Ӏабдул-Ӏазиз ибн Мухьаммад

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Ӏабдул-Ӏазиз ибн Мухьаммад
Ӏаьр. عبد العزيز بن محمد بن سعود‎‎
хьалхара СаӀудийн пачхьалкхан эмир
 — 1803
Хьалха хилларг Мухьаммад ибн СаӀуд
Когаметтаниг СаӀуд ибн Ӏабдул-Ӏазиз

Дин ислам
Вина терахь 1720({{padleft:1720|4|0}})
Кхелхина терахь 1803({{padleft:1803|4|0}})
Тайпа Аль СаӀуд
Да Мухьаммад ибн СаӀуд
Зуда Аль-Джавхара бинт Оттман[d]
Бераш СаӀуд ибн Ӏабдул-Ӏазиз
Динлелор Ислам
Эскаран тайпа Вооружённые силы Саудовской Аравии[d]
ЦӀе главнокомандующий[d]
Латар

Ӏа́бдул-Ӏази́з ибн Мухьа́ммад (1720гуьйре 1803) — хьалхарчу саӀудийн пачхьалкхан шолгӀа урхалча (Дирийн эмират) (17651803). Мухьаммад ибн СаӀудан воккхаха волу кӀант а, когаметтаверг а.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Шен да дийна волуш дуьйна Ӏабдуль-Ӏазиз ибн Мухьаммада дакъалецира йисташкара Ӏаьрбийн тайпанашна тӀелетаршкахь. 1755 шарахь цуо схьайаьккхира Хураймалу, ткъа 1764 шарахь шен ден меттана бӀаьччал лелош наджранхошца хиллачу тӀамехь.

1765 шарахь шен да веллачул тӀаьхьа Ӏабдуль-Ӏазиз ибн Мухьаммад хилира Дирийн эмиратан керла урхалча а, имам а.

Шен ден мехкаш дахаран политика дӀайаьхьира. Хьалхарчу шерашкахь керлачу эмира Ӏабдуль-Ӏазиз ибн Мухьаммада схьайаьккхира Вашм а, Судайр а, къардира цхьа дакъа кхерста тайпанаш субай а, зафир а, дезийтира шен байӀат дайта Касима доккхаха долчу декъе.

Ӏабдуль-Ӏазиз ибн Мухьаммад дӀабаьхьира тӀом Эр-Рияд эмиратан дуьхьала. Цхьаьна тӀамехь вийра Даххам ибн Даввасан ши кӀант, цул тӀаьхьа къена эмир вуьйхира. 1773 шарахь СаӀудгӀеран эскар герга кхаьччи эмир Даххам ибн Даввас ведира шен доьзалца Эр-Риядера, ткъа цунна тӀаьхьа бахара дукхаха болу гӀалин бахархой а. СаӀудгӀар тӀом ца беш дӀалецира яссаелла гӀала. Цул тӀаьхьа Дирийн эмират коьрта ницкъ хилира Недждехь.

Эр-Рияд йоьжначул тӀаьхьа СаӀудгӀеран коьрта мостагӀ хилира Диламан а, йерриг Эль-Харджан а эмир Зайд ибн Замиль. Наджранхошца аьттонза барт бан гӀоьртина, эмир Зайд дӀакхийтира ваххьабийгӀарах, амма сихха ямартло йира царна. СаӀудгӀеран кхин мостагӀа — бану халид тайпанара Арайар, цӀеххьана велира, дирийхоша цуьнан махкахь питанца вовшашца нах эгӀийра, мостагӀа гӀелвеш. Изза хьал хилира Эль-Харджехь Зайд ибн Замиль 1783 шарахь вийначул тӀаьхьа.

Эр-Рияд йоьжначул тӀаьхьа СаӀудгӀеран коьрта мостагӀ хилира Диламан а, йерриг Эль-Харджан а эмир Зайд ибн Замиль. Наджранхошца аьттонза барт бан гӀоьртина, эмир Зайд дӀакхийтира ваххьабийгӀарах, амма сихха ямартло йира царна. СаӀудгӀеран кхин мостагӀа — бану халид тайпанара Арайар, цӀеххьана велира, дирийхоша цуьнан махкахь питанца вовшашца нах эгӀийра, мостагӀа гӀелвеш. Изза хьал хилира Эль-Харджехь Зайд ибн Замиль 1783 шарахь вийначул тӀаьхьа.

17831786 шарахь Недждехь чӀогӀа йоьӀалла хӀоьттира, цуо мацалла хӀоттийра. Ваххьабийш гуо бина Эль-Хардж декъаза хьолехь йара. 1785 шарахь Дилам штурм йина йаьккхира, эмир Барак ибн Зайд а, цуьнан агӀончаш а байира, ткъа бахархоша байӀат дира Ӏабдуль Ӏазизан. Оццу шерашкахь куьйга кӀела йалийра СаӀудгӀарна Эль-Афладж а, Эд-Давасир а.

Цу тӀаьхь йуккъера Ӏаьрбийчоьнан латтанийн консолидаци Эд-ДирӀан гуонахьа чекхйаьлира. Амма цхьаццанхьа гӀовттамаш-м хилира, меттигера эмираш лара мегар дацара СаӀудгӀеран мостагӀий. Берриш уьш бара ах маьрша вассалаш, йа Ӏабдуль-Ӏазиза хӀиттийна куьйгалхой.