Ӏовха
Ӏовха | ||
![]() | ||
Кхин цӀерш |
Аренан-Акка | |
---|---|---|
Экзотопонимаш |
Аух, Окох, Окоцкая земля | |
Бахархой | ||
ЮкъайогӀу | ||
Цуна юкъайогӀу |
| |
|
Ӏовха[1], Ӏовхойн мохк — Ӏовхой цӀе йолу нохчийн тукхаман нах Ӏаш болу историн мохк. Таханлерчу дийнахь и мохк ДегӀаста республика юкъабогӀуш бу.
1840-чу шарахь Пуллос иштта дийцира нохчий Ӏаш болу мехкан дозанаш:
![]() |
Кавказан аьрру фланган куьйгалхон керахь лоруш ду коьрта дукъан лаьмнийн а, Ӏаьндийн ГӀой хина а, ГӀой хина а, Каспий-хӀордан а, Теркан а, Ӏасс хина а, Даут-Мартанан а юккъера латтанаш. Оцу меттиган коьрта бахархой бу нохчий, массо Кавказан къаьмнийн юкъара уггаре нуьцкъала, аьрха майра къам; Уьш лоруш бу 100 эзар са. ...[2] | ![]() |
Истори[нисъе | нисъе чухулара]
Географ а, этнограф а, артиллерист а, оьрсийн тӀеман гӀуллакххо а хиллачу, 1728 шарахь Каспий-хӀорд йистан карта диначу Густав Герберс яздина нохчий хьалха Каспий-хӀорд йисте кхаччалц Ӏаш хилла аьлла. И верси бакъйина 1785 шарахь историк а хиллачу Михаил Чулковс а, 1800 шарахь инарла а хиллачу Богдан Кноррингс а[3][4][5].
Густав Герберс яздина хӀара:
Хьалха нохчийн хӀусамаш Ӏаьндари уллора лаьмнашкара Хажар-хӀорда тӀе кхаччалц яьржина яра, амма цара гребенски а, донан а гӀазакхийн даьхний, говраш дӀалоьхкуш (лечкъайеш) дукха зулам дарна, 1718 шарахь царна тӀе масех эзар донан гӀазакхий бӀо бахийтира, цара церан латта дасдира, дукха нах байира[4][5].
Иштта хӀордйисте чӀерий лийца оьхуш болу нохчийх лаьцна яздина оьрсийн гӀуллакхехь хиллачу некъахо а, натуралист а хиллачу Готлиб Гмелинс 1774 шо кхачале Каспий-хӀорд йистехь а, Нохчийн гӀайре а тӀехь хийла волу, иштта оцу билгал до «Чечень» цӀе чеченцы этнонимах схьаелла хилар[6]. Географин Ӏилманан доктор а хиллачу Евгений Михайлович Поспеловс а бакъдо гӀайренна цӀе нохчийн кӀоман цӀарахь схьаелла хилар[7], ткъа историк Дмитрий Ровинскис гӀайрех лаьцна боху хӀара «Чечень», ю «нохчийн хӀусамийн дуьхьала»[8]. Гмелинс яздина хӀара:
![]() |
УьтталгӀачу динахь Ӏуьйранна ворхӀ даьлча тхо кхачийра ворхӀ сажен гена делкъехь тхуна гира Нохчийн гӀайре. Цунна цӀе тиллина лаьмнашкахь Ӏаш болу нохчийн цӀарах, кхуза чӀерий леца оьхуш хиллачу...[6] | ![]() |
1818 шерахь оьрсийн инарла хиллачу Ермоловс йина масийтта экспедици Нохчийчоьнан Ӏовхойн-махка. Оцу экспедицехь хиллачух В. Поттос хаам-бо, иштта «...Массийта дийнахь ГӀумкийн аре нохчийх дӀацӀанйина»[9].
