Ӏайша (фильм)

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Ӏайша
Aisha
Фильман постер
Жанр комеди
драма
безаман истори
Режиссёр Раджшри Оджха
Продюсер Анил Капур
Аджай Биджли
Рея Капур
Санджев Биджли
Бух тӀехь Эмма[d]
Сценарин
автор
Роман:
Джейн Остин
Адаптация:
Девика Бхагат
Диалоги:
Риту Бхатия
Ману Риши
Коьрта
роль
Сонам Капур
Абхай Деол
Ира Дубе
Амрита Пури
Сайрус Сахукар
Оператор Диего Родригес
Композитор Амит Триведи
Кинокомпани Anil Kapoor Film Company
PVR Pictures
Дистрибьютор PVR Pictures[d]
Йохалла 126 мин.
Бюджет 140 млн.
Пачхьалкх  ХӀинди
Мотт хӀинди
Шо 2010
IMDb ID 1509732
Официалан сайт

«Ӏайша» (инг. Aisha) — Раджшри Оджхас хӀоттийна йолу 2010 шеран хӀинди маттара романтикан комеди. Фильмехь коьрта ролаш ловзийра Сонам Капура а, Абхай Деола а. Иза ингалсан яздархочун Остин Джейнан керлачу замане йаьккхина «Эмма» роман ю. ХӀиндин Дели гӀалин классийн йукъараллин амалийн комедин бух тӀехь ю фильм.

Сюжет[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ӏайша — хьалдолчу хӀиндийн доьзалера йоӀ ю. Дахароехь башха пайден гӀуллакх шен ца хиларна, захалош дуьйцуш лела иза. Цуьнан гергарчу Арджуна хьехардо цунна неха дахар йукъа ма гӀерта олий, амма йоьӀа шекйоцуш куьг ластадо. Ӏайша гӀоьрта шен накъост Шефали йовзийта хьал долчу Рандхирна, амма иза ша ву Ӏайше безам болуш. ТӀехьа Рандхир реза ца хуьлий Ӏайшина цуьнан уггаре дикачу доттагӀчун Пинкина тӀехьаволу, иза а хуьлу Рандхиран реза. Рандхирца гӀуллакх ца хуьлий, Ӏайша гӀоьрту Шефали а, Дхрув а довзийта, ткъа Дрхув Ӏайше безам болуш велахь а, шиннел а гӀоле хета Арджунан белхан накъост йолу – хаза а, аьтту болуш йолу а Арти. Оцу хенахь, гуттаренна Арджун а, Арти а цхьаьна гуш, Ӏайша кхета йолало, Арджун шена хазахеташ хиларх а, иза цхьаъ бен шеха кхеташ а, гӀолоцуш а ца хиларх, хӀуъу хилчи а. Ткъа Арджун-м дукха хан ю Ӏайша езаш волу.

Ролашкахь[нисйе бӀаьра | нисйе]

Саундтрек[нисйе бӀаьра | нисйе]

Музыка Амит Триведин, дешнаш Джавед Акхтаран.

ЦӀеЛокхург Йохалла
1. «Suno Aisha» Амит Триведи, Аддит, Накаш Азих, Эш Кинг 4:19
2. «Gal Mitthi Mitthi» Точи Райна 4:15
3. «Sham» Амит Триведи, Никхил Д'Соуза, Ньюман Пинто 4:44
4. «Behke Behke» Анушка Манчанда, Самрат Каушал, Раман Махадеван, Роберт Омуло, Суман Сридхар 3:43
5. «Lehrein» Ануша Мани, Ньюман Пинто, Никхил Д'Соуза 4:50
6. «By The Way» Анушка Манчанда, Ньюман Пинто 3:31
7. «Gal Mitthi Mitthi (The Bombay Bounce Dhol Mix)» DJ Lloyd & Discreet 4:01
8. «Lehrein (The Bombay Bounce Lounge Mix)» DJ Lloyd & Discreet 4:45

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Кеп:Джейн Остин романашца йаьхна кинофильмаш