Чулацаман тӀегӀо

Югославин бомбанаш йеттар (1999)

Талланза
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Югославин бомбанаш йеттар
Коьрта конфликт: Косовехь тӀом
Белград цу муьрехь, 1999
Терахь 24.03 — 10.06.1999
Меттиг Югослави БР Югослави
Бахьна Рачакехь шортта нах байъар а, Рамбуйхь чӀагӀам ца бар а
ЖамӀ НАЧӀЦ-ан толам
Хийцамаш Косово а, Метохи а дӀакъастар
МостагӀий

Югослави БР Йугослави

Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

НАТО-н ницкъаша Югославин бомбанаш йеттар (НАЧӀЦ-ан кехаташкахь — йукъараговза болх «Бертан ницкъ», инг. Operation Allied Force; вуьшта а леладо «Оьзда нуьйжа» (инг. Operation «Noble Anvil»[1] Ӏаьмаркехь олург), ткъа Сербийн махкахь «Къинхетаме малик» (сер. Милосрдни анђео, Noble Anvil бохучун нийса доцу гоч[2]) —Йугославина дуьхьал НАЧӀЦ-ан йукъараговза болх, болабина 1999-чу шеран бекарг беттан 24-чу дийнахь, ткъа чекхдаьккхина асаран беттан 10-чу дийнахь.

Бахьанах лаьцна уггар даьржина хетарг — Косовехь цу хенахь боьдуш хилла болу тӀом а, Йугославин бӀано цигахь дийриг а, боьхна бахнарш алсамбовлар а[3][4][5][6][7][8][9]. Амма кхин ойланаш а йу лаьлхарш йеттаран бахьанана гондахь.Шаьш цигахь дакъалацарна НАЧӀЦ-но бехказло санна леладора ЦКъЦ-но а[8][10][11][12], тайп-тайпанчу ШМЙЦ-аша а Йугославерчу куьйгалхоша дийриг йемалдар[13]. Кхин цхьа бехказло йу — Йугославис чӀагӀам ца бар Рамбуйхь[14].Амма оццу хенахь НАЧӀЦ реза ца хилира ЦКъЦ-хула шайн тӀегӀортар бакъдайта, хӀунда аьлча цунна хетара Чинко а, Оьрсийчоьно а доьхкур дуй ша дан гӀертарг. ТӀаьххьаре а ша дечунна «адамаллин ойланца ден тӀегӀортар» цӀе а тиллина НАЧӀЦ-но долийнера ша дийриг ЦКъЦ-ан бакъо а йоцуш, цо и дарца пе туьйхира йа дуьхьало йеш йоцуш, йа ЦКъЦ-ан кхерамзаллин кхеташоно сацийна а доцуш ницкъаца гӀуллакх къасто ца магош долу ЦКъЦ-ан лардйоза. Амма ЦКъЦ-ан коьрта йозанча волу Копи Аннана агӀолецира НАЧӀЦ-но дечунна «машар бархьама ницкъах пайдаэцар догӀу» аьлла[15].

Human Rights Watch-ан дустарехь эзар гергга Йугославин тӀемагӀуллакхо велира лаьлхарш йеттарх, цаьрца 528 вахархо а[16]. Ткъа Йугославис гойтура кхин терахьаш — 5,700 кхаччалц вахархо[17], Ӏаьмарко — 1,500 кхаччалц [18]. Йугославис шайн ницкъаш арабаьхча цигара бевдира 164,000 сербаш а, 24,000 циго а[19]. Къомана албанхой боцурш (цаьрца Йугославин Ӏедална тӀе болх бина лорурш а) лечкъабеш а, хьийзош а, бойъуш а хуьлура[20][21][22][23].

Говзадешнаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Дечу гӀуллакхан НАЧӀЦ-ан кехаташкахь бакъйина цӀе — «Бертан ницкъ»[24]. Амма и долушехь кхечу хьостанашкахь кхин цӀераш а го.

Ала дашна Ӏаьмаркехь цунах олу «Оьзда нуьйжа» (инг. Operation «Noble Anvil»), хӀунда аьлча уьш бартхойн ницкъехь бара шайн «Оьзда нуьйжехула», цундела цигахь цунах и олуш Ӏедал ду[1][25].

