Ӏаьрбийн-жуьгтийн дов
Ӏаьрбийн-жуьгтийн дов (Ӏаьрбойн маттахь الصراع العربي الإسرائيلي ; жуьгтийн маттахь הסכסוך הישראלי-ערבי)- цхьана агӀор Ӏаьрбойн пачхьалкхашан а, иштта Израилан кӀелара палестинан мехкийн бахархоша гӀодеш йолу радикалан кепе йирзинчу тобанашан а, вукха агӀор сионистийн гуламан а, цул тӀахьа Израилан а юккъахь хилла тӀом бу. Израиль пачхьалкх 1948-чу шарахь бен кхоьллина яцахь а, бӀе шо дара девнан историн. XIX-чу бӀешеран чаккхенгахь кхоьллира политикин сионистийн болам, цу хенахь дуьйна жуьгтий шай пачхьалкх кхолла Ӏалашо йолуш бара.
Дуьненан хьалхарчу тӀамехь эшам хилла йолу Османан импери йохарца, жуьгтий-сионисташан а, Палестинера Ӏаьрбийн махкойн а юккъахь дов кӀаргделар. ХӀунда аьлча, шии тоба мандатан Палестинан латта дӀалаца лаам болуш яра.
20-чу оьмаран 2-чу декъехь дов доладелчхьана геополитикин проблеман тӀекхийтира динан а, оьздангаллин а, къаьмнийн а гамо.
1948-чу шарахь лулара Ӏаьрбийн мехкаш керла кхоьллиначу жуьгтийн пачхьалкхан тӀом кхайкхийначул тӀаьхьа, къийсам Палестинан дозанал арабелира. Цу хенахь дуьйна и дов литтира Израилан а, регионехь кхинйолу Ӏаьрбийн пачхьалкхийн а юккъахь.
1979-чу шарахь Мисарца а, 1994-чу шарахь Иорданица а машаран чӀагӀамашан куьг яздинчул тӀаьхьа Израилца мостагӀалла лелош йолу пачхьалкхаш лахйелира.
Ӏаьрбийн-жуьгтийн тӀом бийцарехь билгалдоккху Палестинан-израилан дов. И къийсам кхоллабелла Палестинехь бехачу Ӏаьрбойн а, жуьгтишан а мехкан хьашташ дуьхь-дуьхьалкхетарца.
Кхузаманахь и дов ду регионехь лаьттачу политикин гӀоьртинахиларан бахьан а, герзашца вовшахтасадаларан хьост а.
Хабар[нисйе бӀаьра | нисйе]
Британин мандатан мур[нисйе бӀаьра | нисйе]
- 1920,1929,1933-гӀа шераш- мандатан Палестинехь гӀиттарш а, жуьгтий хӀаллакбар
- 1936—1939 шераш- Ӏаьрбийн гӀаттам
- 1941 шо- Фархуд я Багдадан бохам (дукха жуьгтийн бахархой байар)
- 1945—1947 шераш- масийтта жуьгтий бохор (Триполи а, КъахӀира а, Хьалаб а, Манама (Бахрейн) а, Ӏаден а)
- 1947 шо- Вовшахтоьхна Къаьмнийн Кхолламо Палестина шина декъе −Ӏаьрбойн а, жуьгтийн а пачхьалкхе- екъаран план тӀелацар.
Израиль Пачхьалкх кхоьллинчул тӀаьхьа (1948 шо)[нисйе бӀаьра | нисйе]
- 1948 шо- Лаамаллин тӀом
- 1948-1970-гӀа шераш- Ӏаьрбийн пачхьалкхашкера жуьгтий арабовлар а, Израиле адам тӀетаттадалар а
- 1945—1955 шераш- Мисаран а, Иорданин а, Шеман а кӀеларчу мехкашкахь беш болу «партизанан тӀом» къобалбар
- 1956 шо- Суэцин кризис
- 1967 шо- ялх дийнан тӀом
- 1967—1970 шераш- МостагӀан гӀора дойуш тӀом
- 1973 шо- Къемат-дийнан тӀом
- 1979 шо- Кэмп-Дэвидан барт а, Мисаран-израилан машаре чӀагӀам.
- 1982- Ливанан тӀом
- 1994 шо- Израилан-иорданан машаре чӀагӀам
- 2000 шо- Къилберачу Ливанер эскарш арада̃хар
- 2006 шо- ШолгӀа Ливанан тӀом