Яковлев, Николай Феофанович

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Николай Феофанович Яковлев
Яковлев Николай Феофанович.jpg
ГӀуллакхан тайпа

лингвистика

Вина терахь

1892 шеран 10 (22) май({{padleft:1892|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:22|2|0}})

Вина меттиг

Волгоградан область

Кхелхина терахь

1974 шеран 30 декабрь({{padleft:1974|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:30|2|0}}) (82 шо)

Кхелхина меттиг

Москва, СССР

Корматалла

абаташ кхоллар

Гражданалла

ССРС СССР

Никола́й Феофа́нович Я́ковлев (1892 шеран 22 (10) май — 1974 шеран 30 декабрь) — советски лингвист-кавказовед, фонолог, социолингвист, абатийн кхоллархо, таханлера нохчийн абат кхоьллинарг.

Дахар[нисъе | нисъе чухулара]

Иза винера элий гӀалгӀазакхий хӀусамехь Булгурино юртехь (тахана Волгоградан область). Цо Москвахь гимназехь дишира, 1916 шарахь Москван университет чекхъяккхира. Иза вара Москван лингвистийн кружок кхоьллинчарех цхьаъ. Цуьнан хьехархо вара Ф. Ф. Фортунатов.

1917 шарахь цо дакъа лецира Москвахь большевикаш Ӏедал даккъарехь. Иштта иза РКП(б) декъашхо хилира. 1918 шарахь иза волавелира Ӏилман болх бан.

Граждански тӀом болучу хенахь юрхош цуьнан нана дийна йолушехь лаьттах дӀайоллира. Цуьнан ваша кӀайн эскирехь тӀом беш вара. Шен эскир эшинчултӀехь иза Туркойчоь ведира.

1920 шо дуьйна цо хӀора шарахь йора Къилбаседа Кавказан а, ДегӀастан а къаьмний меттанаш толлуш экспедициш.

Иза вара Керла абатан ерригсоюзан юккъера комитетан Технографически комиссин председатель. И комисси яра йоза доцу (я Ӏаьрбийн йоза долу) къамнийн абаташ кхуллуш. Иштта Яковлев дакъа лоцуш вара оьрсийн мотт латинан абате боккхархьам кхоьллина комиссин балхехь. Цо кхоьллира меттан фонологи хьаьжна абатан математикин формула. Цо элира абаташ кхоьллина нахехь лаьцна (Ульфил, Месроп Маштоц, Кирилл а, Мефодий а) уьш Ӏаламан фонологаш бу аьлла. Цо юкъаехира диграфаш а, гӀонан хьаьркаш а кавказан абаташкахь (масала, къ, кӀ). Иза вара кавказан меттанашах лаьцна дукха белхий автор.

1930-гӀа шерашкахь иза марризман позице велира.

Москван малхбалин Ӏилманийн институтан профессор (1946), Кхоьчу пачхьалкхийн меттанийн тӀеман институтан профессор, филологийн Ӏилманийн доктор (1947). Меттанийн а, ойлаяран а институтан белхало (1936), 1942—1950 шерашкахь оцу институтехь кавказан меттанийн секторан куьйгалхо.

Сталинас марризм хӀаллакйиначултӀехь 1950 шарахь Яковлев массо а меттера балхара дӀавеккхира. Цунна синӀаткъаман цамгар кхитира. Оцу хьолехь иза ша валлалц 20 шарахь сов вехира.

Доьзалла[нисъе | нисъе чухулара]

Н. Ф. Яковлеван йоӀ йоӀ ю яздархо Людмила Петрушевская.

Ӏилманий белхаш[нисъе | нисъе чухулара]

  • Таблицы фонетики кабардинского языка. М., 1923 (фонологическая часть перепечатана в журнале «Вопросы языкознания», 1983, № 6, с. 128—134);
  • Ингуши, М. — Л., 1925;
  • Материалы для кабардинского словаря, М., 1927;
  • Краткая грамматика адыгейского (кяхского) языка для школы и самообразования. 1930 год (в соавторстве с Д. А. Ашхамаф);
  • Синтаксис чеченского литературного языка, М. — Л., 1940;
  • Грамматика адыгейского языка. Совместно с Д. А. Ашхамаф. 1941;
  • Грамматика литературного кабардино-черкесского языка, М. — Л., 1948.

Литература[нисъе | нисъе чухулара]

  • Алпатов В. М. Москва лингвистическая / Научный совет Российской Академии наук по изучению и охране культурного и природного наследия. — М.: Изд-во Института иностранных языков, 2001. — С. 30 - 34. — 104 с. — (Природное и культурное наследие Москвы). — 500 экз. — ISBN 5-88966-028-4
  • Людмила Петрушевская. Маленькая девочка из «Метрополя»

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]