Ткъа Сербийн махкахь а, кхин долчу Йугославин мехкашкахь а цунах «Къинхетаме малик» (серб. Милосрдни анђео) ду олуш, и цӀе йаьлла хила мега йа Йугославин ШХГӀ-ш нийса ца кхетта дела, йа нийса гоч ца дарх, иза даьржина ду хиллачу Йугославин бахархошлахь (хила тарло Чинкан тхьамда тилкхазваьлла дела)[2].

Амма алсамо хезза Сербийн махкахь а, МПД-ан мехкашкахь а хилламан маьӀна гӀоли достуш а, йоьшучунна дико дагахь лаьтташ долу а «НАЧӀЦ-но лаьлхарш йеттар Йугослави тӀе» йа «Йугославехь лаьлхарш йеттар», амма и дукхьолахь вочу агӀор дуьйцуш йа цу хилламана вон мах хадош дуьйцуш леладо[26][27][28][29].

Цхьадолчу оьрсийн хьостанашкахь цунах «Къарлур боцу ницкъ» олура боху[30]. Ткъа боккъал и цӀе (Determined Force) йара 13.10— 23.03.1999 муьрехь дан деза аьлла леринчу гӀуллакхан[31].

ДӀадоладале

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Шина а агӀор тӀеман зуламаш деш а, къомана гамо хилар бахьана долуш нах нуьцкъалгӀа дӀакхелхийташ а болу тӀом болабелира Косовехь 1996-чу шарахь, ткъа 1998-чу шеран чиллин беттан 28-чу дийнахь Косово паргӀатйаккха суро (КПС) кхайкхира Косово маьрша хилийта герзаца къийсам болабар[32][33][34]. Чиллин бутт чекхболуш — бекарг бутт болалуш болчу хенахь КПС-ан гӀаттамхоша Косовехь болчу къепъларйархошна дечу тӀелетаршна дуьхьал Йугославин кхерамзаллин ницкъаш тӀелета Косовехь йуккъехь йолчу Дреница йуьртан кӀоштехь масех нах бехачу меттигашка. ГӀуллакхехь вийнера КПС-ан хьалхабевлчарах цхьаъ (Адем Йашари), цу рогӀехь 82 вахархо (цу йуккъахь бу 24 кӀезга доцу бераш а, зударий а). ХӀара хилламо тидам байтира баккхамана шуренайукъарчу йукъаралле, иштта и бахьана хилира и къаьмнашлахь даржар[35].

Шадолу 1998-гӀа шо дӀадахара НАЧӀЦ-но Ӏаткъам беш Белградана цаьрга цара Косовехь а, Метохехь а дийриг сацдайта. 1998-чу шарахь товбецан беттан 23-чу дийнахь ЦКъЦ-ан кхерамзаллин кхеташоно тӀеийцира тӀом сацбар тӀедожош долу 1199 лоьмарца сацамйоза. Йугославин Ӏедал къерахилира, тӀебогӀучу беттан 15-чу дийнахь НАЧӀЦ-но куьйгалла а деш Косовехь Йугославис диллина сур арадаккха деза боху чӀагӀам бира. ЧӀагӀам Ӏедалан даре дирзира оханан беттан 25-чу дийнахь. ЧӀагӀамна сакхо йар НАЧӀЦ-но дара деш «Аьрзун бӀаьрг» кхочушдарца.

Амма бина машар пайде ца хилира, цундела сербиийн а[33], албанхойн а[36] бахархошна тӀаьхьа кхин дӀа гӀело йора. 1999-чу шеран кхолламан баттахь Йугославин сурхоша а, къепъларйархоша а духадоладира шайн гӀуллакхаш Косовехь, иштта цара тӀедигира Косован а, Метохин а дозане 40 эзар адам долу сур.

НАЧӀЦ баккхаме йукъайалал йукъарло йоцу бахьана хилира Рачакехь хилларг, цигахь хӀун дара аьлча КПС-но латтош йолчу йуьрта тӀе летачу хенахь 45 вахархо вийра, амма Йугославин агӀоно цхьа а тоьшалла доцуш уьш «Косовера тӀемалой» бу элира[33]. И хиллачун бахьана НАЧӀЦ дуьххьара йолайелира Йугослави тӀе эккхарш йетта мегар хьехо[37], ткъа кхолламан беттан 30-чу дийнахь НАЧӀЦ кхерамаш тийса йолайелира Йугославина ша цунна тӀе эккхарш йеттар йу бохуш цо кхин дӀа а Косовера хьалхабаьллачаьрца машар бийцар дӀахедадахь[38].

