Нохчийн йоза

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
(Nohçiyn elpaş тӀера хьажжина кхуза)
Газет "Serlo" 1926 шо (нохчийн латиница)

Ӏаьрбийн элпнашца XX-гӀа бӀешо доладалале нохчаш яздора Iаьрбийн элпнашца. Ӏарбойн элпнаш леладина кху шерашкахь 1910, 1920 амма тӀяхьарлера шарахь 1922 иза оьрсаша хийцитна шай тӀелаьцна йолучу кирилицан элпашца, амма ле Ӏарбой, ле кирил элпаш нохчийн метаца догӀуш дац, яздаряхь, уьш мял хӀитича ша долу далуш долу аз цахоттало оц кирила элпашца, оц масарял гӀоле нохчийн меттаца догӀаш долу элпнаш (Нохчийн элпаш 1925 шарахь) уьш ду латийн элпаш, оцу латийн элпнашца мялдолу олуш долу аз дӀаязло.

ا ب ت ث ج ح خ د
ذ ر ز س ش ص ض ط
ظ ع غ ف ڤ ڮ ق ك
ل م ن و ه ي

Нохчийн элпаш 1925 шарахь[нисйе бӀаьра | нисйе]

Нохчийн элпаш 1925 шарахь 1925 шарахь Советан Iедало политикин бахьанаш хьалха даьхна, тIеийцира керла, латинийн бух тIехь йолу, нохчийн элапаш. Оцу элапашан авторш бара: X. Ошаев а, М. Сальмурзаев а.

A a Ä ä B b C c Č č Ch ch Čh čh D d
E e F f G g Gh gh H h I i J j K k
Kh kh L l M m N n Ꞑ ꞑ O o Ö ö P p
Ph ph Q q Qh qh R r S s Š š T t Th th
U u Ü ü V v X x X́ x́ Y y Z z Ž ž

1938 шарахь оьрсийн, кириллицан элпнаш тIе хийцира, цул хьалха хилйолу латинийн элапаш.

Кириллицан элпаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

1991 шарахь Нохчийчоьно ша маьрша пачхьалкх ю аьлла дӀахьедар динчула тӀаьхьа, йукъайаьккхина аьлла дӀакхайкхира латинан алфавит (туркойн кепехь). Делахь иза дӀасайаржо аьтто ца белира, хӀунда аьлча и боцург а, шортта тайп-тайпана баланаш Нохчийн къона пачхьалкхана хьалха хӀиттина дела.

А а Аь аь Б б В в Г г ГӀ гӀ Д д Е е Ё ё Ж ж
З з И и Й й К к Кх кх Къ къ КӀ кӀ Л л М м Н н
О о Оь оь П п ПӀ пӀ Р р С с Т т ТӀ тӀ У у Уь уь
Ф ф Х х Хь хь ХӀ хӀ Ц ц ЦӀ цӀ Ч ч ЧӀ чӀ Ш ш Щ щ
Ъ ъ Ы ы Ь ь Э э Ю ю Я я Ӏ ӏ

Латинийн элпаш 1992 шарахь[нисйе бӀаьра | нисйе]

A a Ä ä B b C c Ċ ċ Ç ç Ç̇ ç̇ D d E e F f G g
Ġ ġ H h X x Ẋ ẋ I i Ƶ ƶ K k Kh kh Q q Q̇ q̇ L l
M m N n O o Ö ö P p Ph ph R r S s Ş ş T t Th th
U u Ü ü V v Y y Z z J j Ə ə Ŋ ŋ