Язола

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Горгалган язола

Язола — тӀаьхь (дукхах дерг кехат тӀехь) шекъан лар юьту яздаран гӀирс. Язолийн масийтта кеп хуьлу:

Гарголган а, гелийн а язоргашкахь наггахь леладо «довшдолу» шекъа.

Термин а, истори а[нисъе | нисъе чухулара]

Чу хуьйцу металлан месаш хӀоттош йолу язола.

Яздаран месаш евза ширачу заманахь, вайн эрал 3000 шо хьалха дуьйна, еш хилла эрзах. Ингалсан дош «pen» (язола, олхазаран мас) схьадаьлла латиан дешах «penna» (олхазаран мас), яздеш лелайора юьхьиг орамехь ирйина гӀезан месаш. Уггаре дика язолаш кечйора гӀургӀазийн, москалийн, гӀезийн тӀемаш тӀийра яккхийчу месех. Помпейн саьлнашкахь археологин карийна борзан месийн варианташ, амма уьш ца яьржира XVIII бӀешо чекхдолуш бен. БӀешераш тӀаьхьа юкъаевлира автоязолаш, капилляраллин система царна дагаеира Нью-Йоркан Канцелярин сурсаташ духкучу йохк-эцархочун Л. Е. Уотерманан (L.E. Waterman).

1944 шо герга даханчу хенахь мажархочо Ласло Бирос (László Bíró), тӀаьххьара машенийн а, герзан а гарголгийн подшипникан методашна тӀетевжина, капилляран татолна тӀетуьйхира гарголган механизм, тӀаккха дуьненна а гайтира гарголган язола.

Нохчийн термин «язола» схьадаьлла яздар дешах.

Йозан гӀирсан эволюци[нисъе | нисъе чухулара]

Йозан гӀирсан эволюцин ду 6000 шо сов, билгалдаьлла технологеш а, йозан хьесапаш хийцинчу муьрашца, доца дийцича иштта го:

  • Вайш эрал 4000-3000 шо гергга хьалха — адамо сизнаш доху тӀуьна поппаран уьн тӀехь борзанан я даьӀахкан гӀажца.
  • Вайш эрал 3000 шо гергга хьалха — мисархоша буьйлабелла шайн кхолламашкахь суьрташ дахка. Папирусан тептар тӀе йоза яздо юткъачу эрзан щетканца я масца.
  • Вайш эрал 1300 шо гергга хьалха — румхоша йозанна леладора дуткъа балоз хьаькхна дечиган тахтанаш а, металлан мас а. Яздинарг дойу месан шолгӀа юьхьигца.
  • Юккъера бӀешераш — пергамент йоцуш, ингалссаксаш лелайо тӀе балоз диллина тахтанаш. Цара яздо металлан я даьӀахкан цхьа агӀо ирйина, ткъа вукха агӀоно дӀайойу месашца.
  • 600—1800 ш. ш. — ирйина мас лелаяро йозан хатӀ хуьйцаран тидам бина европахоша. Хьалха цара леладо даккхий элпаш, амма тӀаьхуо юкъадовлу кегийнаш яз сиха дархьама. Месан язола (гӀезан мас), дуьххьара юкъаяьлла Севильяхь (Испани), иза яздаран гӀирс санна лелийра вайн эран 600 - 1800 шерашкахь.
  • 1790-гӀа — грифелан къолам юкъабаьккхина, вовшен дозуш доцуш, Францехь а, Австралехь а.
  • 1800—1850 — металлан месан язолан патент яьккхира 1803 шарахь, амма патент коммерцин Ӏалашонна ца лелийра. Болатан месаш юкъаралло лело йолийра 1830-гӀа шерашкахь. XIX бӀешарахь металлан язолаш аратеттина юкъара яха йолийра гӀезан месан язолаш. 1850-гӀа шерашкахь гӀезан месаш лелор хаъал лагӀделира, болатан язолаш тойича, месаш ян йолийра дезачу лаламашца тӀе иридий, родий, осмий тухуш.
  • 1884 — страховой агент волчу Льюис Эдсон Уотермен (Lewis Edson Waterman) юкъаяьккхина дуьххьарлера автоязола.
  • 1888—1916 — горгалган язолан белхан хьесап юкъадаккхаран хан ю XIX бӀешо чекхдолу зама. 1888 шарахь патент делла Джон Лаудан (John Loud), 1904 шеран 3 майхь — Джордж Паркеран, 11916 шарахь — Ван Вечтен Райзберган (Van Vechten Reisberg). Кхечу патентех къаьсташ, хӀара патенташ коммерцин Ӏалашонна лелийра.
  • 1940-гӀахӀокху заманан горгалган язола юкъаяккхар тӀеяздо Йозефан (Ласло) а, Джорджан а БирогӀарна (лакха хьаьжа). 1943 шеран аьхка йина хьалхара промышленностан экземпляраш. Патентан бакъо ийцира Британин Парламенто. Горгалган язола тӀемалоша лелийра ШолгӀа дуьненан тӀом болчу хенахь, хӀунда аьлчи лело атта а, онда а йолун дела месийн язолел.
  • 1945 — горгалган язола гучуелира АЦШн сурсатийн базаршкахь (патент деллачул 57 шо даьлчи), мах 12,5 доллар бара. Язола юхкура «хин бухахь а яздеш йолу дуьххьарлера язола» бохуш. Аьтту корта хьовзош хилира. Нью-Йоркан йоккхачу универсалан туькан цхьаьна декъо, 29 октябрехь нах делкъана хӀума яа балхара мукъа болуш, 10 000 язола йоьхкира.
  • 1953 — дуьххьарлера дукха еза йоцу горгалан язолааш юкъевлла, BIC Co кхоьллинчу, горгалин язолаш еш волчу французийн баронан Бикан (Bich), аьтту белира уьш яран харжаш хаъал охьаяха технологин процесс тояр бахьнехь.
  • 1960 — Японехь йира фломастер (хьажа лакхахь). 1962-гӀа шарахь фломастераш юкъайовлу американ базарахь, и базар дӀалоцу цуо. Язолаш яран дакъошкахь кхуьу муьлхха а модификацин фломастерш яр, царна юкъахь маркераш а.
  • 1963 — японин Ohto Co компанис йира дуьххьарлера язола-роллер. 80-гӀа – 90-гӀа шераш чекхдовлуш хилла технологин прогрессо хаъал тойира роллераш массо а гайтамца.
  • 1984 — кхечу японин компанис, Sakura Color Products Corp, йира гелийн язолаш.
  • 1990-гӀа — юкъаралло тӀеоьцу тӀехула резина йоьллина язолаш, цара язолан пӀелгаш тӀетаӀийна латтар лагӀдо.

