Масхадова, Аминат

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
(Юлия Артемьева дӀасахьажийна кхузе)
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Olympic pictogram Weightlifting.png
Аминат Масхадова
Гражданалла РоссиFlag of Russia.svg Росси
Йина терахь 1985 шеран 21 август({{padleft:1985|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:21|2|0}}) (34 шо)
Йина меттиг Красноярск, Красноярскан мохк, Росси
Спортан карьера 2002 шо дуьйна
Говзалла еза атлетика
Тренераш
Локхалла 159 см
Йозалла 48 кг, 53 кг

Амина́т Масха́дова (Юлия Артемьева) (1985 шеран 21 август, Красноярск, Красноярскан мохк, Росси) — еза атлетикан а, паргӀата кепар латаран а яхьаллонашкахь дакъа лоцуш йолу хьалхара нохчийн йоӀ, Российн спортан говзанча, масийттуза Российн еза атлетикан чемпионатийн а, турнирийн а толамхо а, совгӀатхо а.

Биографи[нисъе | нисъе чухулара]

Школера ялча цо чекхъяккхира олимпийн резерван доьшийла (училище) цӀен дипломца. Цуьнан говзалла ю тренер-хьехархо, физикин культуран а, спортан а говзанча.

Еза атлетике аьха йолаелла 2002 шарахь. Цуьнан хьалхара тренер вара Сергей Кузовов. БархӀ бутт баьлча цо кхочуш йира спортан говзанчан кандидатан норма. Цхьа шо ах шо даьлча иза спортан говзанча хилира.

Иза 2004, 2006, 2008, 2011 шерашкахь Российн чемпион хилира, 2009 шарахь Российн чемпионатан борзан совгӀатхо. 2008 шарахь цо Российн Кубок яккхира, 2007, 2009, 2010 шерашкахь иза Российн Кубкан дато совгӀатхо хилира.

2009 шо кхаччалц цо яхьаллонашкахь дакъа лоцура «Юлия Артемьева» цӀарца (иза ю цуьнан ненан фамили).

2010 шарахь иза йолаелира паргӀата кепар латар Ӏамо. Цуьнан тренер вара Михаил Гамзин. Гамзинс дукха чемпионаш кечбира, масала, Олимпиадан чемпион Назир Манкиев.

2013 шарахь Аминат хилира Российн еза атлетикан чемпион 48 кг кхаччалц йозаллин категорехь. Амма иза дисквалифицировать йира 2013 шеран 26 июнь дуьйна шина шеран допинг могуьйтуш йоцу бакъонаш талхаяран[1].

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]