Юккъерчу Италин цхьаьнатоьхна провинцеш

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Историн пачхьалкх
Юккъерчу Италин цхьаьнатоьхна провинцеш
Байракх
Байракх
UnitedProvincesofCentralItaly.png
 Flag of the Grand Duchy of Tuscany (1840).svg
 Flag of the Duchy of Parma.svg
 Flag of the Duchy of Modena.svg
 Vatican 1808 flag.svg
Flag of Italy (1861–1946).svg 
1859 — 1860

Мотт Италийн мотт

Юккъерчу Италин цхьаьнатоьхна провинцеш (итал. Province Unite del Centroitalia) — Юккъера Италин кӀезиг яьхна пачхьалкхан кхоллам, Сардинин паччахьаллех йозу пачхьалкх.

1859 шарахь халкъан революцеш бахьнехь дожийра монархин урхалла Тосканехь, Пармехь, Моденехь, Папин областехь. Оцу мехкашкашка Ӏедале яьхкина правительствош, Сардинин паччахьалле нислуш яра, шайна юкъахь тӀеман барт бира, ткъа 1859 шеран 7 ноябрехь хаьржира Савой-Кариньянски Евгени Эммануил шайн регент. Амма сардинин паччахьо Виктор Эммануил II-гӀачо и харжам тӀе ца чӀагӀбира, цуьнан метта хӀоттийра Бонкомпаньи Карло Юккъера Италин инарла-губернатор, цуо жоп лора оцу пачхьалкхашкарчу тӀеман а, дипломатин а гӀуллакхех.

1859 шеран 8 декабрехь Парма, Модена, Папин областан мохк дӀатуьйхира Эмилин паччахьан провинцех. 1860 шеран мартан плебисциташ хиллачул тӀаьхьа, Юккъера Италин пачхьалкхаш официалан туьйхира Сардинин паччахьаллин юкъа, шо даьлчи цунах йира Италин паччахьалла.