Чиллин баттахь ЗӀе йечу тобанца (Оьрсийчоь а, НАЧӀЦ-ан мехкаш а) хилира шолгӀа машар бийцар Йугославин Ӏедало а, Косоверчу албанхоша а Рамбуйхь. Дийцарех цхьа а йист ца йелира[38]. Бекарг беттан 18-чу дийнахь Ӏаьмарко а, Силабританис а хьажаре иэхьира тӀом сацо дан дезачун сурт, цу чохь йаздина дара Косове маьрша шай-шайна урхалла дан Ӏедал далар а, цига НАЧӀЦ-ан ницкъаш чубигар а, ткъа Йугославернаш арабахар[39]. Цул сов, цига йукъатоьхнера Йугославерчу векалшна томе хир йоцу агӀо «Косован лоруш йолу бакъо тӀечӀагӀйар «халкъан лаамца» кхо шо даьллачул тӀаьхьа» бохург. Шайн ницкъаш арабахар а сербаша лорура латтанаш албанхошна дӀадалар санна[33][40]. Албанхой реза хилира машар бан суьртана, амма иза къобал ца йира Йугославис а, Оьрсийчоьно а. Бекарг беттан 23-чу дийнахь Йугославин векалш реза хилира массо а хӀуманца НАЧӀЦ-но Косове а, Метохе а шайн ницкъаш чубигар ца ларахь. Оццу дийнахь суьйренна НАЧӀЦ-но сацийнера тӀеман гӀуллакх дан Йугослави массо а агӀонца резахиларна тӀейерзо[41]. Цу тӀе НАЧӀЦ-ан векалшна хоуьйтура шаьш жигара гӀуллакхаш дан буьйлалур буй нагахь санна Йугославис ша Косовехь дийриг сац ца дахь а, баккхам машаре берзо бахьанаш ца леладахь а, цуьнан тӀеман зуламаш деш болу сурхошна таӀзар дан дола ца дахь; кхидӀа кхузара хьал гал ца далийтархьама. И дӀахьедаршна пебетта Ӏедал дара Слободан Милошевичан[1][9][14][42]. И хӀума хилла долушехь Йугославис ЦКъЦ-ан сацамйозана а, машар барна а пе а тухуш шайн 40,000 тӀемагӀуллакхо тӀевуьгу Косоваца дозане [7], уьш а дӀабевр бац цигара эккхарш йеттар доладелча бен[5].

ЦКъЦ лерина хьожура цигахь долчу хьоле[43], амма цуьнан агӀор тӀегӀорторна цхьа а бехкам бацара. НАЧӀЦ-но дийриг чугӀортар ду бохучу сацамйозанна кхо кхажа тесира (Оьрсийчоь, Намиби, Чинка) ЦКъЦ-ан кхерамзаллин кхеташонехь[44]. Ткъа вуьшта тӀегӀортарна ачолла йолчара хила тарло боху НАЧӀЦ-но ЦКъЦ-ан КхКх-но бакъо йелла йоцушехь массара а бакъйиначу Йугославина дуьхьал динарг ЦКъЦ-ан лардйоза а, шуренайукъара бакъо а талхор хилар[45].

НАЧӀЦ дийриг дан йолайале беллачеран масалла дара 1,000 дийна адам (1998-чу шеран товбецан бутт хиллале), ткъа боьхна бахначеран — 400,000 адам, царах ах сов шайн цӀа вирзира 1998-чу шеран оханан бутт баьлча[32]. Human Rights Watch-ан дустарца боьхна бахначеран масалла дара 230,000 адам[46]. Ткъа шаболчу тӀамехь 1999-чу шеран бекарг а, асаран а беттанийн муьрехь адамашлахь эшамаш хьалакхочу 10,000 тӀе, царах дукхохберш — Йугославин ницкъаша байъина Косовера албанхой[32].

