Яхиханов, Рустам Хожаевич

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Рустам Хожаевич Яхиханов
Вина терахь 1986 шеран 20 июль({{padleft:1986|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:20|2|0}}) (33 шо)
Вина меттиг Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР
Корматалла художник
Гражданалла ССРСFlag of the Soviet Union.svg ССРСРоссиFlag of Russia.svg Росси
Да Хожа
Images.png Арахьара суьрташ
Image-silk.png Рустам Яхиханов

Рустам Хожаевич Яхиханов (1986 шеран 20 июль, Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР) — нохчийн художник, Российн художникийн союзан декъашхо.

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Вина 1986 шеран 20 июлехь Соьлжа-ГӀалахь. 20002002 шерашкахь иза ихира Соьлжа-ГӀалара №14 йолу берийн исбаьхьаллин школе. 2005 шарахь иза деша вахара Репинан цӀарах йолу Санкт-Петербурган пачхьалкхан сурт дилларан а, скульптуран а, архитектуран а институтан сурт дилларан факультете. 2009 шарахь цунна Российн исбаьхьаллин академис «Дешарехь бина кхиамашна» цӀе йолу медаль елира.

2010 шеран августехь цо дакъа лецира Российн а, Финляндин а цхьана йолу практикехь Финляндехь. 2010 шеран сентябрехь иза студентийн тобан юкъахь Китае вахара цера культура йовза а, практикех чекхвала а. 2011 шарахь иза вахара Черногори практике а, зеделларг дийцарахьам а. 2011 шарахь цо чекхъяккхира Репинан цӀарах йолу институт. Пачхьалкхан аттестацин комисси цуьнан «Дай баьхна латта» цӀе йолу дипломан балхан чӀогӀа реза хилира.

2011 шо дуьйна иза ву А. А. Мыльников куьйгалхо волу монументан сурт дилларан Кхолларалин пхьалгӀан кхолларалин белхало ву. 2012 шо дуьйна иза ву Российн художникийн союзан декъашхо.

Яхиханован гайта хӀоттамаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • 2001 — лерина шен гайта хӀоттам (Юккъера Соьлжа-ГӀалин библиотека, Нохчийн Республика);
  • 2001—2011 — Нохчийн Республикан гайта хӀоттамашкахь дакъа лацар (Соьлжа-ГӀала);
  • 2002 — шен лерина гайта хӀоттам (Несара, ГӀалгӀайн Республика. И хӀоттам йина Чехин «ЦӀен жӀарас» тӀемах боьвдачарна гӀо деш);
  • 2003 — Нохчичоьн берийн гайта хӀоттам («Соьлжа-ГӀалин музей меттахӀоттаяр» цӀе йолу Пачхьалкхан Третьяковски Галерейн проект);
  • 2003 — шен лерина гайта хӀоттам («Ткъес» цӀе йолу арахоьцийлан гайта хӀоттаман зал, Соьлжа-ГӀала);
  • 2006 — И. Е. Репинан цӀарах йолу институтан практикехь болу студентийн аьхкенан белхийн гайта хӀоттам;
  • 2007 — регионашна юкъара гайта хӀоттам «Российн Къилба» (Соьлжа-ГӀала);
  • 2007 — шен графикин гайта хӀоттам (Соьлжа-ГӀалин юккъера гӀалин библиотека);
  • 2008 — «Паччахьан таллар» цӀе йолу гайта хӀоттам (Москва);
  • 2009 — Нохч-ГӀалгӀайн художникий союз кхолларан кхолларан 70 шо кхачаран лерина Нохчичоьн а, ГӀалгӀайчоьн а художникийн гайта хӀоттам (Санкт-Петербург);
  • 2010 — И. Репинан цӀарах йолу институтан а, А. Герценан цӀарах йолу Российн пачхьалкахан хьехархойн институтан студентийн цхьана бина гайта хӀоттам;
  • 2010 — А. Быстрован монументан сурт дилларан пхьалгӀан студенташ дехкина суртийн гайта хӀоттам;
  • 2011 — А. Быстрован монументан сурт дилларан пхьалгӀан студенташ йина композицийн гайта хӀоттам;
  • 2011 — И. Репинан цӀарах йолу институтас арахецна студентийн дипломан белхийн гайта хӀоттам;
  • 2011 — Гуьренан кегирхойн гайта хӀоттам (Художникийн союзан гайта хӀоттаман залан филиал, Санкт-Петербург);
  • 2011 — Ерригроссийн кегирхойн гайта хӀоттам (Москва);
  • 2012 — БӀаьстенан гайта хӀоттам (Санкт-Петербург)
  • 2012 — Нохчийн Республикан къона художникийн гайта хӀоттам (Соьлжа-ГӀала);
  • 2012 — ICIF 2012 (Шэньчжэнь, Китай);
  • 2012 — И. Е. Репинан цӀе йолу институтан къона художникийн гайта хӀоттам (Владикавказ, Къилбаседа ХӀирийчоь);
  • 2012 — Къилбаседа Кавказан къона художникийн гайта хӀоттам (Москва);
  • 2012 — Гуьренан гайта хӀоттам (Санкт-Петербург);
  • 2012 — «Сийлахь баккхи говзанчийн тӀаьхье» цӀе йолу дипломан белхийн гайта хӀоттам (Москва)

Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Александр Новосёлов. Вадим Каджаев. Рустам Яхиханов.. — Санкт-Петербург: Типография «НП-принт», 2013. — С. 136-137. — 180 с. — 500 экз. — ISBN 978-5-903677-27-6

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]