Ӏумрат
Ӏумрат (Ӏаьр. الْعُمْرَةُ), жима хьаж (Ӏаьр. ُالْحَجُّ الْأَصْغَر, аль-хьажжул-асгӀар) — иза Маккарчу Аль-Хьарам маьждиге зийарт дар ду, тӀаваф а, саӀй а, корта башар а санна йолу леррина Ӏамалш (манасикаш) кхочушйан. Ӏумрат дар машруӀ ду ислам динехь[1][2]. Ӏумрат дечух муӀтамир (Ӏаьр. مُعْتَمِرٌ) олу.
Ӏумрат фарз дина хӀижратан 9-чу шарахь. Дерриг шарахь Ӏумрат дан мегаш ду, вуьшта аьлча, хьаьжан денош доцург, цуьнан билгалйаьккхина хан йац. Ӏумрат хьаж дарх къаьсташ ду; ткъа хьаж дар ислам динан бӀогӀамех цхьаъ ду, хӀора ницкъ кхочучу бусалбачунна тӀедиллина ду иза, иштта шен манасикаш кхочушйан билгалйаьккхина хан йу цуьнан, цундела иза Ӏумратна нийсса бӀостанехьа ду. Ӏумратан манасикаш дӀайуьйлало муӀтамиро лерринчу мийкъаташкахь ихьрам дехкарца, цул тӀаьхьа Макка дӀа а воьдий, Аль-Хьарам маьждиг чу а воьдий, КаӀбатна тӀаваф до, тӀаккха Сафана а, Марвана а йукъахь саӀй а до, тӀаккха манасикаш чекхйовлу цо шен корта башарца йа месаш ларгарца[1].
Этимологи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Ӏаьрбийн маттахь «Ӏумрат» боху дош «иӀтимар» (الْاِعْتِمَارُ) бохучу дашах схьадаьлла ду, ткъа цуьнан маьӀна «зийарт дар» йа «гӀертар, ойла, дагахь хилар» бохург ду. Цундела аьлла Ӏумрат динкинчух «муӀтамир». Ткъа шарӀехь — иза хьаьжцӀа вахар а, тӀаваф дар а, саӀй дар а ду билгалбинчу бехкамашца.
Хьукма
[бӀаьра нисйан | нисйан]Ткъа Ӏумратан хьукманах лаьцна аьлча, Ӏеламнехан ши ойла йу цуьнан хьокъехь:
- иза важиб хилар ду: хӀара Ахьмад ибн Хьанбалан а, аш-ШафиӀин а мазхӀаб ду, цара делил лаьцна Сунанан охӀлано Абу Разин аль-Ӏукъайлера дийцинчу хьадисаца, цо Мухьаммад пайхамарна ﷺ тӀе а веана, элира аьлла: «Сан да воккха стаг ву, цуьнан ницкъ ца кхочу хьаж дан а, Ӏумрат дан а. ТӀаккха пайхамаро ﷺ элира: «Хьайн ден метта хьаж а, Ӏумрат а де»[3]. Къуръан чохь деанчуьнца а: ﴾Чекхдаккха хьаж а, Ӏумрат а Делан дуьхьа...﴿ [Къуръан 2:196].
- иза суннат хилар ду: ткъа хӀара Малик ибн Анасан а, Абу Хьанифатан а мазхӀаб ду, цара делил лаьцна Жабир ибн ӀабдуллахӀа дийцинчу хьадисаца, Мухьаммад пайхамаре ﷺ Ӏумратах лаьцна хаьттинера аьлла: «Важиб дуй иза?» Цо жоп делира: «ХӀан-хӀа, ткъа Ӏумрат дар гӀоле ду хьуна».
Делилаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Къуръан чохь
[бӀаьра нисйан | нисйан]Ӏумрат дар Къуръан чохь хьахийна ду:
Делан дуьхьа кхоччуш чекхдаккха хьаж а, Ӏумрат а. Ткъа нагахь [цхьамма] шун некъ бехкахь [йа шу духатохахь хьаьждарх] — шайн аьтто берриг гӀурба де. Шайн кортош а ма даша — гӀурбанна лерина дийнаташ [арсаш] хьокхучу меттиге дӀакхаччалц. Нагахь шух цхьаъ цомгаш велахь йа шен коьртаца бала хьоьгуш велахь — цо капаратан марханаш кхаба деза [кхаа дийнахь] йа сагӀа даккха деза [йалх мискачу стагана] йа гӀурбанна [уьстагӀна] урс хьакха деза. Нагахь шаьш кхерамзаллехь делахь, муьлххачу а Ӏумрат дечунна, хьаж дар йукъах а даьккхина, тӀехь ду — шен аьтто боллучу гӀурбанна сагӀина урс хьакхар. Нагахь и дан цуьнан таро йацахь — марханаш кхаба деза цо: хьаж дечу хенахь кхаа дийнахь а, и дӀадаьлча [шаьш цӀадирзича] ворхӀ дийнахь а – дерриге а итт [марха] ду уьш. Иза — шен доьзал Аль-Хьарам маьждигна уллохь ца Ӏачарна массарна а догӀуш ду. Делах кхера! Дела таӀзар чӀогӀа долуш вуйла а хаа!
— Сурат аль-Бакъарат, айат 196, Къуръан
Суннат чохь
[бӀаьра нисйан | нисйан]Мухьаммад пайхамарера ﷺ дийцина дуккха а хьадисаш ду Ӏумратан манасикаш кхочушдаран дозаллах а, и манасикаш кхочушдарна бусалбачунна лун йолчу йолах а лаьцна дуьйцуш. Оцу хьадисех уггар гӀарадевлларш ду:
- Абу ХӀурайрата Мухьаммад пайхамарера ﷺ дийцинарг ду, цо аьллера аьлла: «Iумрат – вукху Iумрате кхаччалц, цаьршинна йукъахь летийна долу къинош дIадойуш ду, ткъа къобалхилла долу хьаж – цунах йолу йал йалсамани ю».
Иштта хьажа
[бӀаьра нисйан | нисйан]Хьостанаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ 1 2 ХЬАЬЖ А, IУМРАТ А ДАР . ИА Чечня Сегодня. ТӀекхочу дата: 2025 шеран 23 январь.
- ↑ حكم العمرة - الإسلام سؤال وجواب (Ӏаьр.). islamqa.info. ТӀекхочу дата: 2025 шеран 23 январь.
- ↑ الدرر السنية - الموسوعة الحديثية - شروح الأحاديث (Ӏаьр.). dorar.net. ТӀекхочу дата: 2025 шеран 23 январь.