Коьрта хила тарлург

[бӀаьра нисйан | нисйан]

НАЧӀЦ-но дӀа ма хьедарра бахьана хилира шина а агӀор дечу тӀеман зуламаш а, цхьана къомах хилар бехкана адамаш нуьцкъалгӀа арадахар а, цо хьал кхин дӀа а талхо мегар, кхин а Йугославин мехк-урхалло машар хилийта бахьанаш йа ца дар, йа дарх кӀелхьардийлар, цундела машарца баккхам дӀаберзо догдохийла ца йуьсура[14]. Иштта, ала дашна, НАЧӀЦ-но ша дийриг дале хьалха цара дозане хьатакхира 40,000 тӀемагӀуллакхо, хила тарло доккха тӀегӀортар дан кечлуш[6][7].

БӀостанехьа хетарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Балканийн гушламан Ӏилманча Елена Гусковас боху и гӀуллакх НАЧӀЦ-но шайн Ӏаткъам цигахь чӀагӀбархьама дина хила мега[47].

Цхьаболчу талламхоша хила тарло боху тӀом «Wag the Dog» говзачу Ӏалашонан дакъа хилар (ойла кхоллайелла цуьнца цхьана цӀарах йолчу хьажахӀуманах), Ӏаьмаркан бахархойн терго чоьхьарчу халонашна тӀейирзинчара дӀайаккха[48].

Коьрта билгалйоху Ӏалашонаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

НАЧӀЦ-но Косован тӀамехь 1999-чу шеран оханан беттан 12-чу дийнахь дӀахьедина йолу йуьхьарлаьцна Ӏалашонаш йара[49]:

  • Хьем боцуш муьлхха а тӀом сацбар Косовехь, тӀеман зуламашна дуьхьало йар а, иштта БР Йугославис йен нах цхьана къомах хилар бехкана нуьцкъалгӀа арабаха сацдар.
  • Арадахар йа герз схьаэцар шадолчу тӀеман а, къепъларйаран а, тӀеман кепарчу а вовшахтохаршкара.
  • Машарбечеран ницкъаш дӀахӀиттор Косовехь ВКъЦ-ан бакъонца.
  • Аммадоцу а, кхерамза а бухабахкабар шаболу боьхна бахнарш а, нуьцкъалгӀа арабаьххарш а.
  • Кхин дӀа хьал талхар а, иза кхин а баккхийчу барамашка далар а сацдар.

БӀостанехьа хетарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Балканийн гушламан оьрсийн талламхо Е.Ю.Гусковас хила мега боху цу тӀамехь НАЧӀЦ-ан Ӏалашонаш Сербехь а, Черногорехь а болу куьйгалхой хийцар а; уьш Буссенан агӀончаш хилийта а; и шиъ йекъар а; Косово ша-шена гӀайгӀа бийр йолу пачхьалкх йар а; Йугославин тӀеман ницкъаш бохор а; паргӀат шайн ницкъаш церан массеран латтанаш тӀехь дӀахӀитто а; шен ваьшто чӀагӀйар а; цуьнан тӀеман чӀогӀалла зер а; керла герз зе а зуьйш тишаниг дохор; Европана НАЧӀЦ-ан ладам гайтар а; кхул хьалха хилла а доцу ЦКъЦ-ан КхКх-но къобалдина доцу тӀеман ницкъах пайдаэцар[47].

