Чулацаман тӀегӀо

Яндаре

43°16′09″ къ. ш. 44°54′31″ м. д.HGЯO
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди


Эвла
Яндаре
43°16′09″ къ. ш. 44°54′31″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх  Росси
Регион ГӀалгӀайчоь
Муниципалан кӀошт Несаран кӀошт
Истори а, географи а
Йиллина 1843
Хьалхара цӀерш Райдзаст, Яндырка[1]
Климатан тайпа барамера континенталан
Бахархой
Бахархой 9206[2] стаг (2020)
Къаьмнийн хӀоттам гӀалгӀай
Динан хӀоттам бусулбанаш-сунний
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код +7 8732
Поштан индекс 386138
Код ОКАТО 26220860001
Код ОКТМО 26605450101
Картин тӀехь
Яндаре картан тӀехь
Яндаре
Яндаре картан тӀехь
Яндаре
Яндаре картан тӀехь
Яндаре

Я́ндаре[3] (гӀалгӀ. Яндаре) — Российн Федерацин ГӀалгӀайчоьнан Несаран кӀоштара эвла. Кхуллу цхьана юьртах лаьтта муниципалан кхоллам Йуьртан меттиг Яндаре[4][5].

Эвла лаьтта Эльдархан-ГӀалан къилбехьа, кӀоштан йукъ йолчу Несара-ГӀалан къилбаседа-малхбалехьа, Сурхо-ХитӀен малхбалехьа.

Цхьана версица оцу махкахь, цу декъахь Яндаре эвлан дакъа а, хилла шира гӀала-мегаполис МагӀас — юккъерабӀешерийн полиэтносан пачхьалкхан Аланин коьрта гӀала[6].

XVIII бӀешерийн юьххехь хӀинцалера Яндаре йолчохь лаьттина гӀебартойн элийн ЕндаровгӀеран эвла, церан цӀарах тиллина йуьртан цӀе, ткъа иштта доьду хи Эндерипс (хӀинца Яндар-хи). Сих-сиха орстхой (нохчий) а кхий болу нохчий а, гӀумкий тӀелетар бахьнехь, гӀебартойн эвланаш кхелхира ГIалми хи йистте а, Ташхойн рагӀ тӀе а, ткъа Соьлжан йист лелайора дежийлаш санна[7].

1763 шарахь болабеллачу Оьрсийн-Кавказан тӀамехь, оьрсийн эскарш масийттаза тӀелетар бахьнехь, Жима ГӀебарта яссаелира, 1772 шарахь орстхоша караерзийра Ӏас хин лахенаш а, Карасу-Яндырь олу меттиг а, кхоьллира Йоккха а, Жима а Яндаре эвланаш[8].

1825 шеран майхь — июнехь, коьртехь Таймин Биболатан накъост, юьртда ЦӀечойн Джамбулат а волуш, гӀевттира Яндарен бахархой, амма иза охьатаӀийра, Джамбулат лецира, инарлан Ермоловн омарца вийра[9].

1833 шарахь Яндаре юха а гӀаьттира коьртехь Азаматов Джанхот волуш. Оццу шеран июлехь эскарша иза а охьатаӀийра. Азаматов Джанхотан а, цуьнан гергарчеран а цӀенош дагийра. Ерриг эвла ца ягош сацийра Несарара гӀалгӀайша гӀолацарна[10].

1843 шарахь эвла ягийра паччахьан эскарша, ткъа латта совгӀатан делира паччахьан эпсарна Мальсаговн болх дика барна. МальсаговгӀар тахана а латтош ду Яндарера дуьххьарлера цӀа, иза когаметтачун дуьсуш схьадогӀу, хӀинца цуьнан да ву Мальсагов Адам Ахьмад воӀ.

Инфраструктура

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Юьртахь ду 1 рузбанан а, 4 джамаӀатан а маьждиг, 3 юккъера ишкол, хьуьжар, ткъа иштта йуьртан библиотека а, амбулатори а. Маьждиган гена доццуш чурт ду 1941—1945 шерашкара Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхошна лерина.

Бахархойн дукхалла
1926[11]2002[12]2006[13]2007[13]2008[13]2009[13]
218510 63110 97511 06311 25411 392
2010[14]2011[14]2012[14]2013[14]2014[15]2015[16]
798080098155825184568619
2016[17]2017[18]2018[19]2019[20]2020[2]
86808786884990889206
Къоман хӀоттам

2010 шеран Ерригроссийн бахархой багарбаран[21] жамӀашца

  • гӀалгӀай — 7 873 ст. (98,7 %),
  • кхин берш — 107 ст. (1,3 %).

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. K-38 карты Генштаба СССР. Тбилиси, Ереван, Грозный, Нальчик.
  2. 1 2 Численность постоянного населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2020 года. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 24 апрель. Архивйина 2020 шеран 24 апрелехь
  3. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. - Русско-чеченский словарь - 1978
  4. Закон Республики Ингушетия от 23 февраля 2009 года № 5-рз «Об установлении границ муниципальных образований Республики Ингушетия и наделении их статусом сельского поселения, муниципального района и городского округа»
  5. Поиск кодов ОКАТО. Сельское поселение Яндаре, Назрановский район Архивйина 2015-11-18 — Wayback Machine
  6. Исторический проект «Ингушетия:Исторические Параллели». АЛАНЫ в I—IX вв. Ghalghay.com (28 ноября 2009). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 9 ноябрь.
  7. Нухажиев Н. С., Умхаев Х. С., «В поисках национальной идентичности», Грозный, 2012 г.
  8. Бутков П. Г., «Материалы для новой истории Кавказа с 1722 по 1803 гг.», СПб., 1869 г.
  9. http://serdalo-gazeta.livejournal.com/534515.html
  10. Кодзоев Н.Д., 2011.
  11. Список населенных мест Ингушской автономной области составленный по материалам всесоюзной переписи 1926 г.
  12. Всероссийская перепись населения 2002 года. Том. 1, таблица 4. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, районов, городских поселений, сельских населённых пунктов - райцентров и сельских населённых пунктов с населением 3 тысячи и более. Архивйина 2012 шеран 3 февралехь
  13. 1 2 3 4 Численность населения республики Ингушетия по населённым пунктам 2006-2012 года. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 17 октябрь. Архивйина 2013 шеран 17 октябрехь
  14. 1 2 3 4 Оценка численности населения 2010-2013. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 23 август. Архивйина 2014 шеран 23 августехь
  15. Таблица 33. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2014 года. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 2 август. Архивйина 2014 шеран 2 августехь
  16. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2015 года. ТӀекхочу дата: 2015 шеран 6 август. Архивйина 2015 шеран 6 августехь
  17. Численность населения Республики Ингушетия по состоянию на 1 января 2016 года в разрезе населённых пунктов. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 8 август. Архивйина 2016 шеран 8 августехь
  18. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2017 года (2017 шеран 31 июль). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 31 июль. Архивйина 2017 шеран 31 июлехь
  19. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2018 года. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 25 июль. Архивйина 2018 шеран 26 июлехь
  20. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2019 года. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 31 июль.
  21. ВПН том 4. Таблица 4. Население по национальности и владению русским языком Республики Ингушетия. Архивйина 2016-03-06 — Wayback Machine