COVID-19 уьнан пандеми
COVID-19 уьнан пандеми | ||
---|---|---|
COVID-19 уьнан пандеми — карарчу хенахь SARS-CoV-2 короновирусо йаьккхина коронавирусан уьнан пандеми ю[1]. Дуьххьара коронавирус хааелла 2019-чу шеран гӀуран-баттахь (декабрехь) Цийн Халкъан Республикехь, Ухань гӀалахь[2][3].
2020-чу шеран кхолламан-беттан (январан) 30-чу дийнахь Дуьненаюкъарчу могушалла Ӏалашъяран организацино (ВОЗ-о) и цамгар яржар дуьненайукъара маьӀна долу йукъараллин могушалла Ӏалашъяран декъехь къаьсттина хала хьал (ЧС) хилар кхайкхира. Бекарг-беттан (мартан) 11-чохь — пандеми хилар дIахьедира[4][5].
2021-чу шеран кхолламан-беттан (январан) 15-чу дийнан зерашца, эпидеми йаьржичхьана дуьненахь коронавирусан ун кхетта дезткъе дейтта миллион сов вахархочунна; 2,012 млн ву кхелхинарг; 67,17 млн адаман дарба а хилла[6].
Дукхахьолехь SARS-CoV-2 вирус цхьана стагера вукхуна тӀе йолу хӀаваэхула, цомгуш волчо йовхарш а, хьоршам а тоьхча, ул-уллохь къамел дечу хьолехь а. Коронавирусан билгалонаш ю: хорша а, йовхарш а, хӀоттар а, салацар а, чохьлазар а, хьожа ца яр а.
Хьостанаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ Наименование заболевания, вызванного коронавирусом (COVID-19), и вирусного возбудителя (оьр.). Всемирная организация здравоохранения. Теллина 2020 шеран 27 июнехь.
- ↑ Ранее неизвестный коронавирус — Китай (2020, 12 январь). Теллина 2020 шеран 18 июлехь.
- ↑ Chaolin Huang, Yeming Wang, Xingwang Li, Lili Ren, Jianping Zhao. Clinical features of patients infected with 2019 novel coronavirus in Wuhan, China (en) // Lancet. — 2020. — Vol. 395, iss. 10223. — P. 497—506. — ISSN 0140-6736. — DOI:10.1016/S0140-6736(20)30183-5. Архивйина 2020 шеран 13 июнехь.
- ↑ Заявление по итогам второго совещания Комитета по чрезвычайной ситуации в соответствии с Международными медико-санитарными правилами, в связи со вспышкой заболевания, вызванного новым коронавирусом 2019 г. (nCoV) (2020, 30 январь). Теллина 2020 шеран 16 июлехь.
- ↑ Вступительное слово Генерального директора на пресс брифинге по COVID-19 11 марта 2020 г. (2020, 11 март). Теллина 2020 шеран 27 июнехь.
- ↑ COVID-19 Dashboard by the Center for Systems Science and Engineering (CSSE) at Johns Hopkins University (JHU) (ингалс.). Johns Hopkins University. Теллина 2020 шеран 9 октябрехь.