Ӏаьндийн дукъ

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо

Ӏаьндийн дукъ
Координаташ42°48′42″ къ. ш. 46°13′54″ м. д.HGЯO
ПачхьалкхРоссиFlag of Russia.svg Росси
Лаьмнийн системаЙоккха Кавказ
Дохалла~60 км
Ӏаьндийн дукъ (ДегӀаста)
Montanya.svg
Ӏаьндийн дукъ

Ӏаьндийн дукъЙоккхачу Кавказан лаьмнийн дукъех цхьа дукъ (Барбало лам болчохь къаьста коьртачу дукъах), лаьтта цуьнан къилбаседа-малхбален декъехь, Iаьндийн Гlойхин аьрру бердаца. Ӏаьндийн дукъ оцу хинан бассейнан а, Соьлжан (нийса аьлча, Теркан-ГӀой-хи хидоькъе) бассейнан а хидоькъе ду. Басеш тӀехула охьадогӀу ГӀой-хи а, ГӀурий а.

Дуькъан дохалла — 60 км гергга, максимум локхалла — 2736 м. Лаьтта дукхах дерг кир-маьӀданех киран муьрера. Баххьашкахь бай-ломан ландшафташ ю, къилбаседа басешкахь — ломан хьаннаш, къилба басешкахь (уьш Ӏункаруо ду) — коьллийн байаренаш ю.

Дукъ тӀехула Нохчийчоьн а, ДегӀастан а юкъара доза ду.

Мальмана картан тӀехь дукъ билгалдина „Kisten Geb” аьлла

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]