйга гӏирсашна а тӏехь арахецна.
Коммерцин агӏора Sword Art Online баккхий кхиамаш хилира дийнна дуьненна чохь, ӏаламан массо а маьӏӏехь массанхьа а йоьхкина копеш 30 миллионе кхечира. Аниме серин ийно-дика мах хадийра. Хастийнчух дара анимаци а, зурманан агӏо а, виртуал-ӏаламан синӏаткъам таллар а, цуьнца цхьаьна човхийнчух дара цуьнан дийцаран боларан барам, йаздар.