Ӏарамийн абат

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Ӏарамийн йоза
Йозан тайпа консонантан
Меттанаш Ӏарамийн меттанаш, иврит, шеман
Кхолладелла меттиг Гергара Малхбале
Кхоьллина терахь вайн эрал хьалхара X—VII бӀешераш
Мур вайн эрал VIII бӀешо хьалха — VI бӀешо
Йозан агӀо Аьтту агӀонера аьрру агӀорхьа
Схьадалар Финикийн йоза
Кхиина шеман, набатейн, пехлевийн, согдийн, кхин а йозанаш
ISO 15924 Armi
Йозан масала

Ӏа́рамийн йо́зафонетикан йозанан консонантан система, кхиина Финикийн йозанах.

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ӏарамийн йоза, иштта финикийн йозанах кхиина йолу грекийчуьнга терра, дижира Малхбален абатийн Ӏарамийн генна бух тӀе — Малхбузан абатийн бух хилла грекийн абат санна. Ӏарамийн йозано шен хьаьркаш тохарца а, матрес лекционисца а кхоьллира цхьа могӀа ладаме абаташ Гергарчу Малхбалера а, Къилбаседа Африкера а, Азера а, царна юкъахь ю Ӏаьрбийн а, хӀинцалера жуьгтийн а абаташ, ткъа иштта тайп-тайпана ХӀиндин йозанаш а (брахми а, кхин дӀа деванагари а), царех схьаевлла Къилба-Малхбузан а, Юккъера Азин а (царна юкъахь тайн а, монголийн а йозанаш) абаташ.

Ӏарамийн йоза даьржина хилар доьзна ду, Ӏарамийн мотт а, йоза а вайн эрал хьалхара VIII бӀешеран чеккхенгара дуьйна Гергарчу Малхбалехь дуьненайукъара кехаташ яздаран а, мотт бийцаран а гӀирс хилар бахьнехь, АхеменидгӀара мехкаш дохучу хенахь ГӀажарийн империн дипломатин меттан а, йозанан а статус елла.

Ӏарамийн мотт буьйцучу хьолехь яра деланийн культаш; хӀинца а йолу мандейгӀеран динан сектийн (хӀинцалера Иран а, Ӏиракъ а; масех бӀе мандей веха кхин а АЦШ а, Австралехь а) дисина деза жайнаш, уьш яздина Ӏарамийн меттан мандейн меттадекъаца, и меттадакъа леладо динан гӀуллакхехь а, ткъа цуьнан уггаре тӀаьхьара кеп, цхьацца хаамашца, лелайо вовшашца къамел деш 1 эз. гергга стага Ӏиракъехь; кхин иранан мандейш буьйцу гӀажарийн мотт, ткъа Ӏиракъанчара — Ӏаьрбийн.

VII бӀешарахь Ӏаьрбаша мехкаш а даьхна, халифат кхоьллинчул тӀаьхьа шеман-Ӏарамийн меттадекъаш аратеттира Ӏаьрбийн матто; амма и процесс еха а яра, дукхаха ерг чекх ца елира XV бӀешарахь бен. Ӏарамийн меттан тахана долу тӀаьхьенан меттанаш, ассирийн а, мандейн а меттадакъа доцуш, Шеман масех эвлан лиер ду (хьажа МаӀалула, Соййидная), цигахь веха масех эзар стаг, дукхаха берш керстанаш.

Шеман-Ӏарамийн литература чӀогӀа шуьйра ю, доккха историн маьӀна долуш а ю: юккъера бӀешерийн исламан ойлан къегина мур хилира шен заманахь ширагрекийн философийн, дукхаха дерг Аристотелан Ӏарамийн матте, тӀаьхьа Ӏаьрбийн матте гочдар бахьнехь.

Абат[нисйе бӀаьра | нисйе]

Паччахь Ашокин шина меттана (Ӏарамийн текст лахахь) грекийн-Ӏарамийн йоза (вайн эрал III бӀешо хьалха, Кандагар)

Ӏарамийн меттан империн абат.

Элпан цӀе Элпан кеп Элп Жуьгтийчун
эквивалентан
Ӏаьрбийчун
эквивалентан
Шеман
эквивалентан
Аз
Алаф Aleph.svg 𐡀 א أ ܐ /ʔ/; /aː/, /eː/
Бет Beth.svg 𐡁 ב ب ܒ /b/, /β/
Гамал Gimel.svg 𐡂 ג ج ܓ /ɡ/, /ɣ/
Далат Daleth.svg 𐡃 ד د ܕ /d/, /ð/
ХӀе He0.svg 𐡄 ה ܗ /h/
Вав Waw.svg 𐡅 ו و ܘ /w/; /oː/, /uː/
Зайн Zayin.svg 𐡆 ז ز ܙ /z/
Хьет Heth.svg 𐡇 ח خ,ح ܚ /ħ/
ТӀет Teth.svg 𐡈 ט ط ܛ эмфатич. /tˤ/
Йуд Yod.svg 𐡉 י ي ܝ /j/; /iː/, /eː/
Каф Kaph.svg 𐡊 כ ך ك ܟܟ /k/, /x/
Ламад Lamed.svg 𐡋 ל ل ܠ /l/
Мим Mem.svg 𐡌 מ ם م ܡܡ /m/
Нун Nun.svg 𐡍 נ ן ن ܢܢ ܢ /n/
Семкат Samekh.svg 𐡎 ס س ܣ /s/
Ӏайн Ayin.svg 𐡏 ע غ,ع ܥ /ʕ/
Пе Pe0.svg 𐡐 פ ף ف ܦ /p/, /ɸ/, (/f/)
ЦӀаде Sade 1.svg, Sade 2.svg 𐡑 צ ץ ص ܨ эмфатич /sˤ/
Кхоф Qoph.svg 𐡒 ק ق ܩ /q/
Реш Resh.svg 𐡓 ר ر ܪ /r/
Шин Shin.svg 𐡔 ש ش,س ܫ /ʃ/
Тав Taw.svg 𐡕 ת ت,ث ܬ /t/, /θ/

Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]