Горгалан язола[нисъе | нисъе чухулара]

Гелийн язолин йоза

Мажарчоьнан журналисто Ласло Бирос (Laszlo Biro) йина. Журналист дуккха а шерашкахь ваьхна Аргентинан гӀалахь, иштта язолехь, цуьнан сийнна «биромаш» олу, эпонимин цӀе «биро» яьржина Европехь а.

Юьхьанца Йоккха Британин Паччахьан тӀеман-хӀаваан ницкъашна лерина яра уьш, хӀунда аьлча месийн автоязолаш болх ца бора хӀаваан кеманаш тӀехь дукха лакхахь.

Горгалан язолаш шина тайпана ю — цкъа лелориг а, чура чӀу хуьцург а.

Шен атталле хьаьжна ца Ӏаш, горгалан язола гӀараяьлла дезчу денна (вина де, балхахь хьалаваккхар, тидам бахийта, кхин а) совгӀат санна. Иштта язола хилла социалан статус гойтург цхьацца юкъараллашкахь. Иштта язолаш йо механа дезачу металлех, ткъа иштта юзу тайп-тайпана жовхарех.

Оьздангалла[нисъе | нисъе чухулара]

  • 1960-гӀа шерашкахь Фишера йира Space язолаш, цаьрга болх балора атмосферан Ӏаткъам ноль болуш а, космосехь а, экстремалан температурашкахь а. Уьш янле американ аэрокосмосан агенталло NASA шен беттан программан къоламаш леладора, амма уьш сих-сиха кеглора, кхераме а дара космонавташна (чӀешалгаш бӀаьрга яха тарлора). Цул сов, дечиг кхераме яра цӀе яларна кислородан атмосферехь. Тидам бан беза, и язолаш шеш яц космосехь лелон йиш йолчарех, горгалган язолаш а иштта дика хуьлу ([1], астронавт Педро Дук).
  • Кхин а ду самукъане легенда-анекдот, цуьнца NASAс доьхкина миллион доллар космосан горгалган язолаш ян гӀерташ, ткъа оьрсаша космосехь къолам лелийна. И масала даладо пайденца шен бала листийтархьама. Бух болуш хӀума-м дац иза[1].
  • Шен шекъа дӀадайа таро йолу язолаш чӀогӀа яьржира 1980-гӀа шераш долалуш 1990-гӀа шераш дуьйладаллалц. Арахецара сийна, Ӏаьржа, цӀиен шекъа долуш. Язолаш юкъара дӀаевлла йовла йохку, шекъа дика ца хиларна, массо хенахь шекъа дӀадойуш ца нисло дера, лело билгала меттиг йоцун дера.
  • Ю гӀараяьлла хобби, иза юкъаяьлла Японехь[2], яьржина дерриг дуьненахь — пенспиннинг, я «язола хьийзор». Оцу манипуляцин кепахь, коьрта роль ю язолан а, пӀелгийн ма́саллан а.
  • 21-гӀа бӀешо долалуш яьржира «тактикан язолаш». Шен куьцаца, изза язолаш тӀусца, амма йина наштарх, титанах я мекх ца дулу болатах. Кхечарех къаьста пенаш стаммий хиларца, бен Ӏаткъамна максимум чӀогӀа хиларца, цуо лело таро йо иза кастет-яваран меттана.

Масца хаамаш чубоху компьютер[нисъе | нисъе чухулара]

Башха манипулятор, тӀехула тера ю язолах, таро ло куьйга хаамаш компьютеран чубаха. Цул тӀаьхьа чудаьхна вастийн интерпретаци янло сийлаллаш оптикаца йовзаран системаца. Хьажа Серлонан мас, Графикан планшет, Сенсоран экран, Стилус.

Хьажа кхин а[нисъе | нисъе чухулара]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]