Ӏовхойн мохк

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Ӏовхойн мохк
ГӀурий а, Сал-хи а вовшахкхетар, аьтту агӀора ГӀурий, аьрру – Сал-хи.jpg Сала-хи (аьрру) а, ГӀурий (аьтту) а.
Экзотопонимаш Аух, Окох, Окоцкая земля
Бахархой
ЮкъайогӀу ДегӀаста
Цунна юкъайогӀу

ГӀачалкъа-Ӏовх,
Ширча-Ӏовх (истор. )

Ӏовха.svg

Ӏовхойн мохк, хьосташкахь карайо цӀеран кхин кепаш Ӏовха[1], Ӏовх, Ӏавхойн мохк — нохчийн мохк. Таханлерчу дийнахь и мохк ДегӀаста республика юкъабогӀуш бу.

1840-чу шарахь Пуллос иштта дийцира нохчий Ӏаш болу мехкан дозанаш:

« Кавказан аьрру фланган куьйгалхон керахь лоруш ду коьрта дукъан лаьмнийн а, Ӏаьндийн ГӀой хина а, ГӀой хина а, Каспий-хӀордан а, Теркан а, Ӏасс хина а, Даут-Мартанан а юккъера латтанаш. Оцу меттиган коьрта бахархой бу нохчий, массо Кавказан къаьмнийн юкъара уггаре нуьцкъала, аьрха майра къам; Уьш лоруш бу 100 эзар са. ...[2]
»

Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]

Географ а, этнограф а, артиллерист а, оьрсийн тӀеман гӀуллакххо а хиллачу, 1728 шарахь Каспий-хӀорд йистан карта диначу Густав Герберс яздина нохчий хьалха Каспий-хӀорд йисте кхаччалц Ӏаш хилла аьлла. И верси бакъйина 1785 шарахь историк а хиллачу Михаил Чулковс а, 1800 шарахь инарла а хиллачу Богдан Кноррингс а[3][4][5].

Густав Герберс яздина хӀара:

Хьалха нохчийн хӀусамаш Ӏаьндари уллора лаьмнашкара Каспий-хӀорда тӀе кхаччалц яьржина яра, амма цара гребенски а, донан а гӀазакхийн даьхний, говраш дӀалоьхкуш (лечкъайеш) дукха зулам дарна, 1718 шарахь царна тӀе масех эзар донан гӀазакхий бӀо бахийтира, цара церан латта дасдира, дукха нах байира[4][5].


Иштта хӀордйисте чӀерий лийца оьхуш болу нохчийх лаьцна яздина оьрсийн гӀуллакхехь хиллачу некъахо а, натуралист а хиллачу Готлиб Гмелинс 1774 шо кхачале Каспий-хӀорд йистехь а, Нохчийн гӀайре а тӀехь хийла волу, иштта оцу билгал до «Чечень» цӀе чеченцы этнонимах схьаелла хилар[6]. Географин Ӏилманан доктор а хиллачу Евгений Михайлович Поспеловс а бакъдо гӀайренна цӀе нохчийн кӀоман цӀарахь схьаелла хилар[7], ткъа историк Дмитрий Ровинскис гӀайрех лаьцна боху хӀара «Чечень», ю «нохчийн хӀусамийн дуьхьала»[8]. Гмелинс яздина хӀара:

« УьтталгӀачу динахь Ӏуьйранна ворхӀ даьлча тхо кхачийра ворхӀ сажен гена делкъехь тхуна гира Нохчийн гӀайре. Цунна цӀе тиллина лаьмнашкахь Ӏаш болу нохчийн цӀарах, кхуза чӀерий леца оьхуш хиллачу...[6]
»

1818 шерахь оьрсийн инарла хиллачу Ермоловс йина масийтта экспедици Нохчийчоьнан Ӏовхойн-махка. Оцу экспедицехь хиллачух В. Поттос хаам-бо, иштта «...Массийта дийнахь ГӀумкийн аре нохчийх дӀацӀанйина»[9].

Нах беха меттигаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Ӏовхойн мехкан цхьайолу яккхий нах беха меттигаш (цхьайолчу эвлашкахь нохчий а, гӀумкий а, немцой а бахархой хилла):

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. * З.А. Тесаев Чеченская „география“ XV века, составленная по данным ученого-богослова и путешественника Аздина Вазара. — Грозный: «АО ИПК «Грозненский рабочий», 2018. — 256 с.
  2. К управлению начальника левого фланга Кавказской линии отнесено пространство, ограниченное главным хребтом гор, реками Андийским Койсу, Сулаком, Каспийским морем и рр. Тереком и Ассою и Даут-Мартаном. Главное народонаселение этого пространства составляет чеченское племя, самое сильное, буйное и воинственное из всех кавказских народов; их считается до 100 тыс. душ. ...
  3. Акты, собранные Кавказской археографической комиссией: Том I. c. 716
  4. 1 2 Историческое описание российской коммерции при всех портах и границах : От древних времян до ныне настоящаго и всех преимущественных узаконений по оной государя имп. Петра Великаго и ныне благополучно царствующей государыни имп. Екатерины Великия, / Сочиненное Михайлом Чулковым. — Санктпетербург : При Имп. Акад. наук, 1781—1788. — 4°. Т.2, кн.2. — 1785. — 90, 1-446, 449—626 [=624] с. Хранение: MK АН-4°/ 81-Ч; Хранение: W 213/831;
  5. 1 2 ИОГАНН ГУСТАВ ГЕРБЕР ИЗВЕСТИЯ О НАХОДЯЩИХСЯ С ЗАПАДНОЙ СТОРОНЫ КАСПИЙСКОГО МОРЯ МЕЖДУ АСТРАХАНЬЮ И РЕКОЙ КУРОЙ НАРОДАХ И ЗЕМЛЯХ И О ИХ СОСТОЯНИИ В 1728 ГОДУ
  6. 1 2 Гмелин С. Г. Путешествие по России для исследования трех царств естества. Том 3, ч.1,
  7. Поспелов Е. М. Географические названия мира: Топонимический словарь. — М., 2002, С.462-463.
  8. «Чеченцы: история и современность» / Составление и общая редакция Ю.А. Айдаева. — Москва: Мир дому твоему, 1996. — 352 с. — ISBN 5-87553-005-7 * Антология «Чеченская Республика и чеченцы. История и современность». — Москва: Наука, 2006. — 576 с. — ISBN 5-02-034016-2
  9. Общественный строй Чечни: вторая половина XVIII в.--40-е годы XIX века Ф. В Тотоев с 287
  10. Районированный Дагестан. Административно-хозяйственное деление ДССР по новому районированию 1929 г.