ӀабдуллахӀ ибн Ӏабдул-МуттӀалиб

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
(IабдуллахI ибн Iабдул МуттIелип тӀера хьажжина кхуза)
ӀабдуллахӀ ибн Ӏабдул-МуттӀалиб
Ӏаьр. عَبْدُ الله بن عَبْدُ الْمُطَّلِب‎‎
Сурт
Аз-Забихь, Аль-Къамару Макка
Говзалла махлелор
Вина терахь 545({{padleft:545|4|0}})
Вина меттиг Макка
Кхелхина терахь 571({{padleft:571|4|0}})
Кхелхина меттиг Ясриб
ДӀавоьллина меттиг
  • Медина[d]
Къам Ӏаьрбий, къурайш, Бану ХӀашим
Да Ӏабдул-МуттӀалиб ибн ХӀашим
Нана ПетӀимат бинт Ӏамр
Зуда Аминат бинт ВахӀб
Бераш Мухьаммад

ӀабдуллахӀ ибн Ӏабдул-МуттӀалиб (Ӏаьр. عَبْدُ الله بن عَبْد الْمُطَّلِب‎‎; вина 545 — Макка, 570 — Мадинат) — иза Мухьаммад пайхамаран ﷺ да а, Ӏабдул-МуттӀалибан кӀант а ву. Мухьаммад дуьнен чу валале ши бутт хьалха дӀакхелхина иза.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

ГӀурба дер[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ӏабдул-МуттӀалибан цхьа кӀант хилла Хьарисат. Цо Деле даьхна хиллера шен итт кӀант хилийтара. Ӏабдул-МуттӀалибас чӀагӀо йина хилла, шен цхьан кӀантан гӀурбан урс хьокхур ду аьлла. Цара кхаж тесна хилла, и кхаж ӀабдуллахӀан тӀехь хилла. Къурайши нах бахьанехь, Ӏабдул-МуттӀалибас бӀе эмкал йалийна гӀурба ден.

Зуда йалор[нисйе бӀаьра | нисйе]

ӀабдуллахӀ хаза а волуш, товш стаг вара. Цуьнга маре цайаха дуьхьал цхьа а зуда йацара. 569-чу шарахь массарна а йевзаш йолу ВахӀбан йоӀ Аминат цо маре йигира. Аминатас Мухьаммад а вира. Иза дуьнен чувале ши бутт хьалха ӀабдуллахӀ дӀакхелхира.