  1. 1 2 3 Bonnén, Preben. Towards a common European security and defence policy: the ways and means of making it a reality (en) // LIT Verlag Berlin-Hamburg-Münster. — 2003. — P. 188. — ISBN 978-3-8258-6711-9.
  2. 1 2 RTS, Radio televizija Srbije, Radio Television of Serbia. Poreklo imena "Milosrdni anđeo". www.rts.rs. ТӀекхочу терахь: 2022 шеран 21 март. Архивйина 2022 шеран 21 мартехь
  3. ↑ Jordan, Robert S. International organizations: A comparative approach to the management of cooperation. — Greenwood Publishing Group, 2001. — P. 129. — ISBN 9780275965495.
  4. ↑ Yoshihara, Susan Fink. Kosovo // Flashpoints in the War on Terrorism. — Routledge, 2006. — P. 67–68. — ISBN 9781135449315.
  5. 1 2 Wave of Yugoslav troops, trucks leave Kosovo (инг.). CNN (1999 шеран 11 июнь). ТӀекхочу терахь: 2022 шеран 20 август. Архивйина 2014 шеран 9 мартехь Архивйина 2014-03-09 — Wayback Machine
  6. 1 2 NATO Action Against Serbian Military Targets Prompts Divergent Views As Security Council Holds Urgent Meeting On Situation In Kosovo (инг.). UN Press (1999). ТӀекхочу терахь: 2022 шеран 20 август. Архивйина 2022 шеран 28 июлехь
  7. 1 2 3 Balkans Report (инг.). The Washington Post. ТӀекхочу терахь: 2022 шеран 20 август.
  8. 1 2 Ален Дежамме. Письмо постоянного представителя Франции при Организации Объединённых Наций от 4 июня 1999 года на имя Генерального Секретаря (ru) // S/1999/648. — 1999. Архивйина 2022  шеран  5 августехь.
  9. 1 2 Yoshihara, Susan Fink. Flashpoints in the War on Terrorism / под ред. Reveron, Derek S.; Murer, Jeffrey Stevenson. — Routledge, 2006. — С. 67—68. — ISBN 978-1-1354-4931-5.
  10. ↑ Security CounciL Condemns Failure Of Federal RepubLic Of Yugoslavia To Execute Arrest Warrants Issued By Former Yugoslavia Tribunal (инг.). UN Press. ТӀекхочу терахь: 2022 шеран 20 август. Архивйина 2022 шеран 20 августехь
  11. ↑ Security Council Imposes Arms Embargo On Federal Republic Of Yugoslavia, Pending Action To Resolve Kosovo Crisis. UN Press. ТӀекхочу терахь: 2022 шеран 20 август. Архивйина 2022 шеран 20 августехь
  12. ↑ U.N. Security Council condemns Kosovo massacre - Serbia (инг.). ReliefWeb.int. ТӀекхочу терахь: 2022 шеран 20 август. Архивйина 2022 шеран 7 ноябрехь
  13. ↑ Jordan, Robert S. International organizations: A comparative approach to the management of cooperation (en) // Greenwood Publishing Group. — 2001. — P. 129. — ISBN 978-0-2759-6549-5.
  14. 1 2 3 Suy, Eric. NATO's Intervention in the Federal Republic of Yugoslavia (en) // Leiden Journal of International Law. Cambridge University Press. — 2000. — No. 13. — P. 193—205. — DOI:10.1017/S-09221-56500000133. Архивйина 2022  шеран  5 апрелехь.
  15. ↑ Secretary-General Deeply Regrets Yugoslav Rejection Of Political Settlement; Says Security Council Should Be Involved In Any Decision To Use Force (инг.). UN Press. ТӀекхочу терахь: 2022 шеран 20 октябрь. Архивйина 2022 шеран 20 октябрехь
  16. ↑ Civilian Deaths in the NATO Air Campaign - The Crisis in Kosovo (инг.). HRW. ТӀекхочу терахь: 2022 шеран 21 март. Архивйина 2009 шеран 19 апрелехь
  17. ↑ The Kosovo Air Campaign. The Globe and Mail (2000 шеран 22 май). ТӀекхочу терахь: 2022 шеран 21 март. Архивйина 2022 шеран 21 мартехь
  18. ↑ Civilian deaths in the NATO air campaign (en) // Human Rights Watch. — 2000. — Февраль (vol. 12, no. 1). Архивйина 2022  шеран  5 мартехь.
  19. ↑ Human Rights Watch: Abuses Against Serbs And Roma In The New Kosovo (August 1999) (инг.). HRW. ТӀекхочу терахь: 2022 шеран 21 март. Архивйина 2012 шеран 2 сентябрехь
