Юсупов Руслан Хьамидан воӀ
Юсупов Руслан Хьамидан воӀ | |
---|---|
Юсупов Руслан Хамидович | |
Вина терахь | 1955 шеран 29 декабрь (67 шо) |
Вина меттиг | Гуьмсе, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, ССРС |
Гражданалла: |
![]() ![]() |
ГӀуллакхан тайпа: | поэт, публицист |
Жигара шераш: | 1971 — хӀинца а |
Произведенин мотт: | нохчийн, оьрсийн |
Юсупов Руслан Хьамидан воӀ (1955 шо 29 декабрь, Гуьмсе, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, ССРС) — российн нохчийн поэт а, публицист а. Нохчийн Республикин Журналистийн бертан сийлахь председатель, Российн Йаздархойн бертан декъахо. СовгӀат дина «НР парламентаризм кхиорна» орденца[1].
Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]
Юсупов Руслананан да-нана махкахбехира массо а нохчий санна 1944 шеран 23 февралехь Кхазакхийн ССР. Русланан дас, инженер-геолога Юсупов Хьамида, Кхазакхстанан латтанаш тӀехь масех шарахь караерзийра аренаш. Шен даймахка цӀавирзича иза кхелхира 37 шо долуш.[2]
№ 107 йолчу ишколан лакхарчу классашкахь Юсупов Руслана куьйгалла дира кхоллараллин кружокехь, зорба тохара кӀоштан «ЦӀен Байракх» газетехь.[3]
Юсупов Руслан веха Нохчийн Республикин Гуьмсе гӀалахь.
2002 шарахь Юнусов Русланан нохчийн «Гумс» газетан политикин декъан редактор дарж ло, «Вайхах» журналехь зорба туху. Кхин а иза Нохчийн Республикин Президент волчура Йукъараллин Кхеташонан декъахо ву. Шен кхолламаш Юсупов Руслана йазбо оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь.[4]
СовгӀат дина Нохчийн Республикин Оьздангаллин министраллин Лермонтов Михаила Юрьевичан цӀарахчу «Лакхара кхиамашна» мидалца.
2001 шарахь Москохахь арахецна цуьнан дуьххьарлера байтийн гулам «Жоьжахатан чуьра некъ». 2006 шарахь арадаьлла жайна «Синан цӀе». Цул тӀаьхьа, 2015 шарахь арабаьлла кхоалгӀа гулам «Синан озийна мерзаш».[5]
2006 шарахь дуьйна ву Нохчийн Республикин Парламентан хааман-аналитикин урхаллин куьйгалхо.
Емалалла[нисйе бӀаьра | нисйе]
Литературин йемалчаш дикачу агӀора дуьйцу Юсупов Русланан поэзех лаьцна.
«Цуьнан могӀанашкахь паргӀата охьайохку факташ. Цакхоьрруш ала мегар ду, цуьнан байташ гуонахьара дахаран садоӀийлех йуьззина йу,» — билгала доккху И.Хатуевс.
«Юсупов Руслана йаздо оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь. Цуьнан кхолламаш мехала бу халкъана», — лору йаздархочо А.Газиевас.[6]
Литературин емалчо Довлеткиреева Лидас лору Р. Юсуповн байташ "дагах чекхйолу лирика".[7]
Библиографи[нисйе бӀаьра | нисйе]
Шо | Тип | ЦӀе |
---|---|---|
2001 | Байташ | Жоьжахатан чуьра некъ |
2006 | Байташ | Синан цӀе |
2015 | Байташ | Синан озийна мерзаш |
СовгӀаташ[нисйе бӀаьра | нисйе]
Журналистийн Дуьненайукъара къовсамехь «Уггаре дика публикаци» номинацехь толамхо.
Йерригроссийн «Машаре Кавказ» къовсаман лауреат.
«Дешин эрзу» совгӀатан «Къаьмнашна йукъахь доттагӀалла чӀагӀдарна» номинацин лауреат.
«МХГӀ уггаре дика авторан болх» къовсаман» лауреат.
Нохчийн Республикин Интеллектан Центран «Шеран журналист» номинацехь совгӀатан лауреат.
Дуьненайукъара журналистийн «Дешин мас» къовсаман толамхо.[8]
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ 60 лет выдающемуся поэту, журналисту, публицисту Руслану Юсупову
- ↑ Чеченская семья и связь поколений(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2016 шеран 15 августехь. Теллина 2016 шеран 28 июлехь.
- ↑ Руслан юсупов. поэт и гражданин
- ↑ «Из сердца вылившиеся строки» Архивйина 2020-10-28 — Wayback Machine
- ↑ Руслан Юсупов. Осенью — весна.
- ↑ В Национальной библиотеке
- ↑ Литературная газета № 52
- ↑ Поэт и публицист(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2016 шеран 15 августехь. Теллина 2016 шеран 28 июлехь.
Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Бинарш 29 декабрехь
- Бинарш 1955 шарахь
- Адамаш абатца
- Бинарш Гуьмсехь
- Йаздархой абатца
- Нохчийн поэташ
- Нохчийчоьнан Йаздархойн бертан декъашхой
- Российн журналистийн Бертан декъашхой
- Нохчийн йаздархой
- Нохчийн пачхьалкхан университетехь дешнарш
- Нохчийн университетан хьехархой
- Нохчийчоьн Хьакъдолу оьздангаллин белхалой