Чулацаман тӀегӀо

Ӏаьнан гӀала

59°56′25″ къ. ш. 30°18′50″ м. д.HGЯO
Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Сийлахь меттиг
Ӏаьнан гӀала
59°56′25″ къ. ш. 30°18′50″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх
Лаьтта меттиг Дворцовый округ[1]
Архитектурин хатӀ Елизаветинское барокко
Архитектор Франческо Растрелли[3]
Йиллинарг Елизавета Петровна
Йиллина терахь 1754
Статус  ОТӀО № 7810514003№ 7810514003
Сайт hermitagemuseum.org/…(оьр.)(ингалс.)
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Ӏаьнан гӀала (1918—1943 шерашкахь — Исбаьхьаллийн гӀала[4][5]) — Российн коьрта императоран гӀала ю. Цуьнан адрес ду: Дворцовая площадь (ГӀалин майда), 2-гӀа гӀишло/ Дворцовая набережная (ГӀалин хийист), 38-гӀа гӀишло, Петарбух. Таханлера гӀалин гӀишло (пхиолгӀа) хьалайоьттина 1754-чу-1762-чу шерашкахь схьавалар италхойх долуш оьрсийн архитекторо Франческо Растрелли Бартоломеос. ГӀишлон хатӀ ду интерьерашкахь французийн рококо йолу елизаветан барокко.

Советан заманера схьа дуьйна, гӀалин чохь дӀахӀоттийна ю Пачхьалкхан Эрмитажан коьрта экспозици.

1762-чу шарахь гӀишло яр чекхдаьллачул тӀаьхьа 1904-гӀа шо тӀекхаччалц россиян императорийн Ӏаьнан резиденци санна лелош яра.

1904-чу шарахь ӀӀ-чу Николайс даимлера резиденци Паччахьан Юьртара Александровски гӀале дехьаяьккхира.

1915-чу шеран эсаран-беттан (октябран) тӀера 1917-чу шеран лахьанан-батте (ноябран) кхаччалц гӀали чохь паччахь волу Алексей Николаевичан цӀарах госпиталь яра.

1917-чу шеран мангалан-беттан (июлан) тӀера лахьанан-батте кхаччалц гӀалин чохь Ханна йолу мехка урхалла яра.

1920-чу шарахь кхолламан баттахь (январахь) гӀали чохь схьайиллина Карчаман (Революцин) пачхьалкхан музей. 1941-ра шо кхаччалц иза а, Эрмитаж а цхьана гӀишло чохь яра.

Ӏаьнан гӀалано, ГӀалин майдано кхуллу таханлерачу гӀалин хаза архитектурин ансамбль. Россиян а, дуьненаюкъарчу а туризман объекташна юкъахь коьртачех цхьаъ ю.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. 1 2 archINFORM (нем.) — 1994.
  2. https://ru-monuments.toolforge.org/wikivoyage.php?id=7810514003
  3. https://depts.washington.edu/silkroad/museums/shm/shmarch.html
  4. Статья «Дворец искусств» на сайте АИФ.
  5. Зимний дворец на livejournal.com