Ясаков, Руслан Каимович

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Ясаков Руслан (Суламбек) КъахӀиман кӀант
Ясаков Руслан.jpg Ясаков Руслан КъахӀиман кӀант
Вина терахь 1948 шеран 20 октябрь({{padleft:1948|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:20|2|0}}) (70 шо)
Вина меттиг Атасу, Жанааркин кӀоштан Карагандан областан, Кхаз.ССР, ССРС
Корматалла литератор
Гражданалла ССРС ССРСРосси Росси
Да КъахӀим
Нана Халипат
Зуда Розат
Бераш 2 йоӀ, 2 кӀант

Яса́ков Русла́н Каимович (1948 шеран 20 октябрехь, ССРС, Кхаз.ССР, Карагандан областан, Жанааркин кӀоштан Атасухь) — нохчийн литератор, публицист[1]. Тайпана Ӏаларо.

Биография[нисъе | нисъе чухулара]

Руслан вина нохчий махках баьхначу заманахь 1948 шарахь Кхазакхстанан Карагандан областехь. Цуьнан 10 шо кхочуш церан доьзал цӀехьа бирзира шайн Даймахка, шайн дай баьхначу эвла Теркан кӀоштарчу ЧӀулга-Юрта 1958 шарахь. 1967 шарахь чекхъяьккхира юккъера ишкол, ткъа шолгӀачу шарахь Руслан Советийн эскаре вигира.

1970 – 1982 шерашкахь Руслана белхаш дира Ростовн областехь а, ГӀалмакхойчохь а тайп-тайпанчу совхозашкахь шофер, киномеханик, электрик даржашкахь. Цул тӀаьхьа Руслан кхелхира Кхазакхстанерачу Уралан областе, цигахь шофер болх бина 1985 шарахь кхелхира Волгоградан областерчу Дубовка гӀала. Цигахь чекхъяьккхира юьртабахаман техникум, зоотехник говзаллица[2].

Доьзал[нисъе | нисъе чухулара]

Русланан да Ясаков КъахӀим нохчий арабахале а, дешна вара. Цуо чекхъяккхира Асламбекан цӀарах йолу Эна-Хишкара хьехархойн училище. ЦӀехьа бирзинчул тӀаьхьа ЧӀулга-Юртан юккъерачу ишколехь нохчийн мотт а, литература а хьеха волавелира. И болх КъахӀима 1987 шарахь шен Ӏожалла тӀекхаччалц бина, масех чкъор юьртахойн Ӏамийра[3].

Русланан дас-нанас КъахӀима а, Халипата а, даиман шайн боккха доьзал кхиош-кхетош когаш тӀе хӀиттийра. Церан доьзалехь виъ кӀант а вара, шиъ йоӀ а яра.

Публикации[нисъе | нисъе чухулара]

Дуьххьара зорба туьйхира Руслан Къилбаседакавказан тӀеман гуон газетехь «ЦӀиен байракх», эскарехь а волуш. Цуьнан дуккха а статьяш араевлира Уралан областан а, Волгоградан областан а меттигерачу газеташкахь.

1990 шарахь дуьйна Русланан публикацеш арайовла юьйлаелира Теркан кӀоштан «Теркйист» газетехь а, республикан массин хаамийн гIирсашкахь, газеташкахь «Нохч-ГӀалгӀайчоьнан аз», «Республика», «Республикан хаамаш», журналашкахь «Вайнах», «Нана»[4].

Творчество[нисъе | нисъе чухулара]

2010 шарахь Пиетарбухан «Белые ночи» арахецаралло зорба туьйхира Русланан оьрсийн маттахь йолу историн роман «Отшельник и соловей», юха романан тираж ца тоьина шозлагӀа арахийцира Уфарачу «Принт» арахецаро.

2015 шарахь Пиетарбухарчу «Регион-Про» арахецаро зорба туьйхира Русланан оьрсийн маттахь йолу историн-политологин очеркаш «Древнейшие инструменты политики: террор, подкуп, религия и язык»[5].

2018 шарахь Пиетарбухарчу ООО «Трувор» арахецаро зорба туьйхира Русланан оьрсийн маттахь йолу историн очеркаш «Некоторые лакуны историографии Чечни» цӀе йолу.

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Журнал «Нана» №7-9 (151), 2016г.
  2. Журнал «Нана» №7-9 (151), 2016г.
  3. Журнал «Нана» №7-9 (151), 2016г.
  4. Журнал «Нана» №7-9 (151), 2016г.
  5. Журнал «Нана» №7-9 (151), 2016г.