Юкъараллин бахам
Юкъараллин бахам — марксизмехь — юкъараллин арахецаран ницкъаш кхиаран билгала тӀегӀанан а, оцу тӀегӀанца йогӀу историн тайпана экономикин арахецаран юкъаметтигийн амал йолу юкъараллин эволюцин тӀегӀа[1]. Арахецаран ницкъаш кхиаран формацин тӀегӀанаш яц, цара билгалдаьккхина арахецаран юкъаметтигийн тайпанашца йогӀур йоцуш[2].
Марксан юкъараллин-экономикин формацеш[нисъе бӀаьра | нисъе]
Маркс Карла постулаташ ца йора, юкъараллин-экономикин формацийн гӀуллакх дуьззина дина даьлла олий, цуо билгалайоккхура тайп-тайпанчу белхашкахь тайп-тайпана формацеш. «Политикин экономин емалле» (1859) белхан дешхьалхенехь Маркс бийцира «экономикин юкъараллин формацин прогрессан муьраш», уьш билгала бохура арахецаран юкъараллин хьесапашца, царна юкъахь дийцира:
- азин;
- антикин;
- феодалан;
- капиталистийн.
В. П. Илюшечкина советийн заманал тӀаьхьа билгалдоккхура, цхьаьна агӀора Маркса боккъала а Гегелан а, Сен-Симонан а тӀаьхьа къастадора арахецаран хьесапаш а, формации а доларчун кепашца, амма кхечу агӀора цуо къастадора капиталистийн арахецаран хьесап юкъараллин арахецаран ницкъаш кхиаран тӀегӀанца а, оцу тӀегӀанца йогӀу историн кепара экономикин арахецаран юкъаметтигашца а — арахецаран ницкъаш кхиаран машенан тӀегӀанан диалектикин цхьаалла санна а, тӀаьххьарчу чоьтехь цунах йоьзна тӀекхетаран-механ тайпана экономикин арахецаран юкъаметтигашца а. «Хала ду ала, — билгалдоккхура Илюшечкина, — цуо [Маркс] стенца куьйгалла дора, иштта хатӀ доцург дийца»[3].
Шен тӀаьхьарчу белхашкахь Маркса луьстура кхоъ «арахецаран хьесап»: «азин», «антикин», «германин»[4], амма официалан къобал йина историн муьрийн пхеа меженан схемин «германин» арахецаран хьесап юкъа ца дахара.
Пхеа меженан схема[нисъе бӀаьра | нисъе]
Чекхъяьккхина юкъараллин-экономикин формацин Маркса формула ца еллехь а, цуьнан ойланаш цхьаьнатохар, маьӀна даккха бух хилира советийн историкашна (В. В. Струвен а, кхечарна а). Цара дуьйцура, Маркса билгалйоккхура пхи формаци алсама йолчу арахецаран юкъаметтигашца а, доларчун кепашца а олий:
- хьалхара юкъара бахаман;
- лоллин;
- феодалан;
- капиталистийн;
- коммунистийн.
Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- ↑ Илюшечкин, 1996, с. 98.
- ↑ Илюшечкин, 1996, с. 100.
- ↑ Илюшечкин, 1996, с. 111.
- ↑ Маркс К., Энгельс Ф. Соч., 2-е изд., М., 1955—1961. т. 48, с. 157, т. 46/I, с. 462-469, 491
Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Андерсон П. Переходы от античности к феодализму. — М.: Территория будущего, 2007. — 288 с.
- Илюшечкин В. П. Теория стадийного развития общества (история и проблемы). — М.: Издательская фирма «Восточная литература» РАН, 1996. — 406 с. — 700 экз.
- Крадин Н. Н. Проблемы периодизации исторических макропроцессов. // История и Математика: Модели и теории / Отв. ред. Л. Е. Гринин, А. В. Коротаев, С. Ю. Малков. — М.: ЛКИ/URSS, 2008. — С. 166-200. — ISBN 978-5-382-00950-6
- Семёнов Ю. И. Теория общественно-экономических формаций и всемирная история // Общественно-экономические формации. Проблемы теории. — М., 1978. — С. 55-89.
- Семёнов Ю. И. Марксова теория общественно-экономических формаций и современность. — 1998.
- Семёнов Ю. И. Производство общества // Социальная философия. Курс лекций. Учебник / Под ред. И. А. Гобозова. — М.: Издатель Савин С. А., 2003. — С. 147-160.