Якубу, Изабель

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Якубу Изабель
фр. Isabelle Yacoubou
Якубу Изабель 2013 шарахь
Якубу Изабель 2013 шарахь
Францин байракх Танго Бурж Баскет— № 4
Позици Центровой
Харц цӀераш Isa, Baby Shaq
Локхалла 195 см
Йозалла 100 кг
Гражданалла ФранциFlag of France.svg Франци / Бенинан байракх
Йина терахь 1986 шеран 21 апрель({{padleft:1986|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:21|2|0}}) (36 шо)
Йина меттиг Годомей, Бенин
Драфт КъБА 32-гӀа, 2012, Атланта Дрим

Командаш
Долара совгӀаташ а, кхиамаш а
Мидалш
Олимпийн ловзарш
Дети Лондон 2012 баскетбол
Европин чемпионаташ
Деши Латви 2009
Борза Польша 2011
Дети Франци 2013
Дети Мажарчоь / Румыни 2015
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Якубу Изабель (фр. Isabelle Yacoubou; йина 1986 шеран 21 апрелехь, Годомейхь, Бенинехь) — французийн профессионалан баскетболхо, ловзу центровойн амплуахь. ХӀинца ловзуш йу французийн «Танго Бурж Баскет» клубехь. Францин къоман гулйина командин йукъахь хилла 2012 шеран Лондонера Олимпийн ловзарийн детин совгӀатхо[1].

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Карьера[нисйе бӀаьра | нисйе]

Якубу Изабель йина 1986 шеран 21 апрелехь Годомей гӀалахь, Бенин, цигахь йехира 2005 шо кхаччалц. 2003 а, 2005 шерашкара кегийрхошна йукъара дуьненан чемпионаташкахь иза ловзура Бенин йукъахь. Французийн Тарб Жесп Бигор дехьайаьллачул тӀаьхьа тӀеийцира Францин гражданалла. Францин зударийн кегийрхойн гулйина командин йукъахь Якубус 2006 шеран Европин чемпионатехь борза а даьккхина, турниран MVP хилира. Коьртачу командехь хьалхара матч левзира 2007 шеран 11 августехь Швеци командин дуьхьаларчу матчехь. Дакъалецира 2012 шеран олимпийн ловзаршкахь, цигахь Францин гулйина команда финале кхечира, цигахь ийшира АЦШ гулйина командина.

2012 шарахь цуьнан Валенсера клуб Рос Касарес туьйлира Евролигехь а, Испанин чемпионатехь а.

2012 шеран 11 апрелехь Якубу йукъара 32-гӀа лоьмарца хаьржира ЗКъБА драфтехь «Атланта Дрим» командо, амма иза ца ловзийтира ЗКъБАхь Европин ловзархошна хӀоттийна хенал йоккха хиларна.

2012/2013 шо доладалале контракт йаздира Москохан областера «Спарта&К» командица.

Кхиамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Якубу Изабель Лондонехь

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Women's Basketball (ингалс.). london2012.com(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Olympic Games London 2012. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 4 декабрехь. Теллина 2012 шеран 30 июлехь.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]