Нах беха меттигаш[нисъе | нисъе чухулара]
Ӏовха мехкан цхьайолу яккхий нах беха меттигаш (цхьайолчу эвлашкахь нохчий а, гӀумкий а, немцой а бахархой хийла):
- Адиль-отар (нох),
- Акбулат-отар (нох),
- Арслан-Гирей-отар (нох, гӀум),
- Будайхан-отар (нох),
- Умахан-отар (нох);
- Акташ-Аух (нох),
- Бурсун (нох),
- Мажгарюрт (нох),
- Юрт-Аух (нох);
- Байрамаул (гӀум, нох),
- Хункерово (нох);
- Бамматюрт (нох),
- Абдурашид (нох),
- Адильотар (нох, гӀум),
- Зарият-отар (нох),
- Кошай-отар (нох),
- Манти-отар (нох),
- Тутлар (нох);
- Банайаул (нох),
- Банайюрт (нох),
- Безен 1-й (нох),
- Безен 2-й (нох),
- Виси-Ирза (нох),
- Генчик-Эрзе (нох);
- Аджи-Мадж-юрт (гӀум, нох),
- Баташево, Евгениевка (нем, нох),
- Османюрт (нох), Османюрт-отар,
- Сим-Сыр (нох), Узлуяновка, Хамавюрт (гӀум, нох);
- Бильтаул (нох),
- Ивановская мельница (нох);
- Татьяновка (Камыш-кутан) (нох),
- Кандауровка (гӀум, нох);
- Кишеньаух (нох), Ибарки (нох),
- Шалам-Инчу (нох), Эшба-Инчу (нох),
- Ярыксу (нох),
- Ярыксу-отар (нох),
- Яштаркие (нох);
- Джангиши-Аджи (нох),
- Даниял-отар (нох),
- Абдул-Меджид-отар (нох),
- Арсан-Мурза-отар (нох),
- Балюрт 1-й (нох),
- Балюрт 2-й (нох),
- Бамматбекюрт (нох),
- Жуково (нох),
- Мациевка (нох),
- Ярмаркин 1-й (нох),
- Ярмаркин 2-й (нох),
- Ярмаркин 3-й (нох);
- Ярыксу-Аух (нох),
- Алты-Мурза-юрт (нох),
- Барчхой (нох),
- Зори (нох),
- Минай-Тугай (нох),
- Ямансу (нох).
Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]
- ↑ * З.А. Тесаев Чеченская „география“ XV века, составленная по данным ученого-богослова и путешественника Аздина Вазара. — Грозный: «АО ИПК «Грозненский рабочий», 2018. — 256 с.
- ↑ К управлению начальника левого фланга Кавказской линии отнесено пространство, ограниченное главным хребтом гор, реками Андийским Койсу, Сулаком, Каспийским морем и рр. Тереком и Ассою и Даут-Мартаном. Главное народонаселение этого пространства составляет чеченское племя, самое сильное, буйное и воинственное из всех кавказских народов; их считается до 100 тыс. душ. ...
- ↑ Акты, собранные Кавказской археографической комиссией: Том I. c. 716
- ↑ 1 2 Историческое описание российской коммерции при всех портах и границах : От древних времян до ныне настоящаго и всех преимущественных узаконений по оной государя имп. Петра Великаго и ныне благополучно царствующей государыни имп. Екатерины Великия, / Сочиненное Михайлом Чулковым. — Санктпетербург : При Имп. Акад. наук, 1781—1788. — 4°. Т.2, кн.2. — 1785. — 90, 1-446, 449—626 [=624] с. Хранение: MK АН-4°/ 81-Ч; Хранение: W 213/831;
- ↑ 1 2 ИОГАНН ГУСТАВ ГЕРБЕР ИЗВЕСТИЯ О НАХОДЯЩИХСЯ С ЗАПАДНОЙ СТОРОНЫ КАСПИЙСКОГО МОРЯ МЕЖДУ АСТРАХАНЬЮ И РЕКОЙ КУРОЙ НАРОДАХ И ЗЕМЛЯХ И О ИХ СОСТОЯНИИ В 1728 ГОДУ
- ↑ 1 2 Гмелин С. Г. Путешествие по России для исследования трех царств естества. Том 3, ч.1,
- ↑ Поспелов Е. М. Географические названия мира: Топонимический словарь. — М., 2002, С.462-463.
- ↑ «Чеченцы: история и современность» / Составление и общая редакция Ю.А. Айдаева. — Москва: Мир дому твоему, 1996. — 352 с. — ISBN 5-87553-005-7 * Антология «Чеченская Республика и чеченцы. История и современность». — Москва: Наука, 2006. — 576 с. — ISBN 5-02-034016-2
- ↑ Общественный строй Чечни: вторая половина XVIII в.--40-е годы XIX века Ф. В Тотоев с 287