  20. ↑ Robert Hudson, Glenn Bowman. After Yugoslavia: Identities and Politics Within the Successor States. — Palgrave Macmillan, 2011-11-22. — 282 с. — ISBN 978-0-230-20131-6.
  21. ↑ United Nations High Commissioner for Refugees. Kosovo Crisis Update (инг.). UNHCR. ТӀекхочу терахь: 2022 шеран 21 март. Архивйина 2022 шеран 21 мартехь
  22. ↑ Forced Expulsion of Kosovo Roma, Ashkali and Egyptians from OSCE Participated state to Kosovo (en) // ОБСЕ. — 2006. Архивйина 2022  шеран  5 мартехь.
  23. ↑ Siobhán Wills. Protecting Civilians: The Obligations of Peacekeepers. — OUP Oxford, 2009-02-26. — 319 с. — ISBN 978-0-19-953387-9.
  24. ↑ ‘OPERATION ALLIED FORCE’: NATO IN KOSOVO, 10 YEARS LATER. — NATO Libary, 2009. — Т. 8.
  25. ↑ Operation Noble Anvil / Flexible Anvil / Sky Anvil. www.globalsecurity.org. ТӀекхочу терахь: 2022 шеран 21 март. Архивйина 2022 шеран 21 мартехь
  26. ↑ Годовщина агрессии НАТО. Как начались бомбардировки Югославии. ТАСС (2021 шеран 24 март). ТӀекхочу терахь: 2022 шеран 21 март. Архивйина 2022 шеран 1 мартехь
  27. ↑ Вучич заявил, что Сербия не вступит в НАТО из-за бомбардировок 1999 года. РБК. ТӀекхочу терахь: 2022 шеран 21 март. Архивйина 2022 шеран 17 мартехь
  28. ↑ Pre 22 godine počelo NATO bombardovanje SR Jugoslavije - Društvo - Dnevni list Danas (серб.) (2021 шеран 24 март). ТӀекхочу терахь: 2022 шеран 21 март.
  29. ↑ Dvadeset i dve godine od NATO bombardovanja: Šta se dešavalo u proleće 1999. (серб.). BBC News na srpskom (2021 шеран 24 март). ТӀекхочу терахь: 2022 шеран 21 март. Архивйина 2022 шеран 21 мартехь
  30. ↑ Полковник А. Алексеев. Анализ боевого применения авиации США в ходе операции «Решительная сила». ТӀекхочу терахь: 2012 шеран 22 июнь. Архивйина 2012 шеран 16 майхь
  31. ↑ National Defence. NATO Operation Determined Force. Canada.ca (2018 шеран 11 декабрь). ТӀекхочу терахь: 2022 шеран 21 март. Архивйина 2022 шеран 21 мартехь
  32. 1 2 3 Independent International Commission on Kosovo. The Kosovo Report (en). — 2000. — P. 2. — DOI:10.1093/0199243093.001.0001. Архивйина 2020  шеран  5 апрелехь.
  33. 1 2 3 4 Барабанов et al, 2012, с. 115.
  34. ↑ Гуськова, 2001, с. 660.
  35. ↑ Хьюман Райтс Вотч. Under Orders: War Crimes in Kosovo. — 2001. — P. 38—39.
  36. ↑ Lambeth, 2001, с. 7.
  37. ↑ Lambeth B. NATO’s Air War for Kosovo: A Strategic and Operational Assessment. Р. 11-14.
  38. 1 2 Lambeth, 2001, с. 8.
  39. ↑ Central, Southern and Eastern Europe. 2004. P. 536.
  40. ↑ Hosmer, 2003, с. 13—15.
  41. ↑ Барабанов et al, 2012, с. 116.
  42. ↑ Benjamin S. Lambeth. NATO's Air War for Kosovo: A Strategic and Operational Assessment (en). — RAND Corporation, 2001-01-01. Архивйина 2022  шеран  5 мартехь.
  43. ↑ Мир для Косово — Совета Безопасности: отчёты о заседаниях, резолюции и заявления Председателя Архивйина 2008-08-02 — Wayback Machine
  44. ↑ Юго-Восточная Европа в эпоху кардинальных перемен. С. 317.
  45. ↑ (ингалс.) Ноам Хомский о причинах войны НАТО против Югославии (видео) Архивйина 2016-06-15 — Wayback Machine
  46. ↑ Хьюман Райтс Вотч. The crisis in Kosovo. Архивйина 2009  шеран  5 апрелехь.
  47. 1 2 Гуськова Е. Ю. Сербы в необъявленной войне конца XX века. «Сохраняйте улыбку — это стиль Белграда» // Славянский мир в третьем тысячелетии. — 2015. — № 10. — С. 136—137.
  48. ↑ Glenn J. Antizzo. U. S. Military Intervention in the Post-Cold War Era: How to Win America’s Wars in the Twenty-first Century. LSU Press, Jun 1, 2010. С. 154—155.
  49. ↑ NATO Press Release (1999)051 - 12 April 1999. www.nato.int. ТӀекхочу терахь: 2022 шеран 21 март. Архивйина 2018 шеран 28 июнехь