Яйн атлетикин федерацийн дуьненаюкъара ассоциаци

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Дуьненан яйн атлетика
Дакъалла 212 къоман ассоциаци
Штаб-квартира МонакоFlag of Monaco.svg Монако, 6-8, Quai Antoine 1er
Организацин тайпа Спортан федераци
Официалан меттанаш ингалсан а, французийн а
Куьйгалхой
Президент Себастьян Коу
Кхоьллар
Кхоьллина 1912 шеран 17 июль
worldathletics.org
Commons-logo.svg Дуьненан яйн атлетика Викилармехь

«Дуьненан атлетика», Россехь ламаст хилла гочдо «Дуьненан яйн атлетика» (инг. World Athletics олий; 2001 шо кхачале — Спорт езархойн дуьненаюкъара федераци инг. International Amateur Athletics Federation; IAAF; 2001 шерера 2019 шеран октябрь кхаччалц — Спорт езархойн дуьненаюкъара ассоциаци, ИААФ инг. International Association of Athletics Federations; IAAF) — спорт езархойн дерриг дуьненан урхаллин кхоллам. ХӀунда аьлча дозанал арахьа «атлетика» дашо кхетадо муьлхха а спорт, царна юкъахь спортан вовшахлатар а, дозанал арахьа кхолламан декъахой яйн атлетика хилла ца Ӏа, амма кхин спортан тайпанаш а ю.[1]. Кхоьллина 1912 шарахь хьалхарчу конгрессехь Стокгольмехь, Швеци.

2001 шарахь «хӀокху заманан яйн атлетикин статус, шен говзанчашна маркетинган программех а, телевизионан бакъонаш юхкуш а хуьлачу санца гӀолоцу спортан тайпа санна, гайта Ӏалашо йолуш» цӀе хийцира[1].

ИААФ кхоьллина билгалабоцучу хенан муьран юридически ассоциацин статусца, Монакон законашца.

2011 шарахь ИААФ декъахо бара 212 мохк[2] (ФИФАл а 3 мохк сов бу, 20 векал сов ву ВКЪКХал)[3]. 1933 шарахь кхолламан штаб-квартира охьахиира Монакохь, цигахь хӀинца а ю. Президент — Коу Себастьян (Йоккха Британи).

Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]

1912 шеран 17 июлехь, Олимпийн ловзарийн яйн атлетикин программин къовсамаш чекхбевлла ши де даьлча, Стокгольмехь хилира Конгресс. Иза Езархойн яйн атлетикин дуьненаюкъара федерации кхолларна лерина яра. Оцу гуламехь вара 17 мехкан векал: Австралин, Австрин, Бельгин, Канадин, Чилин, Данин, Мисран, Финляндин, Францин, Германин, Желтойчоьнан, Мажарчоьнан, Норвегин, Российн, Швецин, Йоккха Британин, АЦШн. яйн атлетикин дуьненаюкъара куьйгаллин меже кхолла хан кхаьчна, дуьненаюкъара къовсамаш а, Олимпийн ловзарш а кхиар бахьнехь. Универсалан Бакъонийн а, хьолан а гулам, дерриг дуьненахь тӀеоьцур йолу езараллин юкъара билгало, дуьненан а, Олимпийн а рекордийн регистраци яр дийцира цигахь. И Стокгольмера гулам зиеран гӀулч яра, тӀаккха а ИААФ лору иза шен хьалхара Конгресс, цунна тӀаьхьарчу Конгрессаша чот лелайо цунна тӀийра.

1913 шарахь Берлинехь Конгрессо чӀагӀйира хьалхара Конституци, хьалхарчу декъахойн испискехь яра 34 къоман федераци. Зигфрид Эдстрем (Швеци) хаьржира президент, Кристиан Хеллстрем — сийлахь секретарь. Дуьненаюкъара къийсамийн хьалхара Техникин Бакъонаш гайтира 1914 шарахь кхоалгӀачу Конгрессехь Лионехь (Франци) керлачу сийлахь секретара Хилдинг Кьеллмана (Швеци), ткъа къоман федерацешна уьш чӀагӀйина шайн меттигерачу къийсамашкахь лелор дика дора.

2012 шарахь йина ИААФан сийнан зал.

Официалан партнераш[4][нисъе бӀаьра | нисъе]

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. 1 2 Александра Кноке, Иштван Дьюлаи, Ник Дэвис Справочник легкоатлета = Athletes` Handbook. — М.: Московский региональный центр развития ИААФ, 2006. — 50 с.
  2. в ноябре 2010 из состава вышли Нидерландские Антильские острова
  3. Статья на официальном сайте чемпионата мира по лёгкой атлетике 2007(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2007 шеран 11 сентябрехь. Теллина 2007 шеран 31 августехь.
  4. Партнёры IAAF
  5. http://www.di-sport.com/ru/news/brand/48/(ТӀе цакхочу хьажорг)
  6. Seiko — часы чемпионата мира по легкой атлетике
  7. Нефтедобытчики Sinopec стали спонсорами IAAF Архиван копи 14 майхь 2013 дуьйна Wayback Machine тӀехь
  8. Страница легкой атлетики на vtbrussia.ru
  9. ВТБ продолжит спонсировать легкоатлетические соревнования

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]